Алибеков, Сайд-Ахмед
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Сайд-Ахме́д (Саид Ахмедович) Алибе́ков (1910 шо, Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь, Теркан область, Российн импери — ?) — Гуьмсен милицин зуламан толлийлин хьаьким, гвардин лакхара лейтенант, 2-гӀа Белорусин фронтан 50-гӀа армин 95-гӀа гӀашлойн Лакхара Днепран ЦӀен байракхан дивизин 13-гӀа къаьстина талламан взводан командир.
Сайд-Ахмед (Саид Ахмедович) Алибеков | |
---|---|
Вина терахь | 1910 |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь, Теркан область, Российн импери |
Кхелхина терахь | хууш дац |
Кхелхина меттиг | ? |
Пачхьалкх | Росси → ССРС |
Эскаран тайпа | гӀашсалти |
Дарж | лакхара лейтенант, Советийн гварди |
БӀахойн дакъа |
2-гӀа Белорусин фронтан |
Куьйгалхо | взвод |
ТӀемаш | Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанАлибеков вара Гуьмсехь зуламан толлийлан хьаьким. Цо бехк боцуш тоьпаш тухуш кхел йина стаг вадитир. Цун дела Алибековн 10 шо хан туьхуьр.
1942 шарахь иза вара шен лаамца тӀамтӀе хаьжина гӀудан роте. ТӀом дика бар бахьнехь цун тӀера лаьцна хилар дӀадайира. Иза кхоьчу бӀахьойн декъе веккхира.
Алибеков Сайд-Ахмедан йелла орденаш:
- Даймехкан тӀеман орден 2 даржан — 1943 шеран 15 октябрь; (орден № 32277)
- ГӀарваларан орден 3 даржан — 1943 шеран 21 декабрь;
- ЦӀен Седан орден — 1944 шеран 23 январь;
- ЦӀен Байракхан орден — 1944 шеран 8 март;
- ЦӀен Байракхан орден — 1944 шеран 30 октябрь.
Цунна йелла эскаран званиш:
- лахара лейтенант — 1944 шеран 13 февраль;
- лейтенант — 1944 шеран 2 апрель;
- лакхара лейтенант — 1944 шеран 7 ноябрь.
Цуьнан совгӀатан кехатан тӀехь йаздина дара:
… ша талларан взводан хьаьким ма-хӀоттийна цо масале дӀахӀоттийра 222-гӀа гӀашлойн полкан талларан болх. Цуьнан куьйгаллийца 1943 шарахь лаьцан цхьаъ обер-лейтенант. 1943 шеран 23-24-гӀа ноябрин буйьсанна лаьцна шозлугӀа немцойн унтер-эпсар. 1943 шеран 17-18 декабрин буьйсанна йуха а лаьцна мостагӀан унтер-эпсар. 1944 шеран 4-5 февралин буьйсанна лаьцна мостагӀан обер-ефрейтор. ЦӀен Эскаран 23 шо кхочу буьйсанна 1944 шеран 22-23 февралехь лахара лейтенант шен взводаца мостагӀан декъе серан дуьхьаллонахул чекхваьлла цигахь болчу немцан тӀелетира. Оцу латарехь цара хӀаллаквира 15 салти а, пулемёт шен расчётца а, салти чохь болу блиндаж а. Иштта цара лецира унтер-эпсар. МостагӀас чӀогӀа герз тӀедаьтта долийра. ТӀаккха Алибековс шен накъостий дӀа а бахийтина тӀаьхьабевлла немцойн дуьхьало йира. ТӀедиллар сий а ца дойуш кхочуш динера. |
Иза шозза хьалхатеттира Советски Союзан Турпалан цӀе йаларна. Амма шозза а иза къобал ца вир. 1945 шеран 13 июнехь иза дивизин могӀаман йукъара дӀавеккхира иза 1944 шеран 31 декабрехь отпускера схьацавар бахьнехь. Цул тӀаьхьа цунах лаьцна хӀума хууш дац.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Свет далекой Звезды
- Документы заговорили… Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine