Азербайджанийн манат
Мана́т (азерб. manat) — Азербайджанан Республикин къоман ахча, лаьтта 100 гяпиках (азерб. qəpik). Ахчан ISO 4217 код AZN, цӀе — Azerbaijan Manat, 2017 шеран 9 июнь кхаччалц — Azerbaijanian Manat.
Азербайджанийн манат (нох.) | |||
---|---|---|---|
Azərbaycan manatı (азерб.) | |||
| |||
Кодаш а, символаш а | |||
Кодаш ISO 4217 | AZN | ||
Символаш | Ахчан хьаьрк AZN цакарий
| ||
Лелаш долу меттигаш | |||
Эмитент | Азербайджан | ||
Схьадаьлларш а, параллельни цхьаццаннаш а | |||
Къасторан | гяпик (1⁄100) | ||
Монеташ а, банкноташ лелар | |||
Банкноташ | 1, 5, 10, 20, 50, 100, 200 манат | ||
Истори | |||
Йукъадалор | 15.08.1992 | ||
Ахча-хьалха хилларг | ССРС сом (SUR) / Российн сом (RUR) | ||
Хроника | Азербайджанийн манат (AZM • .1992.15.08 → .2006.31.12) Азербайджанийн манат (AZN • .2006.01.01 → н/в) | ||
Монеташ а, банкноташ а арахецар | |||
Эмиссионни центр | Азербайджанан Республикин Центран банк | ||
www.cbar.az | |||
Мах 25 февралехь 2015 шо | |||
1 RUB | = 0,01695 AZN | ||
1 USD | = 1,061 AZN | ||
1 EUR | = 1,203 AZN | ||
1 GBP | = 1,644 AZN | ||
1 JPY | = 0,008928 AZN | ||
Мах ша карлабоккхуш бу МВФ а, ЕЦБ а, ЦБ РФ а хаамашца. Дуьззина йаздина хьажа декъехь «Ахчан механ раж». | |||
Category:Money of Azerbaijan Викилармехь |
Азербайджанийн манат йукъадаьккхина 1992 шеран 15 августехь. Йуьхьанца лелаш дара советийн соьмаца цхьаьна, ткъа иштта 1992—1993 шерашкара Российн Банкан билеташца а, хуьйцура 1 манат = 10 сом. 1993 шеран 22 ноябрехь йукъарадаха долийра советийн а, российн а соьмаш, 1994 шеран 1 январехь дуьйна манат хилира цхьаъ бен доцу законехь лелаш долу ахча.
2006 шеран 1 январехь йира деноминаци 5000:1 барамца. Хьалха арахецна ахчан хьаьркаш лийлира 2007 шеран 1 январь кхаччалц.
Таханлера манат ду 6 кепара нархарех а, 7 кепара банкнотех а лаьтташ.
- Монеташ: 1, 3, 5, 10, 20, 50 гяпик (тӀаьхь терахь дац, арахецна 2006 шарахь)
- Банкноташ: 1, 5, 10, 20, 50, 100, 200 манат
Банкнотийн дизайн йина австрийн валютийн дизайнера Роберт Калинас, цуо иштта йина хӀинцалера евро банкнотийн дизайн а. Нахарташ кхин а гойту, еврон нахартех гӀеххьа тера билгалонаш хилар.
Банкнотийн цхьа дакъа Азербайджанан Республикин Центран банкан заказца зорба туху доларчу британин De La Rue компанис[1].
Нахарташ
бӀаьра нисйан1992—1993 шерашкахь арахецар
бӀаьра нисйанДерриг нахартийн са шера бу.
1992 шеран борзанах а, никелах а йина 5, 20, 50 гяпикаш лелаш дацара, уьш доьхкира сувенирашна.
