Азербайджанан Республикин байракх

(Азербайджанан байракх тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 3 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2021, 6 август).

Азербайджанан Республикин байракх (азерб. Azərbaycan Respublikasının bayrağı) — Азербайджанан Республикин официалан пачхьалкхан символех цхьаъ (хӀостца а, шатлакхан иллица а цхьаьна). Байракх тӀеэцна 1918 шеран 9 ноябрехь Азербайджанан Демократин Республикин (АДР) пачхьалкхан байракх йина, иза лаьттира 1920 шо кхаччалц. 1991 шеран 5 февралехь байракх тӀеийцира, оцу шарахь шен маршо кхайкхийначул тӀаьхьа, Азербайджанан Республикин пачхьалкхан байракх йина.

Пропорци 1:2
Байракхан автор Хьусейнзаде Ӏали-бек[1]
Символаш
буха тӀе ялор
Беснаш[прим. 1]:
айсинатуьркийн маршо,
цӀиен — керла зама,
баьццараисламан оьздангалла.
Ах бутт — ислам,
бархӀ са болу седа — туьркийн къаьмнийн 8 га[прим. 2]
Хьалхалера байракхаш


1918 шеран 9 ноябрехь1920 шеран 28 апрелехь (Азербайджанан Демократин Республикин байракх санна)

1991 шеран 5 февралехь ( Азербайджанан Республикин байракх санна)
Пропорци 1:2

Азербайджанан Республикин президентан Алиев Ильхаман 2009 шеран 17 ноябран омарца Азербайджанан Демократин Республикин сий деш хӀора шеран 9 ноябрехь даздо «Пачхьалкхан байракхан де».

Байракхах дийцар

бӀаьра нисйан
 
Байракх хӀоттор

Азербайджанан Республикин байракхан агӀонийн пропорци — 1:2. Байракх ю кхаа басахь. Асанаш (айсийна, цӀиен, баьццара басахь) лаьтта анаца. Байракхан юккъехь цӀиенчу асан тӀаьхь лаьтта бархӀ са болу седа а, ах бутт а. Ший а сурт кӀайн басахь ду. Айсина басо гойту туьркалла (мехкан коьрта бахархой — азербайджанаштуьркийн мотт буьйцу къам ду, республикин пачхьалкхан мотт — азербайджанийн мотт бу), цӀиен басо гойту модернизацин агӀо а, демократи кхиар а, ткъа баьццара басо гойту ислам динехь хилар[2][1].

Азербайджанан къоман кхеташон хьалхара председатель Расулзаде Мамед Амина Азербайджанан Демократин Республикин парламентан гуламехь иштта шен къамелехь билгаладаьккхира, кхо бос болу байракхо гойту туьркийн маршо, исламан оьздангалла, тахане. Ткъа Азербайджанан Республикин шатлакхан иллин музыкин автор Гаджибеков Узеира яздира, байракхан маьӀна ду: сийначу басо — туьркизм, баьццара басо — ислам, цӀиен басо — прогресс а, оьздангалла а[3].

Байракх тӀиера ах бутт исламан символ ю, ткъа бархӀ са болу седа, Хойн Фатали ханаца, гойту указывает «Азербайджан» цӀеран йукъара 8 элп (Ӏаьрбийн абатера)[4]. Хета кхин а, бархӀ са болу седа туьркийн мотт буьйцу къаьмнийн бархӀ га долуш санна[1], уьш ду азербайджанаш, оттоманаш (туркой), джагатайш, гӀезалой, кхазакхаш, кыпчакаш, сельджукаш, туркменаш[5][6]. Цхьаболчу талламхоша билгаладоккху, оцу хенахь кыпчакаш олура кхазакхех а, гӀиргӀазойх а, иштта билгаладоккхура, АДР шерашкахь туьркийн къаьмнийн классификаци къаьсташ яра таханлерачух[7]. Кхечу хаамашца бархӀ са болу седано билгаладоккху Азербайджанехь деха ламастан 8 къам[8].

Азербайджанан Республикин Конституцин 23-гӀа яззамехь даладо пачхьалкхан байракхах дерг:

II. Азербайджанан Республикин пачхьалкхан байракх лаьтта кхаа шораллехь цхьатерра йолчу анна асанех. Лакхара аса — айсийна, юккъера аса — цӀиен, лахара аса — баьццара бесаш долуш ю, цӀиен асан юккъехь байракхан шинне а агӀора биллина кӀайн басахь бархӀ са болу седанца ах бутт. Байракхан шораллин йохаллийн барам 1:2 бу.

Азербайджанан Республикин «Азербайджанан Республикин Пачхьалкхан байракх лелоран бакъонех» долчу законехь юьйцу пачхьалкхан байракхан нийса бесан амалш[9]. 2013 шеран 22 октябрехь законан хийцамаш бира[10], бесаш Pantone Sky Blue 306 C, Pantone Red 032 C, Pantone Green 362 C хийцира:

Бесан модель Айсийна ЦӀиен Баьццара
Pantone 306 C Red 032 C 362 C
RGB 0, 181, 226 239, 51, 64 80, 158, 47
CMYK 75, 0, 5, 0 0, 86, 63, 0 78, 0, 100, 2
Hex #00b5e2 #ef3340 #509e2f

Байракхан истори

бӀаьра нисйан

Азербайджанан Демократин Республикин байракх

бӀаьра нисйан
 
Азербайджанаш байракх 1918 ш. (9 ноябрь кхаччалц)

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 Whitney Smith. Flag Lore Of All Nations. — Millbrook Press, 2001. — С. 13. — 112 с. — ISBN 9780761317531. (ингалс.)
  2. Символы Азербайджанского государства. http://president.az/.+Архивйина 2013 шеран 15 январехь
  3. У. Гаджибеков. «Один год» // Азербайджан : газета. — 1919. — № от 28 мая.
  4. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Атрибуты тIетовжаран текст йазйина йац
  5. Encyclopædia Britannica Online, s. v. "flag of Azerbaijan", accessed April 23, 2016, http://www.britannica.com/topic/flag-of-Azerbaijan.

  6. DK Publishing, Inc. (COR) Dorling Kindersley. Complete Flags of the World. — DK Publishing, 2008. — С. 172. — 240 с. — ISBN 9780756641153.

    The eight points on the flag’s star stand for the eight groups of Turkic-speaking peoples — the Azeris, Ottomans, Jagatais, Tatars, Kipchaks, Seljuks and Turkomans.

  7. António Martins. Meaning of the flag of Azerbaijan. — 27 January 2000.
  8. Anjali Kamath. Flag Book / Editor: Aziel Karthak. — Millbrook Press, 2009. — С. 36. — ISBN 9788179915127. (ингалс.)
  9. Закон Азербайджанской Республики о правилах использования государственного флага Азербайджанской Республики. Статья 9.2.
  10. Закон Азербайджанской Республики о внесении изменений в Закон Азербайджанской Республики «О правилах использования Государственного флага Азербайджанской Республики» (азерб.). Официальный интернет сайт Президента Азербайджанской Республики (28 ноября 2013). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 8 сентябрь.


Цитатийн гӀалат: Йолуш йолучу "прим." тобанан <ref> тегашна ца карийра йогӀуш йолу <references group="прим."/> тег.