Антарктикин географи
Антарктикин географехь алсама ду къилба полюсехь латтар а, цуьнца цхьаьна , ша хилар а. Антарктика лаьтта Дуьненан къилба эхигехь, симметри йоцуш лаьтта Къилба полюсан гуонаха, дукхаха йолучу тӀегӀанехь Антарктикин полюсан гуон къилбехьа. Бакъоне хьаьжжина Къилба (йа Антарктикин) Ӏапказан бердашца йу, йа Тийна Ӏапказан, Атлантикин Ӏапказан, ХӀиндин Ӏапказан бердашца йу. Цуьнан майда 14 миллион сов йеакӀуон километр2 йу. Антарктида — дуьненахь уггаре йоккха шен-аре.
Антарктикин географи | |
---|---|
Дуьненан дакъа | Антарктида |
Координаташ | 80° къ. ш. 90° м. д.HGЯO |
Майда |
|
Бердан аса | 17968 км |
Лекха меттиг | Винсонан массив, 4897 м |
Лоха меттиг | Шен бухара чутаӀе Бентли, 2555 м |
Боккха Ӏам | Малхбален Ӏам, 26 000 кв. м (маххадор) |
Антарктидин 98% гергга мохк къевлина бу антарктикин шенан турсо, дуьненахь уггаре доккха шен турс, кхин а уггаре боккха молу хин чухоам. Шенан стоммаллин йуккъера барам 1,6 км сов бу, иза чӀогӀа беза бу, континентан порода цхьаццанхьа охьатаӀийна хӀордан тӀегӀанал 2,5 км лаха кхаччалц; кхин а хаало коча хиш долу шен бухара Ӏаьмнаш (масала, Малхбале Ӏам). Шельфан шалаьмнаш а ойуш дузу йисташкара турс. ХӀинцалера антарктикин шен турс ду 90 процент Дуьненан дерриг шен чухоамах а, 70 процент дерриг молу хих а. Цунна чохь 200 фут хӀордан тӀегӀа айал хи ду.
2018 шеран сентябрехь Къоман геойесаллин талламан агенталлин талламхоша арахийцира Антарктидин меттагийн карта лакхара гарца (автомобиль а гуш, цхьацца кӀошташкахь кхин жиманиг а гуш), цуьнан цӀе йу «Антарктидин рельефан эталонан кеп». (РЕМА).[1]
Регионаш
бӀаьра нисйанФизикин агӀор Антарктида Трансантарктикин лаьмнаша йекъна шина декъе, Россан хӀордан а, Уэдделлан хӀордан а йукъара лаган гергахь. Малхбузен Антарктида а, Малхбален Антарктида а герга йу малхбузен а, малхбален а дуьненан эхигашна гринвичан меридианца йуьстича.[2]
Малхбузен Антарктида къевлина Малхбузен-антарктикин шен турсца. Оцу шенан турсах кхерам хетара, хӀунда аьлча цуьнан мелла а таро йу Ӏапказ чудожа. Нагахь иза хилахь, Ӏапказан тӀегӀа айалур йу масех метр чӀогӀа йоцучу хенахь.
ТӀаплаьмнаш
бӀаьра нисйанШенан турсашна бухахь кхоллало тӀаплаьмнаш, девза «гляциотӀапломалла» йа шешна бухара тӀаплаьмнаш терминашца. 2017 шарахь зорба тоьхна йаззамехь чӀагӀдо, дукха хан йоццуш Эдинбурган университетан талламхошна антарктикин шенан турс бухахь карийна 91 керла тӀаплам, уьш тӀетуьйхира бухара бевзачу 47 тӀапломанна.[3] Тахана Малхбузен Антарктидехь гучубаьккхина хила тарло 138 тӀаплам.[4] Малхбузен-антарктикин рифтан система чӀогӀа къовла Малхбузен-антарктикин шенан турс хиларна малхбузаантарктикин тӀаплаьмнех хаамаш кӀезиг бу — иза хила тарло тӀаплаьмнийн жигараллин йукъ.[5] Массанхьа шенан чкъор хиларна талламхошна хала ду тӀаплаьмнийн жигаралла нийсса билгалйаккха.
