Айдамиров, Абузар Абдулхакимович
Айдамиров, Абузар Абдулхакимович вина 1929 шарахь Нажи-Юьртан кӀоштерчу Мескитахь, ахархочун доьзалехь. Юьхьанцара школа шайн юьртахь чекхъяьккхина цо. Жимчохь дӀаболабелла Айдамировн къинхьегаме некъ. 1957 шарахь Мескитарчу школе нохчийн меттан, литературин, историн хьехархочун балха вахийтира иза. Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко-филологически факультет чекхъяьккхира цо 1963 шарахь .
Айдамиров, Абузар Абдулхакимович | |
---|---|
![]() | |
ГӀуллакхан тайпа | Поэт, Йаздархо, Проза, стихотворение, прозаик |
Вина терахь | 1929 шеран 29 октябрь |
Вина меттиг | Мескита, Нажи-Юьртан кӀошт, Нохчийн Республика |
Кхелхина терахь | 2005 шеран 27 май (75 шо) |
Кхелхина меттиг | Мескита, Нажи-Юьртан кӀошт, Нохчийн Республика |
Корматалла | яздархо |
Гражданалла |
![]() ![]() |
Да | Абдулхаким |
![]() |
Дуьххьарлера цо язъина байт «Лермонтовн безамна» зорбане елира 1956 шарахь «Винчу лаьмнашкахь» цӀе йолу жайнийн тӀехь зорба тоьхна ю байташ: «Даймохк», «Винчу лаьмнашкахь», «Бералла», «Ясин тогӀехь», «Ненан мотт», «ХӀай, буьйса», «Бехк ма билла», дуккха а кхиерш а. Цо язъина цхьайолу стихаш халкъан эшаршка йирзина, масала: «Винчу лаьмнашкахь», «Ӏаьржа буьйса», «Езачу йоӀе», «Воккхачу стеган илли», «Хьайна лаахь», «Даймохк» иштта кхин а.
Яздархочун «Лаьмнашкахь серло», «Тхан эвлахь», «Лаьмнийн некъашкахула» цӀераш йолу книгаш тӀера дукхахйолу произведенеш а ю юьртан таханлера дахар гойтуш.
Абузар кхелхина 2005 шеран 27 майхь.