Сурт | Номинал (гяпикашкахь) |
Материал | Диаметр (мм) |
Стоммалла (мм) |
Масса (г) |
Арахецаран шо |
---|---|---|---|---|---|---|
5 | борза | 17 | 1,35 | 2,35 | 1992 | |
наштар | 16,5 | 1,5 | 0,85 | 1993 | ||
10 | наштар | 19 | 1,6 | 0,98 | 1992 | |
20 | борза | 19,5 | 1,45 | 3,2 | 1992 | |
наштар | 20 | 1,5 | 1,12 | |||
1993 | ||||||
50 | никель | 23 | 1,5 | 5,1 | 1992 | |
наштар | 23 | 1,6 | 1,51 | |||
1993 |
2006 шарахь арахецнарш
бӀаьра нисйанСурт | Номинал (гяпиков) |
Материал | Диаметр (мм) |
Стоммалла (мм) |
Масса (г) |
Са |
---|---|---|---|---|---|---|
1 | болат, цӀеста диллина | 16,25 | 1,9 | 2,8 | шера | |
3 | 18 | 2,15 | 3,45 | чура даьккхина | ||
5 | 19,75 | 2,2 | 4,85 | аьгна | ||
10 | болат, латунь диллина | 22,25 | 1,95 | 5,25 | шера 7 церг йаьккхина | |
20 | 24,25 | 2,1 | 6,6 | хедош- аьгна | ||
50 | хӀоз: болат йукъ: болат, латунь диллина |
25,5 | 2,2 | 7,7 | аьгна йозанца Azərbaycan Respublikası |
Иэсан нахарташ
бӀаьра нисйанИэсан а, юбилейн а нахарташ арахоьцу Азербайджанан Республикин Центран банко дезачу (деший — номиналаш 1, 3, 5, 10, 20, 50 гяпик а, 50, 100, 500, 1000 манат а, детий — номиналаш 5 а, 50 а манат, платина — номинал 500 манат) а, деза доцучу а металлех (цӀеста-никелан лалор — номинал 1 манат). Хьалхара нахарт, лерина дара Физули Мухьаммадан дахаран а, кхоллараллин а 500 шо кхачарна, арахийцира 1996 шарахь.
2017 шеран май беттан хьолашца арахецна 47 тайп-тайпана иэсан нахарташ, царна йукъахь 5 цӀеста-никелан лалорах, 4 детех 925 пробан, 12 детех 999 пробан, 1 дешех 900 пробан, 2 дешех 917 пробан, 22 дешех 999 пробан, 1 платинех 999 пробан.
Банкноташ
бӀаьра нисйан1992—2001 шерашкара банкноташ
бӀаьра нисйанАрахецаран шо билгалдаьккхина дац 2001 шеран 1000 манатан банкноташ тӀаьхь бен, кхин а 10 а, 50 а эзар манат тӀаьхь. Дисинчарна тӀаьхь шо гайтина дац, амма 1992—1993 шерашкарчу банкнотийн сери йу X/N, ткъа 1999 шеран банкнотийн — XX.
Банкноташ лийлира 2007 шеран 1 январь кхаччалц.
Сурт | Номинал (манатийн) |
Барамаш (мм) |
коьрта беснаш | Цунах лаьцна | Зорба тоьхна шераш | |||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Хьалхара агӀо | ТӀехьара агӀо | Хьалхара агӀо | ТӀехьара агӀо | |||||
1 | 125×63 | баьццара ровзанан |
Мехкарийн бӀов | йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI» |
1992 | |||
сийна можа |
йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI» а, номиналан билгало «BİR manat» а |
1993 | ||||||
5 | 125×63 | мокха фиолетан |
Мехкарийн бӀов | йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI» а, номиналан билгало «BEŞ manat» а |
1993 | |||
10 | 125×63 | мокха фиолетан |
Мехкарийн бӀов | йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI» |
1992 | |||
сийна баьццара |
йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI» а, номиналан билгало «ON manat» а |
1993 | ||||||
50 | 125×63 | цӀиен сира |
Мехкарийн бӀов | йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI» а, номиналан билгало «ƏLLİ manat» |
1993 1999 | |||
100 | 125×63 | цӀиен айсийна |
Мехкарийн бӀов | йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI» а, номиналан билгало «YÜZ manat» а |
1993 1999 | |||
250 | 125×63 | сийна баьццара |
Мехкарийн бӀов | йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI» |
1992 1999 | |||
125px | 500 | 125×63 | мокха айсийна можа |
Низами Гянджевин сурт | йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI» а, номиналан билгало «BEŞ YÜZ manat» а |
1993 1999 | ||
1000 | 125×63 | мокха айсийна ровзанан |
Мамед Эмин Расулзаден сурт | йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI» а, номиналан билгало «min 1000 manat» а |
1993 1999 | |||
сийна | мехкдаьттапромыслан сурт | йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI» а, номиналан билгало «MİN 1000 manat» а |
2001 | |||||
10 000 | 130×65 | мокха | Ширваншахийн гӀала | йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI» а, номиналан билгало «ON MİN 10 000 manat» а |
1994 | |||
50 000 | 132×66 | баьццара | Момине хатунан зиярат | йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI» а, номиналан билгало «ƏLLİ MİN 50 000 manat» |
1995 | |||
Суьртийн масштаб — 1,0 пиксель миллиметрна. |
2005 шеран банкноташ
бӀаьра нисйан2005 шарахь 2006 шеран деноминацин кечам баран гуран чохь арахийцира «Азербайджанийн сийлалла» серин банкноташ, царна йукъахь банкноташ дара номинал 1, 5, 10, 20, 50, 100 манат йолуш.
