Анторян Роберт Овакимович (1942 шеран 22 февраль, Тиблиси, Гуьржийн ССР, ССРС) — советийн а, кхазакхстанан а футболист, тренер, футболан арбитр.

Футбол
Анторян Роберт
Йуьззина цӀе Анторян Роберт Овакимович
Вина терахь 1942 шеран 22 февраль({{padleft:1942|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (82 шо)
Вина меттиг Тиблиси, ССРС
Гражданалла  ССРС
 Кхазакхстан
Локхалла 173 см
Йозалла 72 кг
Клубан карьера[* 1]
1960—1963 Байракх ССРС Кайрат 38 (1)
1963 Байракх ССРС АДК ? (3)
1964 Байракх ССРС Арарат (Ереван)
1964—1965 Байракх ССРС Динамо (Целиноград) ? (6)
1966 Байракх ССРС Кайрат
1966—1968 Байракх ССРС Шахтёр (Караганда) 70 (23)
1968 Байракх ССРС Цементник ? (2)
1968 Байракх ССРС Восток 17 (2)
1969—1970 Байракх ССРС Шахтёр (Караганда) 12 (1)
1971—1972 Байракх ССРС Алатау (Джамбул) 8 (1)
Тренеран карьера
1978 Байракх ССРС Актюбинец ком.хьаьк.
1984—1985 Байракх ССРС Актюбинец
1999 Кхазакхстанан байракх Шахтёр-Испат-Кармет
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Йуьхьанцара шераш

бӀаьра нисйан

Вина, кхиина Тиблисехь. АнторянгӀеран доьзал бехира гӀалин йуккъехь. Анторянан да — Оваким Арутюнович Туркойчоьра ведда эрмало вара, иза охьахиира дозанера Ахалкалаки гӀалахь. Тиблисе кхелхинчул тӀаьхьа Анторянан да мачаш йеш вара. ТӀаьхьуо Оваким Арутюнович бехк боцуш бехке вина бархӀ шо тоьхна лецира. Нана — Наталья Акоповна (ден фамили Джанкулашвили), хӀусамнана йара, бераш кхиор бен кхин болх беш йацара. Футболех Анторян левзира бераллехь дуьйна. Йуьхьанца иза левзира керташкахь, дас ца могуьйтура профессионалан ловзархо хила.

Анторянан дуьххьарлера футболан секци хилира футболан ишкол № 35. ТӀаьхьуо ишколан кххаа ловзархочуьнца дехьаваьккхира Футболан кегийрхойн ишколе, цигахь директор вара гӀараваьлла арбитр Баканидзе Григорий Константинович. Анторян оцу хенахь Ӏамош вара Баканидзес а, ССРС хьакъ долу тренера Гальперин Асер Марковича а, Баканидзе матчашкахь суьдхо волуш цуо хуьйцура иза.

ИссалгӀачу классехь «Къона динамохо» ишколаца йолчу матчехь турслочуьнца Ӏоттавелла Анторянан чӀогӀа коьртан хье лазийра. Оцу ловзаран моментера кхин ткъа минотехь левзира аренехь, тӀаккха гӀо хилла, самвелира дарбанцӀахь.

Оцу хенахь Анторянан да, лаьцначура цӀа веина, шен зудчун ненавешийца, шахматех ловзаран иссалгӀачу дуьненан чемпионанца Петросян Тигранца дагавала Москоха вахара. Хьешан цӀа чохь вевзира кхазакх, иза хиллера генара гергарло долуш Кунаев Динмухьамадца. Керла вевзинарг хиллера Кустанайн областан дахаран хьашташ кхочушдаран куратор, ден баланаш бевзина, ша волчу кхайкхира, гӀо дан дош делла. Иштта Анторянан да болх бан волавелира Кустанайхь.

Иза хиина, Анторянан нанас телеграммица Оваким Тиблисе а кхайкхина, дийхира кӀант ша волчу дӀавига аьлла. 1958 шеран июлехь Анторянан да кеманахь веина дӀавигира Роберт шеца Кустанай. Ишкол чекхйаьккхина, Анторян сихха ловза волавелира коьртачу командин йукъахь меттигерачу «Динамохь». 1959 шеран аьхка Кунаевн гергарниг дехьаваьккхира Алма-Ата, цунна тӀаьххье вахара Анторянан да а. ЦӀавеина матчера Робертан стоьла тӀехь ахча а, билет а, йаздина кехат а карийра, дас кхойкхура цуьнга шеца Кхазакхстанан коьрта шахьре. Цул тӀаьхьа Анторян левзира «Кайратан» кечаман тобанехь, ткъа 1959 шеран сентябрехь Болотов Владимира кхайкхира цуьнга коьртачу команде. Анторянца баьхкира Горбов Владислав, Омаров Диас, кевнахо Водопьянов Олег. Оцу хенахь хууш дара, йуха шарахь «Кайратан» ССРС А классан лакхарчу лигехь дебют хир юй. «Кайратан» коьрта тренер Глебов Николай Алма-Ата веира Москохара, амма футболисташна хьалха авторитет сиха йаьккхира. Николай Яковлевича йоцучу хенахь тӀеман кийча коллектив кхоьллира. Ловзархой аренехь вовшех кхетара, вовшеннан кхачамбацарш дӀабохура.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан