Аль-ЯсаӀ, АльясаӀ (Ӏаьр. اليسع‎‎) — исламан пайхамар وصلة=, Ильяс пайхамаран وصلة= дешархо, хьажийна бану Исраилашна Ильяс пайхамарал وصلة= тӀаьхьа. Керсталлехь Елисей олу. Хьахийна Къуръан чохь шозза[3].

Аль-ЯсаӀ
اليسع
Говзалла пайхамар (элча)
Вина терахь гергга 885 в. э. хьалха[1]
Кхелхина терахь гергга 790 в. э. хьалха
ДӀавоьллина меттиг Эль-Авджамехь
Къам Исраилхой
Динлелор Ислам
Устазаш Ильяс[2]
Лоруш волу динаш Ислам — Аль-ЯсаӀ, керсталлаЕлисей
яхӀудий — Элиша́

Биографи Нисйе

Аль-ЯсаӀ пайхамар   ваьхна Ильяс пайхамаран   а, веа исраилан паччахьийн (Иораман, Иегун, Иоахазан, Иоасан) а заманахь. Ильяс шен халкъо эккхийначул тӀаьхьа, иза волавелира дин хьеха кхечу исраилан тайпанашна, цхьамма царех и тӀеийцира. Ильяс сецира оцу хенахь чӀогӀа цомгуш волчу Аль-ЯсаӀан ненан хӀусамехь. Аль-ЯсаӀан нанас дехар дина Ильяс пайхамара   дуӀа дина, АллахӀа иза товира. Товеллачул тӀаьхьа Аль-ЯсаӀ цуьнан дахар дӀадаллалц Ильяс пайхамарах   ца велира, цуьнан куьйгаллийца Ӏамийра Товрат[3]. Исламан Ӏелам стага Ибн Касира силсила толлу Аль-ЯсаӀан, ден агӀора иза йоьду Харуне[4].

Ильяс кхелхинчул тӀаьхьа Аль-ЯсаӀ пайхамар   кхин дӀа кхайкха волавелира бану исраилашка Муса пайхамаран   дине, амма цара иза дӀатеттира. Бану исраилан тайпанашна йукъахь лилхинчу девнаш бахьнехь ницкъаш гӀелделира, цуо таро йира ассирийхойн схьадаха и латтанаш, дӀабига исраилхойн доккхаха долу дакъа лолле[3].

Аль-ЯсаӀан караматалла йара[3].

Ша валале Аль-ЯсаӀа шен гӀуллакх дӀакхехьа тӀедиллира Зу-ль-Кифлан[3]. Каш ду Эль-Авджамехь, Эль-КъатӀифан йисттехь (СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан малхбуза провинци)[5].

Билгалдахарш Нисйе

  1. http://timeline.biblehistory.com/event/elisha
  2. 6 // (unspecified title)
  3. 1 2 3 4 5 Али-заде, А. А., 2007.
  4. Ибн Касир История аль-Яса //Истории пророков.
  5. اليسع (Аль-Яса) (Ӏаьр.)

Литература Нисйе

Хьажоргаш Нисйе