Антарктикин талламийн турпала бӀешо
Анта́рктикин та́лламийн ту́рпала бӀе́шо (инг. Heroic Age of Antarctic Exploration) — ингалматтера историографехь, XIX бӀешеран чаккхенгахь а, XIX бӀешеран хьалхара иттаннаш шерашкахь а Антарктикин регионе кечйина цхьа могӀа, коьрта транспорт меттана дужу жӀаьлеш лелийна, экспедицеш билгалйаха тӀеэцна термин[1]. Церан коьрта Ӏалашо йара географин Къилба полюсе кхачар, ца йевзачу материкан чоьхьара кӀошташ а, бердаш а мехкашна бекъар, цуьнан физикин, климатан, геологин хьал Ӏамор. Амма, изза Ӏалашо йолу, цхьацца экспедицеш, антарктикин бердашка а ца кхечира.
1897—1922 шерийн муьрехь Антарктика хилира дуьненайукъара тидамехь: ткъе пхеа шарахь йира бархӀ махко кечйина 16 экспедици, царна йукъахь йара Бельги а, Япони а йара, XX бӀешарахь коьрта полюсийн пачхьалкхаш йоцушехь[2]. Ажиотажан бахьнехь лаьцна Черри-Гаррард Эпслис иштта йаздора:
|
КӀезиг роль ца ловзийра йаккхий пачхьалкхийн къоман догдоккхалло а: Дуьненара коьрта географин объектех 1900 шарахь къарйанзайисинера Къилбаседа а, Къилба а полюсаш.
«Турпала бӀешеран» экспедицеш лелайора XIX бӀешеран технологеш: команда дӀакхачо дечиган гатанан-Ӏаьнаран жимачу тоннажан кеманаш, шен тӀехула лела дуьйжина жӀаьлеш, европахойн хьашташна кечдина цхьацца эскимосийн дийна биса лело хьуьнарш. Ресурсаш а, гӀирс а кӀезиг хиларна, хӀора экспедицин кхиамаш оцу хьелашкахь бозура транспортан стратегех а, куьйгалхойн логистикийн хьуьнарех ойла йина хиларх. ХӀора экспедици чекхйолура экстремалан хьелашкахула, дуьненца цхьа зӀе йоцуш, декъахошна шайн йерриг интеллектуалан а, физикин а ницкъаш дайар тӀедуьллуш[4]. ЖамӀехь, Къилба полюс къарйеш велира 19 стаг.
«Турпала бӀешеран» коьрта жамӀаш хилира Антарктикин материк комплексехь таллар, къилба географин а, магнитан а полюсашка кхачар, материкан бердийн хьалхара карта хӀоттор, географин, климатологин, биологин комплексан хаамийн йоккха база кхоллар, материк кхин дӀа а таханлера гӀирсашца Ӏамо[5].
Экспедицийн исписка: 1897—1922
бӀаьра нисйанХьалха хаийтар
бӀаьра нисйанХууш хила деза, «Доца сурт хӀоттор» декъехь хӀиттийна хаамаш, уггаре кӀезиг хьакхало йагарйинчу экспедицеша бинчу Ӏилманан белхан жамӀех а, Ӏилманан тайп-тайпана отраслашка диллинчу декъех а. Оцуннах хаамаш хила беза цуьнца богӀу йаззамашкахь.
Испискехь бац киташдойучеран некъаш, ткъа кхин а масех шуьйрачу публикина кӀезиг йевза экспедицеш, цхьацца бахьнашца чекх ца йаьхна.
Исписка
бӀаьра нисйанМур | Пачхьалкх | ЦӀе | Экспедицин кема | Экспедицин корта | Доцца сурт хӀоттор | Бил. |
---|---|---|---|---|---|---|
1897—1899 | Бельги | Бельгин антарктикин экспедици | «Бельжика» |
Адриен де Жерлаш |
Беллинсгаузенан хӀорд чохь цабевлла дрейф йина Къилба полюсан гуонехь Ӏа даьккхина дуьххьарлера экспедици. Дуьххьара Антарктикехь йина астрономин а, метеорологин а талламийн йуьззина шеран цикл. Кхаьчна 71°30’ къилба шоралле. Карийна Жерлашан хидоькъе. | [6] [7] [8] |
1898—1900 | Йоккха Британи | «Къилба ЖӀар» тӀера экспедици | «Къилба ЖӀар» |
Карстен Борхгревинк |
Антарктикин материк (Адэр мара) тӀаьхь Ӏа даьккхина дуьххьарлера экспедици. Дуьххьара Россан шельфан ша тӀе хьалайаьлла экспедици. Кхаьчна 78° 30' къилба шоралле, нисса лаьрра оцу хенахь Къилба магнитан полюс латтаран хьал. | [9] [10] [11] |
1901—1904 | Йоккха Британи | Британин антарктикин экспедици (1901—1904) | «Дискавери» «Морнинг» «Терра Нова» |
Роберт Скотт |
Дуьххьара Викторин Латта тӀе воссар, Полюсан акъарин йисташка кхачар. 82° 11’ къилба шоралле кхачар. Россан гӀ. тӀехь база йина дуьххьарлера экспедици | [12] [13] [14] |
1901—1903 | Германин импери | Германин антарктикин экспедици (1901—1903) | «Гаусс» |
Эрих фон Дригальский |
Малхбален Антарктидехь болх бина дуьххьарлера экспедицех цхьаъ. Карийна Вильгельм II Латта. Экспедици дрейфан шеш йукъа а йахана билгалйаьккхина программа кхочуш ца йина. | [15] [16] [17] |
1901—1904 | Швеци | Шведийн антарктикин экспедици | «Антарктика» | Отто Норденшельд |
Экспедицис болх бира Грейаман Лаьттан малхбален бердашца. Экспедицин кема шеш Ӏевдина дохийра, команда кӀелхьара йаьккхира Аргентинин гӀоьнца. | [18] [19] [20] |
1902—1904 | Йоккха Британи | Шотландин къоман антарктикин экспедици | «Скотия» |
Уильям Спирс Брюс |
Къилба Оркнейн гӀайренаш тӀехь йиллина гуттаренна метеостанци. Уэдделлан хӀорд чохь кхаьчна 74° 01' къилба шоралле. | [21] [22] |
1903—1905 | Франци | Шаркон кхоалгӀа антарктикин экспедици | «Франци» | Жан-Батист Шарко |
Йуьхьанца Норденшельдан гӀоьнна операцина кечйинера. Болх бира Грейаман Латта тӀаьхь. | [23] [24] [25] |
1907—1909 | Йоккха Британи | Шеклтонан хьалхара экспедици | «Нимрод» |
Эрнест Шеклтон |
Шеклтонан хьалхара ша йен экспедици. Лаьттира Россан гӀайрен тӀаьхь. ДӀабиллира Бирдморан шалам, Полюсан акъари тӀе хьалабевлла. Кхаьчна 88° 23' къилба шоралле, Къилба полюсе кхача 180 км йисна, йуха берза бийзира йуург ца тоьина. | [26] [27] [28] |
1908—1910 | Франци | Шаркон йоьлгӀа экспедици | «Пуркуа Па — IV» | Жан-Батист Шарко |
Экспедицис Беллинсгаузенан хӀорд тӀехь долийна белхаш кхин дӀадаьхьира. ДӀайиллира Маргерит айма, Шаркон а, Ренон а гӀайренаш, Микельсенан айма, Ротшильдан гӀайре. | [23] [29] [25] |