2009 шарахь Азербайджанан Къоман Банкан (азерб. Azərbaycan Milli Bankı) цӀе хийцира Центран (азерб. Azərbaycan Mərkəzi Bankı) аьлла, оцу шарахь арахийцира банкноташ номиналца 1 а, 5 а манат эмитентан керлачу цӀарца, 2013 шарахь арахийцира модификаци йина банкнота 100 манатан.
2011 шарахь Азербайджанан финансийн министро дӀахьедира Къоман банкера ахчан комиссин 2 а, 3 а манат номинал йолу банкноташ арахецарх дерг дийца кийча хилар[2], амма иза ца хилира, ткъа 2018 шарахь арахийцира керла банкнота номиналца 200 манат[3].
2005 шеран сери | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
Сурт | Номинал (манатов) |
Барамаш (мм) |
Коьрта беснаш |
Царах лаьцна дийцар | Зорба тохаран шераш | ||
Хьалхара агӀо | ТӀехьара агӀо | Хьалхара агӀо | ТӀехьара агӀо | ||||
1 | 120×70 | сира | халкъан музыкин гӀирсаш халкъан куза фонехь | Азербайджанан карта шебекен фонехь | 2005 | ||
2009 2017 | |||||||
5 | 127×70 | оранжан | Азербайджанан Низами Гянджевин цӀарах литературин музей, Азербайджанан жайнаш, Азербайджанан шатлакхан иллин дакъа, хӀинцалера азербайджанийн латинан йозан элпаш | Азербайджанан карта Гобустанeра тархаш тӀиера суьртийн фонехь, ширатюркийн абат текст | 2005 | ||
2009 2017 | |||||||
10 | 134×70 | айсийна | шира Бакох, Ширваншахийн гӀала а, Мехкарийн бӀов ширачу гӀалан Ичери Шехеран фонехь | Азербайджанан карта къоман бустамийн фонехь | 2005 | ||
20 | 141×70 | баьццара | тур, шлем а, турса, кавказан офрис | Азербайджанан карта къоман бустамийн фонехь, «Qarabağ» («Карабах») дош, тайп-тайпана йозанца йаздина | 2005 | ||
50 | 148×70 | можа | кегийрхой, тӀегӀанаш, Малх, ткъа иштта химин а, математикин а хьаьркаш[4] | Азербайджанан карта къоман бустамийн фонехь | 2005 | ||
100 | 155×70 | фиолетан | Бакохан пенийн дакъа, XIX бӀешеран европин хотӀера гӀишло, таханлера Бакох | Азербайджанан карта къоман бустамийн фонехь | 2005 | ||
2013 | |||||||
200 | 160×70 | айсийна | Алиев Хьайдаран йукъ | Азербайджанан карта къоман бустамийн фонехь | 2018 | ||
Суьртан масштаб — 1,0 пиксель миллиметрна. |
Ахчан курсан раж
бӀаьра нисйанБазаран курс | ||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|
|
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ НБА заказал 'De La Rue' печатание манатов . Архивйина 2012 шеран 8 февралехь
- ↑ В Азербайджане предлагается ввести банкноты мелкого номинала — Trend
- ↑ Banknote news — Azerbaijan new 200-manat note (B404) reported introduced 24.05.2018 Архивйина 2018-05-28 — Wayback Machine
- ↑ формула бензола представлена такой, как её понимали в XIX в.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Каталог банкнот Банка Азербайджана — Fox-notes.ru
- Монеты азербайджанского маната — Монеты стран СНГ и Балтии
- Указ Президента Азербайджанской Республики «Об изменении номинальной стоимости денежных знаков и масштаба цен (деноминации) в Азербайджанской Республике»
- Проект по развитию использования знака азербайджанского маната
- Галерея банкнот Азербайджана(нем.)(ингалс.)(франц.)