Арсалиева Люба Лечин йоӀ (оьрс. Арсалиева Люба Лечиевна; 1979 шеран 10 октябрехь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР , ТӀехьа-Мартанан кӀошт, ТӀехьа-Марта) — нохчийн поэтесса[1], Российн Федерацин Йаздархойн бертан декъахо, Российн Федерацин Журналистийн бертан декъахо[2], «Соьлжа-ГӀала» телерадиокомпанин шеф-редактор[3]. Йаздо оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь.

Арсалиева Люба Лечин йоӀ
оьрс. Арсалиева Люба Лечиевна
ГӀуллакхан тайпа Поэтесса, журналист
Йина терахь 1979 шеран 10 октябрь({{padleft:1979|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:10|2|0}}) (45 шо)
Йина меттиг Нохч-ГӀалгӀайн АССР, ТӀехьа-Мартанан кӀоштара, ТӀехьа-Марта,
Гражданалла Российн байракх Росси
Да Леча

Любас дешна ТӀехьа-Мартанан № 2 йолчу йуккъера ишколехь, иза чекхйаьккхинчул тӀаьхьа деша хӀоьттира Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультете. Оццу хенахь дийшира Къона корреспондентийн ишколехь. Цул тӀаьхьа берашна оьрсийн мотт а, литература а хьийхира ТӀехьа-Мартанан № 7 йолчу йуккъера ишколехь[4].

Байташ йаздан йолаелира ишколехь дуьйна. Марзъелира синмехаллин хӀоттам исбаьхьа дӀакховдоран романтика. Йуьхьанца иза дара ийзалуш шен ойланаш кехатан тӀейахар. Коьртаниг йаздора мехкарийн лирикин могӀанаш шен чохь болу сингаттамах, сатийсамех, ойланех лаьцна. ТӀаьхь-тӀаьхьа оцу лаамо орамаш тесира, цунах доцуш цатерг хилира. Йуьхьанца Любина йаздинарг гайта иэхь хетара. Амма цунах къайле хилла дукха ца лаьттира. Байташ республикин газеташкахь, а журналашкахь а гучуевла йолаелира. Байташ зорбане яхийтира тамехь долу литературин-исбаьхьаллин журналашкахь, масала, «Орга», «Вайнах», «Нана». Масех байт араелира жамаӀатан гуламехь: «ЗӀийдигаш» а, «Седарчийн гулам»[4].

2008 шарахь Къилбаседа Кавказан къона йаздархойн дийцарий декъахо хилира. Ткъа 2009 шарахь Нохчийн литературин гӀоьнна фонда агӀора хиллачу республикин къовсамехь, толамхо хилира. Евразин йаздархойн бертан а, Москохан гӀалин кхолламан йаздархойн бертан совгӀатийн лауреат йу. СовгӀат дина М. Мамакаевн цӀарах «Дешин аьрзу» орденца а, А. Чеховн цӀарах мидалца а[4]. Л. Арсалиевас байташ йоцуш йазйо кхин проза а, ткъа кхин а гочдо нохчийн маттера оьрсийн матте. Байташ йазйо нохчийн а, оьрсийн а маттахь[4].

«Соьлжа-ГӀалин белхало» арахецаралло зорба тоьхна, Нохчийн маттахь болу хьалхарчу гуламехь «ЦӀархазмана аьлла доцуш…», йу поэзи а, проза а. Иза арабелилира Нохчийн Республикин арахьара зӀенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министраллин гӀоьнца, цунна йукъайахара поэзии а, проза (кегийра дицар) а[4].

Жайна чухоамца жима делахь а, амма цуьнан агӀонаш тӀехоьира 80 байт а, жима 4 дийцар. Ерриш уьш кӀоргера чулацам болуш, йешархочуьнга дахаран маьӀнех ойла йойтуш. Любин байтийн тематика доттагӀаллех, адамийн йукъаметтигех лаьцна йу. Шен байташкахь цуо бала хьоьгу, сагатдо, цабезам хуьлу, гӀайгӀане хуьлу, амма охьа ца таьӀа дахаран баланийн дозаллин. Царна чохь шортта гӀайгӀа бу, амма дог эшар дац. Шен ойланийн турпал санна, иза чӀогӀа натура ю[4]. Гуламехь хьалха йазйина йу байт «Даймохк»[4].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. В Москве состоялась презентация нового романа Канты Ибрагимова «Стигал». ChechnyaTODAY.com (06 апреля 2015г.). ТӀекхочу дата: 2021-3-15.
  2. В Чечне определены финалисты конкурса «Нохчийн мотт – сан дозалла». grozny-inform (2011 шеран 13 апрель). ТӀекхочу дата: 2021-3-15.
  3. В Центарое состоялся концерт ансамбля «Нохчо». телерадиокомпания «Грозный» (6 марта 2018). ТӀекхочу дата: 2021-3-15.
  4. Дехьа гӀо: 1 2 3 4 5 6 7 Без тебя все кажется туманным… Малика Абалаева - «Вести республики» №154 (1837) (2012 шеран 16 август). ТӀекхочу дата: 2021-3-15.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан