Акаев, Вахьид Хьумидан воӀ
Ака́ев Ва́хьид Хьуми́дан воӀ (1952 шеран 5 февраль, Ленгер, Туркестанан область) — советийн а, российн а философ. Философийн Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин бакъволу декъахо, РӀА Ибрагимов Хь.И. цӀарах йолу Комплексан Ӏилманан-талламан институтан коьрта Ӏилманан белхало.
Акаев Вахьид Хьумидан воӀ | |
---|---|
Акаев Вахит Хумидович | |
Вина терахь | 1952 шеран 5 февраль (71 шо) |
Пачхьалкх |
![]() ![]() |
Ӏилманан кхоче | Философи |
Белхан меттиг | Нохчийн пачхьалкхан университет |
Ӏилманан дарж | Ӏилманийн доктор |
Ӏилманан цӀе |
профессор, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин академик |
Альма-матер | Нохчийн пачхьалкхан университет |
Ӏилманан куьйгалхо | В. С. Готт |
![]() | |
---|---|
![]() |
Вахит Акаев |
Биографи Нисйе
Вина вайнах махкахбаьхначехь 1952 шеран 5 февралехьКхазакхийн ССР Ленгер гӀалахь. Къоман — нохчо. 1969 шарахь чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Советийн кӀоштара Шуьйтан ишкол. 1973 шарахь чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан физикин-математикин факультет «Математика» говзаллица. 1972 шарахь волавелла математикин хьехархо болх бан. 1975 шарахь хилла Хьал-Келин йуккъерачу ишколан директор.
Ӏилманан гӀуллакх Нисйе
Аспирантура чекхйаьккхира В. И. Ленинан цӀарахчу Москохан пачхьалкхан хьехархойн институтан философин кафедрехь. 1981 шарахь чекхдаьккхира философин кандидатан диссертаци тема «Бакъдолчух башха, марталлица, дийнна кхетар». 1991 шеран 17 июнехь хилира Нохч-ГӀалгӀайн историн, философин, социологин Ӏилманан-талламан институтан директор. 1992 шарахь хилира Нохчийн Республикин Ӏилманан академин корреспондент-декъахо. Ростовн пачхьалкхан университетехь чекхдаьккхира докторан диссертации, тема «Суфизм Ӏаьрбийн-бусалбанийн философин контекстехь». 2001 шарахь хилира профессор а, Нохчийн пачхьалкхан университетан социалан белхан теорин а, практикин а кафедран куьйгалхо. Зорба тоьхна 170 сов белхан, царна йукъахь монографеш, брошюраш, публицистика. Нохчийн Республикин Йукъараллин палатин декъахо ву.
Ши доьзалхо ву.
Библиографи Нисйе
Жайнаш Нисйе
- Акаев В. Х. Суфизм и ваххабизм на Северном Кавказе. — М.: Институт этнологии и антропологии РАН, 1999. — 26 с. — ISBN 5201146589.
- Акаев В. Х. Суфийская культура на Северном Кавказе: теоретические и практические аспекты / отв. ред. Г. В. Драч. — Кеп:Ростов н/Д: Издательство СКНЦ ВШ ЮФУ, 2009. — 211 с. — ISBN 5878723719. (2-е изд. 2011)
- Акаев В. Х. Ислам в Чеченской Республике. — М.: Логос, 2008. — 83 с.
Йаззамаш Нисйе
- Акаев В. Х., Мирзаев С. Б. Тарикат шазилийа в Дагестане: факторы появления, сущность и социокультурная роль // Известия высших учебных заведений. Северо-Кавказский регион. Серия общественные науки. — 2011. — № 3. — С. 5—9. — ISSN 0321-3056.
- Акаев В. Х. Философские основания культурологической концепции Ю. А. Жданова и В. Е. Давидовича // Гуманитарий Юга России : журнал. — 2012. — № 2. — С. 225—230.
- Акаев В. Х. О необходимости разработки новой концепции национальной политики // Гуманитарий Юга России : журнал. — 2012. — № 1. — С. 159—167.
- Акаев В. Х. Ахмед Ибрагимович Османов – личность нравственная и интеллектуальная // Гуманитарий Юга России : журнал. — 2013. — № 2. — С. 127—132.
- Акаев В. Х., Дьяченко А. Н. На пути к научной биографии Юрия Андреевича Жданова // Гуманитарий Юга России : журнал. — 2014. — № 3. — С. 183—193.
Хьажоргаш Нисйе
- Зелимхан Яхиханов Вахит Акаев: Наступило время профессионалов(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Медиакратия (2007, 3 февраль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 4 мартехь. Теллина 2015 шеран 23 мартехь.
- Вероника Воронцова Профессор-культуролог Вахид Акаев: «Над имиджем Чечни еще нужно поработать». Новые Известия (2013, 30 июль). Теллина 2015 шеран 23 мартехь.
- Акаев Вахит Хумидович. Список публикаций. Институт социологии РАН. Теллина 2015 шеран 23 мартехь.
- Биографии авторов
- Страница на сайте журнала «Исламоведение»