Аршинцев, Борис Никитович
Арши́нцев Бори́с Ники́тович[1] (1903 шеран 28 июлехь (10 августехь), Соьлжа-ГӀала — 1944 шерана 15 январехь, Керчан кӀошт) — советийн тӀеман баьчча, инарла-майор (1943 шеран 23 январехь). Советийн Союзан Турпалхо (1944 шеран 16 майхь).
Аршинцев, Борис Никитович | |
---|---|
Вина терахь | 1903 шеран 28 июль (10 август) |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Соьлжа-ГӀалин гуонан, Теркан область, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1944 шеран 15 январь (40 шо) |
Кхелхина меттиг | Керчь, ГӀирман АССР, РСФСР |
Пачхьалкх | ССРС |
Эскаран тайпа | ГӀашлой |
Дарж |
инарла-майор |
Куьйгалхо |
16-гӀа кхийсархойн бригада 30-гӀа кхийсархойн дивизи 55-гӀа гвардин кхийсархойн дивизи 11-гӀа гвардин кхийсархойн корпус |
ТӀемаш |
Хасанан тӀемаш (1938) Халхин-Голера тӀемаш Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом |
СовгӀаташ |
Йуьхьанцара биографи
бӀаьра нисйанАршинцев Борис Никитович вина 1903 шеран 28 июлехь (10 августехь), Соьлжа-ГӀалахь дечиг-пхьеран доьзалехь.
ТӀеман гӀуллакх
бӀаьра нисйанТӀемал хьалхара хан
бӀаьра нисйан1920 шеран августехь кхайкхира БАЦӀЭ могӀаршка. 1920 шарахь дуьйна РКП(б) декъашхо. 1922 шеран мартехь чекхъехира 12-гӀа БуритӀен гӀашлойн курсаш. 1922 шеран майхь дуьйна гӀуллакхехь вара 1-чу Петарбухан полкехь БГӀД а, 1-чу Петарбухан ша йолчу ротан БГӀД взводан баьчча даржехь. 1923 шарахь йуха чекхъехира башха гӀуллакхийн дакъойн (БГӀД) баьччийн курсаш, 1923 шеран декабрехь хӀоттийра взводан а, пулемётийн командан а баьччан дарже 522-гӀа БГӀД БуритӀен полкехь. 1922 шарахь дакъа лецира Къилбаседа Кавказан герзашца болчу кхолламашна дуьхьала долчу тӀемашкахь.
1925 шарахь йуха а чекхдаьккхира БуритӀен гӀашлойн ишколан дакъа, 1925 шеран июлехь хӀоттийра 28-гӀа кхийсархойн Ломан ЦӀиенбайракхан дивизин 82-гӀа кхийсархойн полкан взводан баьчча дарже. 1925 шеран октябрехь дуьйна гӀуллакхехь вара БуритӀен гӀашлойн ишколехь — взводан баьчча, ткъа цул тӀаьхьа — курсан баьчча. 1929 шарахь дакъалецира Нохчийчуьра антисоветийн гӀаттам охьатаӀош.
1929 шеран декабрехь Аршинцев хӀоттийра Минскера БССР ЦКХК цӀарах йолчу Цхьаьнатоьхна тӀеман ишколан курсан баьччан дарже. 1930 шеран июлехь дуьйна, тӀехьа-хьалха хӀоттийра ротан баьчча, батальонан баьччан гӀоьнча, полкаш ишколан хьаькам, 109-гӀа кхийсархойн полкан батальонан (Белорусийн тӀеман гуонанн 37-гӀа кхийсархойн дивизи) баьчча даржашка. 1934 шеран январера 1935 шеран апрель кхаччалц гӀуллакхехь вара оцу дивизин штабан 1-чу декъан хьакаман гӀоьнча даржехь. Цул тӀаьхьа хьажийра академи деша.
1938 шарахь чекхйаьккхира Фрунзе М. В. цӀарах йолу БАЦӀЭн ТӀеман академи, оцу шеран сентябрехь хӀоттийра штабан 1-ра (оперативан) декъан хьаькам дарже, ткъа 1939 шеран июлехь — 1-ра Ша долу ЦӀиенбайракхан эскаран 39-гӀа кхийсархойн корпусан штабан хьаькам дарже.
Дакъалецира Хасан Ӏоман гергарчу тӀемашкахь 1938 шарахь, Халхин-Гол эрк тӀаьхь 1939 шарахь.