1910—1912 | Японин импери | Японин антарктикин экспедици | «Кайнан-мару» |
Сирасэ Нобу |
Дуьххьарлера Европера йоцу антарктикин экспедици. Теллина Эдуард VII Латта, дӀайиллина Россан шельфан шаломан бердашкара Кайнан бухта. ЖӀаьлеш доьжна кхаьчна 80° 05’ къилба шоралле. | [30] [31] |
1910—1912 | Норвеги | Норвегин антарктикин экспедици (1910—1912) | «Фрам» |
Руаль Амундсен |
Экспедицин «Фрамхейм» база йиллира Китийн бухтин баьрдашца. ДӀабиллира Хейберг Акселан шалам, цунна тӀехула салазан команда хьалайелира Полюсан акъари тӀе, 1911 шеран 14 декабрехь аьттонца кхечира Къилба полюсе. | [32] [33] [34] |
1910—1913 | Йоккха Британи | «Терра Нова» экспедици | «Терра Нова» |
Роберт Скотт |
База лаьттара Россан гӀайрен тӀаьхь. 1912 шеран 17 январехь пхеа стегах лаьтта Скоттан команда кхечира Къилба полюсе, Амундсенал 33 де тӀаьхьа, йуха богӀуш берриш белира. | [35] [36] [37] |
1911—1912 | Германин импери | ШолгӀа германин антарктикин экспедици | «Дойчланд» |
Вильгельм Фильхнер |
Экспедицин Ӏалашо йара Къилба полюсе кхачар, уггаре материк готта йолчохь цунна тӀехула чекхбовлар. Уэдделлан хӀорд тӀехь хала шенан хьал хиларна, кхача аьтту белира 77° 45’ къилба шоралле, тӀаьхьа йогӀучу планехь йоцучу дрейфаца. ДӀайиллина Фазелан айма, Луитпольдан берд, Фильхнеран шельфан шалам. | [38] [20] [39] |
1911—1914 | Австрали | Австралин антарктикин экспедици | «Аврора» |
Дуглас Моусон |
Теллина карташ хӀиттийна Антарктидийн бердийн шуьйра кӀоштийн, Адэр мерера дуьйна. | [40] [41] [42] |
1914—1917 | Йоккха Британи | Империн трансантарктикин экспедици | «Эндьюранс» «Аврора» |
Эрнест Шеклтон Энеас Макинтош |
Экспедицин Ӏалашо йара Фильхнеран маршрутаца йерриг Антарктидех чекхбовла. Экспедици лаьттара шина тобанах: Шеклтонан, «Эндьюранс» кеманахь, Макинтошан «Аврора» кеманахь. Хала шенан хьелаша таро ца йира хӀоттийначу планаца чекхйаккха. Макинтош а, цуьнан ши новкъахо а велира. | [43] [44] [45] |
1921—1922 | Йоккха Британи | Шеклтонан — Роуэттан экспедици | «Квест» |
Эрнест Шеклтон |
Экспедицин Ӏалашо йара Уэдделлан хӀордаца долу бердаш таллар]]. Коьрта талламаш буьйлабалале велира Шеклтон. Хала шенан хьелаша йохийра экспедицин программа. | [46] [47] |
«Турпала бӀешеран» экспедицешкахь белларш
бӀаьра нисйанЭкспедици | ЦӀе | Гражданалла | Кхелхина терахь | Кхелхина меттиг | Кхалхаран бахьна | Бил. |
---|---|---|---|---|---|---|
Бельгин антарктикин экспедици | Карл Август Винке | Норвеги | 1898 шеран 22 январь | Къилба Ӏапказ Грейаман латтан гергахь | Хи чу воьжна | [48] |
Данко Эмиль | Бельги | 1898 шеран 5 июнь | Беллинсгаузенан хӀорд | Дог гӀелделла | ||
«Къилба ЖӀаран» тӀера экспедици | Хансон Николай | Норвеги | 1899 шеран 14 октябрь | Адэр мара, Антарктида | йоьхьийн ун | [49] |
Британин антарктикин экспедици (1901—1904) | Чарльз Боннер | Йоккха Британи | 1901 шеран 2 декабрь | Литтелтон, Керла Зеланди | Мачтин топ тӀера чувоьжна | [50] [51] |
Джордж Винс | Йоккха Британи | 1901 шеран 11 март | Россан гӀайре, Антарктида | Шен Ӏинах хӀорд чувоьжна | ||
Шотландин къоман антарктикин экспедици | Аллан Рэмси | Йоккха Британи | 1903 шеран 6 август | Къилба Оркнейн гӀайренаш | Дог гӀелделла | [52] |
«Терра Нова» экспедици | Эдгар Эванс | Йоккха Британи | 1912 шеран 18 февраль | Бирдморан шалам, Антарктида | Коьртан туьтан-хьен чов йина, хӀума ца йууш ваӀавелла | [53] [54] [55] [56] [57] |
Оутс Лоуренс | Йоккха Британи | 1912 шеран 17 март | Россан шельфан шалам, Антарктида | Ша шена тоьхна велла, шенан буране а вахана. Бала хьоьгуш вара гангреница | ||
Роберт Скотт | Йоккха Британи | 1912 шеран 29 март | Россан шельфан шалам, Антарктида | ГӀелвелла | ||
Эдвард Уилсон | Йоккха Британи | 29 марта 1912 | Россан шельфан шалам, Антарктида | ГӀелвелла | ||
Генри Бауэрс | Йоккха Британи | 1912 шеран 29 март | Россан шельфан шалам, Антарктида | ГӀелвелла | ||
Роберт Бриссенден | Йоккха Британи | 1912 шеран 17 август
Адмиралти айма, Керла Зеланди |
Хин буха вахана | |||
Германин шолгӀа антарктикин экспедици | Рихард Фазель | Германи | 1912 шеран 8 август | Уэдделлан хӀорд | ЧӀурамцамгар | [39] [58] [59] |
Австралин антарктикин экспедици | Бельграв Ниннис | Йоккха Британи | 1912 шеран 14 декабрь | Георг V латта, Антарктида | Шен Ӏинчу вожар | [60] |
Ксавьер Мерц | Швейцари | 1913 шеран 7 январь | Георг V латта, Антарктида | Хетарехь, А витаминан гипервитаминоз | ||
Империн трансантарктикин экспедици | Арнольд Спенсер-Смит | Йоккха Британи | 1916 шеран 9 март | Россан шельфан шалам, Антарктида | Цинга, ГӀелвелла | [61] [62] |
Энеас Макинтош | Йоккха Британи | 1916 шеран 8 май | Россан гӀайре, Антарктида | Хетарехь, шен буха вахна | ||
Виктор Хейвард | Йоккха Британи | 1916 шеран 8 май | Россан гӀайре, Антарктида | Хетарехь, шен буха вахна | ||
Шеклтонан — Роуэттан экспедици | Эрнест Шеклтон | Йоккха Британи | 1924 шеран 5 январь | Грютвикен, Къилба Георги | Коронаран тромбоз | [63] |
Экспедицешкахь хилла физикин а, психикин а чевнин тӀаьхьалонаш бахьнехь цӀа бирзинчул тӀаьхьа дукха хан йалале велла виъ стаг:
- Харлув Кловстадт, «Къилба ЖӀар» тӀехь хилла экспедицин лор велла 1900 шарахь, бахьна хууш дац[64].
- Йорген Петерсен, «Къилба ЖӀар» тӀера хьалхара гӀоьнча, велла 1900 шарахь Австрале цӀа вогӀуш новкъахь[64].
- Бертрам Эрмитедж, «Нимрод» тӀера экспедицин декъахо, ша шена тоьхна 1910 шеран 12 мартехь[65].
- Юхансен Фредерик Ялмар, Амундсенан экспедицин каюр, ша шена тоьхна 1913 шеран 9 январехь[66].
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Antarctic History - The Heroic Age of Antarctic Exploration . Cool Antarctica (2008 шеран 2 декабрь). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 6 декабрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- ↑ Barczewski, Р. 19. (С. Барщевски насчитывала 14 экспедиций, рассматривая только исследователей, высаживавшихся на Ледяном континенте)
- ↑ Черри-Гаррард, 1991, с. 35.
- ↑ Huntford (Shackleton), 1985, p. 691.
- ↑ Fisher, 1957, p. 449.
- ↑ Antarctic Explorers - Adrien de Gerlache . South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 22 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- ↑ Adrien de Gerlache, Belgica: Belgian Antarctic Expedition 1897–99 . Cool Antarctica. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 19 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
- ↑ Huntford, 1985, p. 64—75.
- ↑ The Forgotten Expedition . Antarctic Heritage Trust. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 13 август. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
- ↑ Borchgrevink, Carsten Egeberg (1864–1934) . Australian Dictionary of Biography Online Edition. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 10 август. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- ↑ Preston, P. 14
- ↑ Preston, P. 57-79
- ↑ Crane, P. 253 (map); P. 294-95 (maps)
- ↑ Fiennes, P. 89
- ↑ Erich von Drygalski 1865–1949 . South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- ↑ German National Antarctic Expedition 1901-03 . Cool Antarctica. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
- ↑ Crane, P. 307
- ↑ Goodlad, James A. Scotland and the Antarctic, Section II: Antarctic Exploration . Royal Scottish Geographical Society. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- ↑ Otto Nordenskiöld 1869–1928 . South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- ↑ 1 2 Barczewski, P. 90
- ↑ Scotland and the Antarctic, Section 5: The Voyage of the Scotia . Glasgow Digital Library. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
- ↑ Speak, P. 82-95
- ↑ 1 2 Mills, William James Exploring Polar Frontiers . ABC-CLIO. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2013 шеран 16 октябрехь P. 135—139
- ↑ Jean-Baptiste Charcot . South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь (Francais voyage)
- ↑ 1 2 Jean-Baptiste Charcot, 1867–1936: Biographical Notes . Cool Antarctica. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
- ↑ Scotland and the Antarctic, Section 3: Scott, Shackleton and Amundsen . Glasgow Digital Library. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
- ↑ Riffenburgh, P. 309-12 (summary of achievements)
- ↑ Huntford (Shackleton), 1985, p. 242 (map).
- ↑ Jean-Baptiste Charcot . South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь (Pourquoispas? voyage)
- ↑ Roald Amundsen. The South Pole, Vol II(бил-боцу.). — London: C Hurst & Co , 1976. — ISBN 0-903983-47-8.
- ↑ Nobu Shirase, 1861–1946 . South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- ↑ Amundsen, Vol I P. 184-95; Vol II, P. 120—134
- ↑ Huntford, 1985, p. 446—474.
- ↑ Roald Amundsen . Norwegian Embassy (UK). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 25 сентябрь. Архивйина 2005 шеран 2 мартехь
- ↑ Scott’s Last Expedition Vol I P. 543-46, P. 580-95
- ↑ Preston, P. 184—205
- ↑ Explorer and leader: Captain Scott . National Maritime Museum. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 27 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- ↑ Huntford (Shackleton), 1985, p. 366—368.
- ↑ 1 2 Wilhelm Filchner, 1877–1957 . South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 28 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 13 августехь
- ↑ Mills, S. 129 ff.
- ↑ Mawson, Sir Douglas 1882–1958 . Australian Dictionary of Biography. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 28 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- ↑ Douglas Mawson . Cool Antarctica. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 28 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
- ↑ Shackleton, P. 63-85
- ↑ Alexander, P. 143-53
- ↑ Tyler-Lewis, P. 193—197
- ↑ Huntford (Shackleton), 1985, p. 684.
- ↑ Fisher, 1957, p. 483.
- ↑ Буланн-Ларсен, Тур. Амундсен / Пер. Т. В. Доброницкой, Н. Н. Фёдоровой. — М.: Молодая гвардия, 2005. — (Жизнь замечательных людей). — ISBN 5-235-02860-0. С. 39.
- ↑ The Southern Cross Expedition . University of Canterbury, New Zealand. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 10 август. Архивйина 2012 шеран 22 майхь («First Burial on the Continent» section)
- ↑ Crane, P. 137—38
- ↑ Crane, P. 165—66
- ↑ Speak, P. 88—89
- ↑ Scott, P. 572—73
- ↑ Scott, P. 592
- ↑ Preston, P. 203—05
- ↑ Huxley, P. 345—46
- ↑ Huxley, P. 389
- ↑ Riffenburgh, Beau Encyclopedia of the Antarctic(бил-боцу.). — Routledge, 2006. — ISBN 9780415970242. P. 454
- ↑ Headland, Robert K. Studies in Polar Research: Chronological List of Antarctic Explorations and Related Historical Events(ингалс.). — Cambridge: Cambridge University Press, 1989. — ISBN 9780521309035. P. 252
- ↑ Two of Antarctic Expedition Killed (PDF). New York Times (1913 шеран 26 февраль). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 4 декабрь. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
- ↑ Tyler-Lewis, P. 191
- ↑ Tyler-Lewis, P. 196—97; P. 240
- ↑ Alexander, P. 192—93
- ↑ 1 2 Norway's Forgotten Explorer . Antarctic Heritage Trust. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 10 август. Архивйина 2012 шеран 22 майхь
- ↑ Riffenburgh, p. 304
- ↑ Huntford, 1985, p. 529.
Литература
бӀаьра нисйан- Черри-Гаррард Э. Самое ужасное путешествие. — Л.: Гидрометеоиздат., 1991. — С. 552 ISBN 5—286—00326—5.
- Alexander, Caroline. Die Endurance(бил-боцу.). — Berlin: Berlin-Verlag, 1998. — ISBN 3-8270-0296-6.
- Roald Amundsen. The South Pole, Vol II(бил-боцу.). — London: C Hurst & Co , 1976. — ISBN 0-903983-47-8.
- Barczewski, Stephanie. Antarctic Destinies(бил-боцу.). — London: Hambledon Continuum, 2007. — ISBN 978-1-84725-192-3.
- Borchgrevink, Carsten First on the Antarctic Continent . George Newnes Ltd (1901). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 11 август.
- Crane, David. Scott of the Antarctic: A Life of Courage, and Tragedy in the Extreme South(ингалс.). — London: Harper Collins, 2005. — ISBN 978-0-00-715068-7.
- Fiennes, Ranulph. Captain Scott(бил-боцу.). — London: Hodder & Stoughton , 2003. — ISBN 0-340-82697-5.
- Fisher M., Fisher J. Shackleton. — London: James Barrie Books, 1957. — xvi + 559 p.
- Griffiths, Tom. Slicing the Silence:Voyaging to Antarctica(ингалс.). — United States: Harvard University Press, 2007. — ISBN 0-6740-2644-0.
- Headland, Robert K. Studies in Polar Research: Chronological List of Antarctic Explorations and Related Historical Events . Cambridge: Cambridge University Press (1989). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 9 ноябрь.
- Huntford, Roland. The Last Place on Earth(бил-боцу.). — London: Pan Books , 1985. — ISBN 0-330-82697-5.
- Huntford, Roland. Shackleton. — London: Hodder & Stoughton, 1985. — ISBN 0-340-25007-0.
- Huxley (ed.), Leonard. Scott’s Last Expedition, Vol. II(бил-боцу.). — London: Smith, Elder & Co., 1913.
- Jones, Max. The Last Great Quest(ингалс.). — Oxford: Oxford University Press, 2003. — ISBN 0-19-280483-9.
- Mills, Leif. Frank Wild(бил-боцу.). — Whitby, Yorks: Caedmon of Whitby, 1999. — ISBN 0-905355-48-2.
- Mawson, Douglas. The Home of the Blizzard(бил-боцу.). — Edinburgh: Birlinn, 1988. — ISBN 1-84158-077-5.
- Preston, Diana. A First Rate Tragedy(бил-боцу.). — London: Constable & Co., 1997. — ISBN 0-09-479530-4.
- Riffenburgh, Beau Encyclopedia of the Antarctic . Routledge (2006). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 12 декабрь.
- Riffenburgh, Beau. Nimrod(бил-боцу.). — London: Bloomsbury Publishing, 2005. — ISBN 0-7475-7253-4.
- Scott, Robert Falcon. Scott’s Last Expedition, Vol I(бил-боцу.). — London: Smith, Elder & Co, 1913.
- Shackleton, Ernest Südpol(бил-боцу.). — Bergisch Gladbach: Bastei-Lübbe, 2000. — ISBN 3-404-14509-7.
- Speak, Peter. William Speirs Bruce(бил-боцу.). — Edinburgh: NMS Publishing, 2003. — ISBN 3-404-14509-7.
- Tyler-Lewis, Kelly. The Lost Men(бил-боцу.). — London: Bloomsbury Publishing, 2007. — ISBN 978-0-7475-7972-4.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Antarctic Explorers – Adrien de Gerlache . South-pole.com (2008). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 22 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Adrien de Gerlache, Belgica: Belgian Antarctic Expedition 1897–99 . Cool Antarctica (2008 шеран 2 декабрь). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 6 декабрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Antarctic History - The Heroic Age of Antarctic Exploration . Cool Antarctica (2008 шеран 2 декабрь). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 6 декабрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Borchgrevink, Carsten Egeberg (1864–1934) . Australian Dictionary of Biography Online Edition (2006). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 10 август. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Carsten Borchgrevink (1864-1934) . South-pole.com. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 8 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- British Antarctic Expedition 1910–13 . Oxford Dictionary of National Biography (2008 шеран май). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 4 декабрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Carl Chun Collection . Archive Hub. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 11 декабрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Erich von Drygalski 1865–1949 . South-pole.com (2008). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Explorer and leader: Captain Scott . National Maritime Museum (2008). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 27 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Wilhelm Filchner, 1877–1957 . South-pole.com (2008). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 28 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 13 августехь
- The Forgotten Expedition . Antarctic Heritage Trust (2008 шеран 29 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 6 декабрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- German National Antarctic Expedition 1901-03 . Cool Antarctica (2008 шеран 2 декабрь). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 6 декабрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Goodlad, James A. Scotland and the Antarctic, Section 2: Antarctic Exploration . Royal Scottish Geographical Society (2003). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Harrowfield, David The Southern Cross Expedition . University of Canterbury, New Zealand. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 10 август. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- John Lachlan Cope’s Expedition to Graham Land 1920–22 . Scott Polar Research Institute. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 11 декабрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Mawson, Sir Douglas 1882–1958 . Australian Dictionary of Biography (2006). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 28 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Douglas Mawson . Cool Antarctica (2008 шеран 2 декабрь). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 6 декабрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Mountaineering and Polar Collection – Antarctica . National Library of Scotland (2007). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 19 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь Архивйина 2009-06-23 — Wayback Machine
- Norway’s Forgotten Explorer . Antarctic Heritage Trust (2008). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 6 август. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Nobu Shirase, 1861–1946 . South-pole.com (2008). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Otto Nordenskiöld 1869–1928 . South-pole.com (2008). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь
- Ryne, Linn Roald Amundsen . Norwegian Embassy (UK). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 25 сентябрь. Архивйина 2005 шеран 2 мартехь
- The Voyage of the Challenger . Stony Brook University, N.Y.. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 9 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 10 майхь Архивйина 2012-05-14 — Wayback Machine