Малхбален Антарктида дуккха а йоккха йу Малхбуза Антарктидел, иштта кӀезиг теллина а йутӀаплаьмнийн потенциалан агӀор. Малхбален-антарктикин шенан турс бухахь тӀаплаьмнийн жигараллин цхьацца хьесапаш делахь а, оцу белхах хаамаш дукха бац.
Эребус лам – антарктикин тӀапломалалла талла уггаре дикачу меттигех цхьаъ йу, хӀунда аьлча иза дуьненан уггаре а къилбехьара исторехь жигара хилла тӀапломан объект хиларна.[6]
Десепшн гӀайре — кхин цхьаъ жигара антарктикин тӀаплам бу. Иза Антарктикин уггаре чӀогӀа Ӏалашйен кӀоштех цхьаъ йу, Къилба Шетландийн гӀайренашна а, Антарктикин ахгӀайренна а йуккъехь лаьтта. Антарктикин ахгӀайренна тӀера уггаре жигара тӀаплам санна, иза дика теллина дуьххьара 1820 шарахь дӀабиллинчул тӀаьхьа дуьйна.
Антарктидин материкан декъехь биъ тӀамплам бу, уьш жигара лору фумаролан жигаралла йа «генара» доцу тефрин охьадишарш бахьнехь: Мельбурн лам (2730 м) (74°21'къ.ш., 164°42'м-бале.д.), стратотӀаплам; Берлин лам (3500 м) (76°03' къ.ш., 135°52'м-бузе.д.), стратотӀаплам; Кауфман лам (2365 м) (75°37' къ.ш., 132°25' м-бузе.д.), стратотӀаплам; Маунт-Хэмптон лам (3325 м) (76°29'къ.ш., 125°48'м-бузе.д.), тӀапломан кальдера. Риттманн лам (2600 м) (73,45 ° къ.ш. 165,5 ° м-бале.д.), тӀапломан кальдера.
Бердаца долу гӀайренаш тӀера масех тӀапломах йоза ду историн жигараллех лаьцна. Эребус лам (3795 м), Росс гӀайренан стратотӀаплам 10-зза хууш Ӏаьттийна, 1 тардолуьйту Ӏаьттор. Континентан вукха агӀор, Десепшн гӀайре (62°57'къ.ш., 60°38'м-бузе.д.), тӀапломан кальдера 10-зза хууш Ӏаьттийна а, 4-зза хетарехь Ӏаьттийна а. Бакл гӀайре Баллени гӀайренаш тӀера (66°50'къ.ш., 163°12'м-бале.д.), Пингвинан гӀайре (62°06'къ.ш., 57°54'м-бузе.д.), Паулет гӀайре (63°35'къ.ш., 55°47'м-бузе.д.) а, Линденберг гӀайре (64°55'къ.ш., 59°40'м-бузе.д.) иштта лору жигара. 2017 шарахь Эдинбурган университетан талламхошна карийна 91 хин бухара тӀаплам Малхбузен Антарктидин бухахь.[7][8]
ГляциотӀапломалла — «магмин шенца, цуьнан йерриг кепашца йолу йукъаметтиг, царна йукъахь ло, фирн, муьлхха а дешна хи».[9] Цуо билгалйоккху шенан гуонахьара а, ша бешна а башха тӀапломан аре. Оцу Ӏилманан областан 100 шо а дац, цундела цуо гуттара керла белламаш бо. ГляциотӀапломаллин кхаа кепара Ӏаьтторан амал йу: шен бухахь Ӏаьтторан, шен тӀехулара тӀапломалла, шен йистера тӀапломалла.[10]
ГляциотӀапломалла Ӏаморан дахаран ладаме маьӀна ду шен турсаш кхоллайаларх кхета. Иза кхин а мехала гӀирс бу тӀаплаьмнийн кхерамашна прогнозаш йаран, масала, Исландехь Эйяфьятлайокудль Ӏаттийначул тӀаьхьа чимах болу кхерам.
Мэри Бердан латта
бӀаьра нисйанЖигаралла
бӀаьра нисйанӀилманчаша а, талламхоша а къуьйсу, дуй теша 138 теллина тӀаплам жигара йа дийшина. ЧӀогӀа хала ду цакхоьруш ала, хӀунда аьлча дукхаха долу тӀаплаьмнаш масех км стомма шен бухахь ду.[11] Амма малхбузен-антарктикин шенан турсан чиман чкъоьро а,[12] шенан тӀехалонан деформацис[13] гойту, Малхбузен-Антарктикин рифтан система хила тарло жигара, йукъахь Ӏаьтто тӀаплаьмнаш долуш. Цул сов, регионера сейсможигаралло гойту чкъоьран бухахь магма лелар, иза тӀаплаьмнийн жигараллин хьесап ду.[14] Амма, тӀаккха а, жигара тӀаплаьмнаш хиларан чаккхенца тешаллаш дац
Шенан бухара тӀапломаллин амалехь ду ша башар а, шенан бухахь хи хилар а.[15] шенан бухара хин кхин хьосташ а ду, масала геотермалан йовхо, иза даима аьлча санна тӀапломаллин биллам бу. Ӏилманчаш хӀинца а тешна бац малхбузен-антарктикин шенан турс бухахь хи хиларх, ткъа цхьаццамма чӀагӀдо, хи хиларан тешаллаш карийна бохуш.
Кхолладаларан хьелаш
бӀаьра нисйанМалхбузен Антарктидера Мэри Бердан лаьттан тӀехь тӀаплаьмнаш дукха хьолехь лаьтта щелочан а, базальтан а лавех. Наггахь тӀаплаьмнаш дерриг базальтан хӀоттам болуш ду. Мэри Бердан лаьттан географин тералла бахьнехь лору, Малхбузен-Антарктикин рифтан системера тӀаплаьмнаш иштта базальтах[5] лаьтташ санна.
Шенан тӀехулара базальтан тӀаплаьмнаш, кхин а девза субаэралан базальтан тӀаплаьмнаш санна, дукха хьолехь церан хуьлу лекха шуьйра конусийн кеп.[5] Йуккъера догӀу шортта тӀуьна магма бахьнехь, уьш шорло, ирхнехьа хала кхуьу.[16] Амма Малхбузен Антарктикин тӀаплаьмнаш кхоллало шенан турсаш бухахь, цундела шенан бухара тӀаплаьмнийн категорин йукъадоьду. Моногенийн долу шенан бухара тӀаплаьмнаш хуьлу дуккха а готта, чӀапа бохь болуш хьевзина структураш йолуш. Полигенетикин шенан бухара тӀаплаьмнийн хуьлу кепийн а, барамийн а шуьйра спектр, дуккха а тайп-тайпана Ӏаьттор бахьнех. Дукха хьолехь уьш го алсама конускепара, стратотӀаплаьмнаш санна.
Кхерамаш
бӀаьра нисйанКхераме чим
бӀаьра нисйанКӀезиг хӀума теллина Къилба полюсан гуонера тӀаплаьмнаш Ӏаьттош баьллачу чимах лаьцна. Алсамо лахарчу шораллашкахь Ӏаьттабаро чим аракхоьссича глобалан кхерам латто тарло могашаллина а, авиацина а. Сахьт леларан агӀор Къилба полюсан гуонахьара лахара Ӏаткъаман системин хӀаваан циркуляцис хӀаваъ нуьцкъала хьалатотту, цуьнца цхьаьна стратосферин кӀежан Ӏоврашка чим хьалатотту, иштта баржабо иза дерриг дуьненна тӀехула.[17]
Малхбузен Антарктика
бӀаьра нисйанМалхбузен Антарктида — континентан жимаха долу дакъа, (50° – 180°м-бузе.д), йекъна:
Областаш
бӀаьра нисйан- Антарктикин ахгӀайре (55° – 75°м-бузе.д)
- Паччахь-аьзнин Елизаветин латта (20°м-бузе.д – 80°м-бузе.д)
- Элсвортан латта (79°45' – 103°24' з.д.)
- Мэри Бердан латта (103°24' – 158°м-бузе.д)
- Паччахьан Эдуарда VII латта (166°м-бале.д – 155°м-бузе.д)
ХӀорд
бӀаьра нисйан- Паччахьан Хокон VII хӀорд (20°W – 45°E)
- Скоттан хӀорд (26°30' – 65°м-бузе.д)
- Уэдделлан хӀорд (57°18' – 102°20' м-бузе.д.)
- Беллинсгаузенан хӀорд (57°18' – 102°20' м-бузе.д.)
- Амундсенан хӀорд (102°20′ – 126°м-бузе.д)
- Россан хӀорд (166°E – 155°W)
Шельфан шалаьмнаш
бӀаьра нисйанАлсама даккхийра долу шельфан шалаьмнаш:
- Фильхнеран-Роннен шельфан шалам (30° – 83°м-бузе.д)
- Ларсенан шельфан шалам
- Аббатан шельфан шалам (89°35' – 103°м-бузе.д)
- Гетцан шельфан шалам (114°30' – 136°м-бузе.д)
- Сульцбергеран шельфан шалам
- Россан шельфан шалам (166°м-бале.д – 155°м-бузе.д)
Дерриг шельфан шалаьмнашка хьажа Антарктикин шельфан шалаьмнийн исписка.
ГӀайренаш
бӀаьра нисйанЙерриг антарктикин гӀайренийн исписке хьажа Антарктикин а, субантарктикин а гӀайренийн испискехь.
Малхбален Антарктида
бӀаьра нисйанМалхбален Антарктида — континентан доккхаха долу дакъа, (50°м-бузе.д – 180°м-бале.д), Къилба магнитан полюс а санна, географин Къилба полюс лаьтта кхузахь. Йекъна:
Областаш
бӀаьра нисйан- Пальтон латта (20°–36°м-бузе.д)
- Модин паччахь-аьзнин латта (20°м-бузе.д – 45°м-бале.д)
- Эндербин латта (44°38' – 56°25’м-бале.д)
- Кемп-Латта (56°25' – 59°34’м-бале.д)
- Робертсонан латта (59°34' – 73°м-бале.д)
- Елизавета принцессин латта (73° – 87°43’м-бале.д)
- Вильгельм II латта (87°43' – 91°54’м-бале.д)
- Мария паччахь-аьзнин латта (91°54' – 100°30’м-бале.д)
- Уилксан латта (100°31' – 136°11’м-бале.д)
- Аделин латта (136°11′ – 142°02’м-бале.д)
- Георг V латта (142°02' – 153°45’м-бале.д)
- Оутсан латта (153°45' – 160°м-бале.д)
- Викторин латта (70°30' – 78°' къ.ш.)
ХӀордаш
бӀаьра нисйан- Паччахьан Хокон VII хӀорд (20°W – 45°E)
- Дэвисан хӀорд (82° – 96°E)
- Моусонан хӀорд (95°45' – 113°E)
- Д'Юрвилан хӀорд (140°E)
- Россан хӀорд (166°E – 155°W)
Шельфан шалаьмнаш
бӀаьра нисйанАлсама даккхий долу шельфан шалаьмнаш:
- Шельфан шалам Рисер-Ларсен
- Шельфан шалам Экстрем
- Шельфан шалам Эймери
- Малхбузен шельфан шалам
- Шеклтонан шельфан шалам
- Воейковн шельфан шалам
Дерриг шельфан шалаьмнашка хьажа Антарктикин шельфан шалаьмнийн исписка.
ГӀайренаш
бӀаьра нисйанЙерриг антарктикин гӀайренийн исписке хьажа Антарктикин а, субантарктикин а гӀайренийн испискехь.
Талламан станцеш
бӀаьра нисйанЙерриг антарктикин гӀайренийн исписке хьажа Антарктидера талламан станцийн испискехь.
Мехкан лаьттан реза ца хилар
бӀаьра нисйанВорхӀ мехко официалан дӀахьедина мехкан реза ца хилар.
Дозуш болу мехкаш а, латтанаш а
бӀаьра нисйанХьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Stirone, Shannon (7 September 2018). "New Antarctica Map Is Like 'Putting on Glasses for the First Time and Seeing 20/20' – A high resolution terrain map of Earth's frozen continent will help researchers better track changes on the ice as the planet warms". The New York Times. ТӀекхачаран де: 2018 ш. 09 сентябрехь.
- ↑ This usage has been regarded as Eurocentric by some; the alternative terms Lesser Antarctica and Greater Antarctica (respectively) are sometimes preferred.
- ↑ 91 volcanoes discovered beneath Antarctica's ice. But are they active? (инг.). USA TODAY. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 18 январь.
- ↑ van Wyk de Vries, M., Bingham, R. G. & Hein, A. S. A new volcanic province: an inventory of subglacial volcanoes in West Antarctica. Geol. Soc. Lond. Spec. Publ. 461 (2017).
- ↑ 1 2 3 Hein, Andrew S.; Bingham, Robert G.; Vries, Maximillian van Wyk de (1 January 2018). "A new volcanic province: an inventory of subglacial volcanoes in West Antarctica". Geological Society, London, Special Publications(ингалс.). 461 (1): 231—248. Bibcode:2018GSLSP.461..231V. doi:10.1144/SP461.7. ISSN 0305-8719.
- ↑ Global Volcanism Program | Erebus (инг.). volcano.si.edu. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 14 март.
- ↑ McKie, Robin (12 August 2017). "Scientists discover 91 volcanoes below Antarctic ice sheet". The Guardian(ингалс.). ISSN 0261-3077. ТӀекхачаран де: 2017 ш. 16 августехь.
- ↑ "Student's idea leads to Antarctic volcano discovery". The University of Edinburgh(ингалс.). ТӀекхачаран де: 2017 ш. 16 августехь.
- ↑ Smellie, 2000. Subglacial eruptions. In: Sigurdsson, H. (ed.) '‘м-бале.дncyclopaedia of Volcanoes. Academic Press, San Diego, pp. 403-418. Smellie, 2006. The relative importance of supraglacial versus subglacial meltwater escape in basaltic subglacial tuya eruptions: an important unresolved conundrum. '‘м-бале.дarth-Science Reviews, 74, 241-268.
- ↑ What is Glaciovolcanism? (инг.). WorldAtlas. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 19 февраль.
- ↑ LeMasurier, W. E. Neogene extension and basin deepening in the West Antarctic rift inferred from comparisons with the East African rift and other analogs. Geology 36, 247–250 (2008).
- ↑ Iverson, N. A. et al. The first physical evidence of subglacial volcanism under the West Antarctic Ice Sheet. Sci. Rep. 7, 11457 (2017).
- ↑ Behrendt, J. C., Finn, C. A., Blankenship, D. D. & Bell, R. E. Aeromagnetic evidence for a volcanic caldera complex beneath the divide of the West Antarctic ice sheet. Geophys. Res. Lett. 25, 4385–4388 (1998).
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кху:12
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ King, E. C., Woodward, J. & Smith, A. M. Seismic evidence for a water-filled canal in deforming till beneath Rutford Ice Stream, West Antarctica. Geophys. Lett. 31 (2004).
- ↑ Types of Volcanoes . volcano.oregonstate.edu. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 январь.
- ↑ Geyer, Adelina; Marti, Alejandro; Folch, A.; Giralt, Santiago (23 April 2017). "Antarctic volcanoes: A remote but significant hazard". EGU General Assembly Conference Abstracts: 6667. arXiv:1502.05188. Bibcode:2017EGUGA..19.6667G. doi:10.13039/501100003329. hdl:10261/162118.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйанЙукъара хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Ivanov, L. General Geography and History of Livingston Island. In: Bulgarian Antarctic Research: A Synthesis. Eds. C. Pimpirev and N. Chipev. Sofia: St. Kliment Ohridski University Press, 2015. pp. 17–28. ISBN 978-954-07-3939-7
АХь
бӀаьра нисйан- High resolution map (2018) – Reference Elevation Model of Antarctica (REMA)
- Political Claims Map
- USGS TerraWeb: Satellite Image Map of Antarctica (archived 1March 2005)
- United States Antarctic Resource Center (USARC) Архивйина 2008-08-28 — Wayback Machine
- BEDMAP (archived 25 January 2005)
- Antarctic Digital Database (Topographic data for Antarctica, including web map browser)
- Landsat Image Mosaic of Antarctica (LIMA; USGS web pages)
- Landsat Image Mosaic of Antarctica (LIMA; NASA web pages) (archived 14 February 2015)
- Geography of the land under the ice of Antarctica:
- http://www.cbc.ca/news/technology/nasa-map-shows-what-antarctica-would-look-like-without-ice-1.1304997
- https://www.bas.ac.uk/project/bedmap-2/
- https://www.bas.ac.uk/data/our-data/maps/thematic-maps/bedmap2/
- https://www.the-cryosphere.net/7/375/2013/tc-7-375-2013.pdf article in The Cryosphere, 7, 375–393, 2013
- https://www.google.com/search?q=bedmap2&ie=utf-8&oe=utf-8&client=firefox-b Google search