1940 шеран ноябрехь Аршинцев Борис Никитович хӀоттийра йукъара тактикан кафедран хьехархо дарже, ткъа 1941 шеран майхь — Фрунзе М. В. цӀарах йолу БАЦӀЭн тӀеман академин штабийн гӀуллакхийн кафедран хьехархо дарже.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом
бӀаьра нисйан1941 шеран июлехь хӀоттийра 211-гӀа кхийсархойн дивизин (Москохан тӀеман гуонан) штабан хьаькман дарже. Сентябрехь дивизи йукъатуьйхира 43-гӀа эскаран (Резерван фронт), иза чӀагӀъелира Десна эрк тӀехь, Ельня гӀалин къилбехьа, цигахь дакъалецира Смоленскан тӀом болуш, Вязьман а, Можайскан-Малоярославецан операцешкахь, кхин а Москохан бухахь контртӀелатарехь.
1941 шеран 16 декабрехь Аршинцев хӀоттийра 56-гӀа эскаран (Къилбан фронт) оперативан тобан штабан хьаькам дарже, цигахь дакъалецира Ростовн тӀелатаран операцехь. 1942 шеран 24 мартехь — Таганроган кӀоштахь чӀагӀделла, оцу эскаран 16-гӀа кхийсархойн бригадан баьчча, ткъа 1942 шеран 14 июнехь — оцу эскаран 30-гӀа кхийсархойн дивизи баьччан дарже. Кавказ къовсу тӀамехь Аршинцевн баьччаллин дивизис дакъалецира Армавиран-Майкопан а, Туапсен а лардаран операцешкахь, оцу хенахь дивизис, лаьцна ах гуо а болуш, ларйира Краснодар, йитира иза омар деллачул тӀаьхьа 1942 шеран 12 августехь. 1942 шеран ноябрехь баьччалло дивизин салташа а, эпсарша а масалла долуш, тӀедиллинарг сийлаллийца, майраллийца чекхдаккхарна гвардин цӀе а йелла, цунах йира 55-гӀа гвардин кхийсархойн дивизи. Дивизис дӀакъалецира Къилбаседа Кавказ мукъа йоккхуш, тӀелеташ Горячи Ключна, Калужски а, Новодмитриевскин а гӀаланашна, цара мукъайаьккхира Краснодар. 1943 шеран сентябрехь а, октябрехь а дивизис дакъалецира Новороссийскан-Таманан тӀелатаран операцехь. 55-гӀа гвардин Иркутскан Ленинан орденан кхузза ЦӀиен байракхан Суворовн 2-гӀа тӀегӀан орденан кхийсархойн РСФСР Лакхарчу Советан цӀарахчу дивизин (11-гӀа гвардин кхийсархойн корпус, Ша йолу Приморскан эскар) баьчча гвардин инарла-майор Аршинцев Б. Н. башха къаьстира Керчан-Эльтигенан десантан операцехь. 55-гӀа гвардин кхийсархойн дивизи цуьнан баьччаллехь 1943 шеран 3 ноябрехь Азовн тӀеман флотилин кеманаш а, катераш а тӀехь, шторман хенан-хӀоттам болуш, дехьаелира Керчан хидоькъел, Опасни эвлан кӀоштахь дӀалецира плацдарм. Хьалххарчу буса аьтту белира плацдарм 2 километр гергга кӀорга ян, тӀаьхьарчу деношкахь дивизис мукъа ехира эвланаш Капканы, Опасни, Еникале (хӀинца Керчан йукъахь йу), кхин а чуйахара мостагӀчун чӀагӀонашна 12 километр кӀорге. Оцу дозанашкахь дивизи чӀагӀъелира, масийттаза йухатуьйхира дӀалаьцна Керчан плацдарм дӀайаккха гӀерта мостагӀчун тӀелатар. Оцу тӀемашкахь боккха иэшам хилира 98-гӀа немцойн гӀашлойн а, 3-гӀа румынин ломан гӀашлойн а дивизешна. МостагӀчу зие: вийна 1800 салтий а, эпсар а, йохийна 7 танк, 8 йоккха топ, 6 миномёт, схьайаьккхина 7 йоккха топ, 4 миномёт, 2 бердан прожектор, дукха тӀеман бахам. И операци бахьнехь 1943 шеран 25 ноябрехь инарла Аршинцев кховдийра Советийн Союзан Турпалхо цӀе йаларе.
ССРС Лакхара Советан президиуман 1944 шеран 16 майн омарца эскарна говза куьйгалла дарна, цу тӀе Керчан хидоькъел дехьаволуш доьналла гайтарна, гвардин инарла-майоран Аршинцев Борис Никитовична йелла Советийн Союзан Турпалхо цӀе.
1943 шеран 14 декабрехь Аршинцев Борис Никитович хӀоттийра 11-гӀа гвардин кхийсархойн корпусан (Ша йолу Приморски эскар) баьччан дарже. 1944 шеран январехь корпус шозза гӀоьртира керчан плацдарм шорйина, Керчь мукъаяккха. Иштта йолу шолгӀа операци йира 1944 шеран 9 - 21 январехь, корпус тӀелетира, Тархан меран тӀе десант йоссош. ТӀемаш чӀогӀа луьра дара, мостагӀ дӀататтавелира масех километр дукха шайна иэшамбарца. Оцу операцехь 1944 шеран 15 январехь инарла-майор Аршинцев Борис Никитович кхелхира 115,5 локхаллин барз тӀехь Бондаренково эвлан гергахь Керчан къилбаседехьа, мостагӀчун хӀоъ нисса тергойаран пунктан блиндаж чукхетта. ДӀавоьллира Керчан ахгӀайрен тӀиера Маяк эвлахь советийн тӀемлойн йукъара каш чохь[2]. ТӀом чекхбаьлча йухадӀавоьллира Керчера Мирошникан урамера ТӀемлойн мемориалан кешнашка[3].
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- «Дешийн Седа» мидал (16.05.1944, веллачул тӀаьхьа)
- Ленинан орден (16.05.1944, веллачул тӀаьхьа)
- Шина ЦӀен Байракхан орденца (13.12.1942, 18.09.1943)
- Суворовн II тӀегӀанера орден (8.02.1943)
- Даймехкан тӀеман I тӀегӀанера орден (3.08.1943)
- «Белхалойн-Ахархойн ЦӀиен Эскар XX шо кхачарна» юбилейн мидал (1938)
Иэс
бӀаьра нисйан- Кхелхинчу меттигехь, ГӀирман Республикин Ленинан кӀоштара Бондаренково эвлан гергахь хӀоттийна хӀоллам[4].
- Керчехь Аршинцев Б. Н. сийнна иэс хӀоттийна, микрокӀоштан, чӀераконсервийн заводан, № 14 йолу ишколан, клубан цӀераш техкина.
- Соьлжа-ГӀалахь цуьнан цӀарах урам а, № 15 ишкол а йу, Краснодарехь — урам, ткъа кхин а ХӀордан Флотан министраллин маьӀданаш лело кема а, танкер а.
- Советийн Союзан Турпалхо Аршинцев Б. Н. дӀаэцна Камышбурунан эчиган маьӀданийн комбинатан сийлахь белхалойн испискашна йукъа.
- 2010 шеран 8 майхь Соьлжа-ГӀалахь дӀайиллина мемориалан комплекс «Сийлаллин Аллей», Турпалхочун сийнна цигахь хӀоттийна барельеф а, иэсан у а.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Отчество Никитович приводится в официальных документах и других авторитетных источниках, однако отчества от русских имен на -а с морфом -овыч (Никитович, Саввович) противоречат литературной норме. В данном случае, отчество, соответствующее правилам грамматики русского языка, Никитич. См. «Русская грамматика. Существительные, мотивированные существительными»; § 336. [1](Хьаьжина 10 февралехь 2010)
- ↑ Именной список безвозвратных потерь офицерского состава 11 гвардейского стрелкового корпуса с 10 по 20 января 1944 года // ОБД «Память народа»
- ↑ Информация на сайте «Памятники Крыма» Архивйина 2019-11-16 — Wayback Machine.
- ↑ Фото и описание обелиска.
Литература
бӀаьра нисйан- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Коллектив авторов. Великая Отечественная: Комкоры. Военный биографический словарь / Под общей редакцией М. Г. Вожакина. — М.; Жуковский: Кучково поле, 2006. — Т. 1. — С. 53—54. — ISBN 5-901679-08-3.
- Коллектив авторов. Великая Отечественная: Комдивы. Военный биографический словарь / Ред. колл.: Н. Б. Акбердин, И. И. Басик, С. А. Боцвин, н. И. Никифоров, И. А. Пермяков, М. В. Смыслов. — М.: «Кучково поле». МО РФ, Главное управление кадров, ГУ по работе с личным составом, Институт военной истории Военной Академии Генштаба. Центральный архив., 2014. — Т. III. Командиры стрелковых, горнострелковых дивизий, крымских, полярных, петрозаводских дивизий, дивизий ребольского направления, истребительных дивизий. — С. 125—127. — 1000 экз. — ISBN 978-5-9950-0382-3, УДК 94, ББК 63.3(3)722.78.
- Герои битвы за Кавказ. / Под общ. ред. ген. армии И. В. Тюленева. — Цхинвали: Ирыстон, 1975. — 543 с.
- Герои боев за Крым. — Симферополь: Таврия, 1972. — 287 с.
- Золотые Звезды Чечено-Ингушетии. — 3-е изд., доп. — Грозный: Чеч.-Инг. кн. изд-во, 1985. — 327 с.