• 1757—1762 — Йоккха Британин премьер-министр Ньюкасл (шоззалгӀа).
  • Октябрь — ВорхӀ шеран тӀамехь австрин эскарша Берлин йаккхар.
  • Аьхке — Оьрсийн эскар чудаьлла малхбален Прусси. Август — Гросс-Егерсдорфехь оьрсийн эскарийн пруссашна тӀехь баьккхина толам. Ноябрь — Росбахера тӀамехь франзушкара Фридриха толам баьккхина.
  • 1757—1772 — Мисран мамлюкийн урхалча Ӏали-бей аль-Кабир (1728—1773).
  • 1757—1774 — Туркойчоьнан султан Мустафа III.
  • 1757—1758 — ОвхӀанан Ахьмад-шах лелавахар. Ахьмада шен Ӏедал даржийна Сирхиндехь, талораш дина Делихь, Моголан дитина номиналан Ӏедал.
  • 1757—1779 — Хиван ханаллера туркменийн а, узбекийн а элашна йукъара ца хедда тӀемаш.
  • Январь — Ингалсхоша дӀалаьцна Калькутта, дохийна навабан эскарш. 9 февралехь — Машаран барт. Сураджа компанин кхин тӀе а гӀоли йина, харжаш меттахӀитто тӀе а лаьцна. Клайв тӀелетта Чандернагоран, лелхийна цигара французаш. Цуо къайлаха барт бина Сураджана дуьхьала (бенгалин эскарийн баьчча Мир Джафар, банкир Омичанд, кхин а).
  • 23 июньПлессира тӀамехь Ост-ХӀиндан компанин ингалсан эскарш толам баьккхина бенгалийн эскарера. Бенгалхой хӀаллакбар. Сурадж-ад-Даула йийсаре кхаьчна, вийна. Мир Джафар хӀоьттина наваб, компаница къабалан барт тӀе куьг йаздина. Наваб Ауда Шуджа ад-Даула чувахана Бенгале, амма цуьнан эскарш хӀаллакдира сипайша а, ингалсхоша а.
  • 5 декабрьФридриха II-гӀачо австрин Лотарингский Карлан эскаршна тӀехь толам баьккхина Лейтенехь[1].
  • Цийн эскарш джунгарашна тӀелатар. Ямату, ГӀулджа дӀалацар. Амурсана ведда Россех, цигахь велла.
  • Цийчоьнан йерриг порташ арахьара йохк-иэцаран къовлар (Кантон йоцург). Европахойн фактореш дӀайаьхна, Цийчу кхин махкахо чу вар дихкина.
  • Мангку-Негоро, тоам бина лур йу аьллачух, цхьацца йухаваларца, голландхошца берта вахара. Чекхбаьлла Яван тӀиера гӀаттам.

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан
Категори «1757 год» ца карийна.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. БСЭ 3-е изд. т. 14 — С. 277.