Элин йоӀ А́нна Петро́вна (9 (20) декабрехь 1757, Петарбух[1]8 (19) мартехь 1759, Петарбух[1]) — сийлахь стунан Екатерина Алексеевнин (хин йолу Екатерина II) йоӀ[2]. Йелла жималлехь.

Анна Петровна
Анна Петровна
Сийлахь элин йоӀ
Дин керста
Йина терахь 1757 шеран 9 (20) декабрь({{padleft:1757|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})
Йина меттиг Петарбух
Кхелхина терахь 1759 шеран 8 (19) март({{padleft:1759|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (1 шо)
Кхелхина меттиг Петарбух
ДӀайоьллина Александр-Невскин лаврин Благовещенски килс, Петарбух
Тайпа РомановгӀар
Да Пётр III (?)
Нана Екатерина II
Динлелор православи
СовгӀаташ Сийлахь Екатеринин I тӀегӀанара орден
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Дуьнен тӀейаьлла 1757 шеран 9 (20) декабрехь 10 а, 11 а сахьташна йукъахь Петарбухан Невин проспектера дечиган Ӏаьнан гӀалин чохь, оцу хенахь цигахь йехара императоран фамили. (Каш тӀера йина терахь «8 март» гӀалат ду[3][4]).

ГӀалин паччахьан цӀийнан йоӀ йарах хаийтира 12-гӀачу сахьтехь Петропавловски гӀап тӀера 101-зза йоккха топ кхоссарца. 12 декабрехь хьалхара пхеа классан божарша йоӀ йарца декъала вира сийлахь эла цуьнан декъа тӀехь[5]. 11-гӀачу дийнахь иза йар хаийтира Цербсте — ненананна — грамоташца[6].

 
Терахь 1757 шеран 17 декабрь долуш жӀар тохар гайтар

Анна шен хилар къобал дира Екатеринин майрачо, сийлахь эло Петр Фёдоровича (хин волчу Петр III-чо), амма паччахьан керт шеконехь йара иза да хиларх. «Паччахьан кертахь хӀоьттина шеконан хьал гойту, жӀар тохаран Церемонин декъе кхайкхина кхечу пачхьалкхийн векалашка мадуьйла аларо. Бахьна хӀоттийра, официалан император-аьзни арайер ца хилар, могаш ца хиларна. Амма Елизавета Петровна, килсан агӀонан неӀаршкахула йеира жӀар тохаран церемоне, хилира жимачу Аннин жӀаран нана, Сий. Екатеринин орденан гроссмейстер санна, йоьӀан тӀеехкира хьаьркаш»[5].

17 декабрехь йоьӀан жӀар туьйхира Йоккхачу паччахьан кертарчу килсехь[5].

Беран цӀе «Анна» йелира йелла дененан, паччахьан йоьӀан Анна Петровнин (император-аьзни Елизаветин йишийн) сийнна. ЦӀе хаьржира Елизавета, цуо ца тиллийтира Екатерине йоьӀан цӀе шен сийнна «Елизавет».

Екатеринас шен «Тептаршкахь» йаздо, цуьнан майрачо «оцу хьокъехь хӀоттийра боккха синкъерам, из ахӀотто омар делира Голштинехь а, реза хиларца тӀеоьцура берриш декъалбарца баьхкинарш. ЙалхолгӀачу дийнахь император-аьзни жӀаран нана хилира оцу беран, омар деира суна кабинете суна кхузткъеитт эзар сом ло аьлла. Цуо дахьийтира оццала сийлахь эллина а, цуо кхин а самукъа даьккхира цуьнан. ЖӀар тоьхначул тӀаьхьа даздарш дуьйладелира. Лора, дийцарехь, уггаре диканаш, сунна цхьан а ца гира; со сайн меттахь йара со цхьаъ, кхин дацара соьца цхьан а са, Владиславнеш боцурш, хӀунда аьлча, аса иза ма-йиннехь, император-аьзнис хӀинца а, хьалха санна, дӀадаьхьира бер шен садоӀу чоьнан чу, иштта, сунна оьшу садаӀарх бахьна дина, со дӀатесна йитира, цхьа ирс доцу хӀума санна, цхьаммо а сан чу ког а ца баьккхира, со муха йу аьлла хатта а ца хаьттира, хатта ца хаттийтира. Хьалха санна аса чӀогӀа сингаттам латтийра оцу дӀакхоссарх». Кхин дӀа нанна йехачу хенахь ца гира дуьнен тӀейаьлларг а, Павелан воккхаха волу кӀант а: «…уьш ца го, суна дуӀа динчу хенахь дуьйна, сунна гина йац жимаха йолу йоӀ, ган йиш а йацара император-аьзнин башха пурбанций бен, ткъа уьш ши чоь генахь бен бацара, хӀунда аьлча церан чоь садоӀу чоьнийн дакъа ду; амма сан шеко-м йац иза цаьрга хьожуш хиларх, ткъа уьш ган йиш ца хиларо, сунна башхалла йац уьш бӀе гулч гергахь хилчи а, бӀе чаккхарма хилчи а».

Анна Петровна, шерал кӀеззиг сов йаьхна «сихха хьевзина» йелира, дӀайоьллира Александр-Невскин Лаврера Благовещенски килсе.

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Пчелов Е.В. Поколение Иоанна Антоновича и Павла I // Романовы. История династии. — М: ОЛМА-ПРЕСС, 2004. — С. 146. — 494 с. — (Архив). — 3000 экз. — ISBN 5-224-01678-9.
  2. Анна Петровна (дочь Петра III) // Русский биографический словарь : в 25 томах. — СПб.М., 1896—1918.
  3. «Зерцало российских государей» дает следующую информацию, также ошибочную: «родилась 1757 Генваря 27, скончалась 1759 Маия 6, жила 2 г., 4 месяца и 21 день»
  4. Русский архив: русский исторический журнал. — Столица, 1866. — 984 с.
  5. 1 2 3 Описание церемонии крещения великой княжны Анны Петровны. 400-летие дома Романовых. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 24 июнь. Архивйина 2015 шеран 4 февралехь Архивйина 2015-02-04 — Wayback Machine
  6. Д. Н. Бантыш-Каменский. Обзор внешних сношений России (по 1800 год). — Рипол Классик. — 281 с. — ISBN 9785518058002.
  7. Кавалеры ордена Святой Екатерины Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine

Литература

бӀаьра нисйан