Асатиани, Кахи Шалвович
Асатиа́ни Ка́хи Ша́лвович (гуьрж. კახი შალვას ძე ასათიანი; 1947 шеран 1 январь, Телави, Гуьржийн ССР, ССРС — 2002 шеран 20 ноябрь, Тиблиси, Гуьржийчоь) — советийн футболист, ахтурсло, тренер. ССРС спортан говзанча (1967). Гуьржийн ССР хьакъ долу тренер (1978).
Файл:Кахи Асатиани.jpg | |||||||||||||||||||
Йукъара хаамаш | |||||||||||||||||||
Йуьззина цӀе | Асатиани Кахи Шалвович | ||||||||||||||||||
Вина терахь | 1947 шеран 1 январь | ||||||||||||||||||
Вина меттиг | Телави, Гуьржийн ССР, ССРС | ||||||||||||||||||
Кхелхина терахь | 2002 шеран 20 ноябрь (55 шо) | ||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Тиблиси, Гуьржийчоь | ||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() |
||||||||||||||||||
Локхалла | 186 см | ||||||||||||||||||
Позици | ахтурсло | ||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||
|
Дуьненахь дуьххьара можа карточка гайтина ловзархо — дуьненан чемпионатехь-1970 Мексика — ССРС матчехь[1][2].
БиографиНисйе
Ловза волавелла 1959 шарахь Тиблисера 35-гӀа башха ишколехь. 1962—1964 — «Динамо» (Тиблиси) жимахойн командехь.
18 шо кхаьчначу хенахь дуьйна ловзуш вара Гуьржийчоьнан коьртачу клубехь — «Динамо» (Тиблиси) йукъахь. Дехачу шерашкахь лаьттина командин коьртачу ловзархойх цхьаъ. 1968—1972 шерашкахь кхойкхура ССРС гулйина команде. Йоккхачу футболера ловзар дитира 28 шо долуш — 1973 шарахь ССРС чемпионатехь ереванан «Араратца» хиллачу матчехь чӀогӀа лазийначул тӀаьхьа метта ца хӀоттавелира.
1973 шарахь чекхйаьккхира Гуьржийн йуьртабахаман институт. 1978—1982 шерашкахь хьаькаман болх бира «Динамо» (Тиблиси) клубехь, ткъа 1987 (август кхаччалц) — вара коьрта тренер. 1983—1986, 1987 (сентябрехь дуьйна) — 1989 — республикин «Динамо» кхеташонан председателан гӀовс. 1990 (октябрь кхаччалц) — Гуьржийчоьнан футболан ветеранийн союзан председатель. 1990 шеран декабрера 2000 шеран сентябрь кхаччалц — Гуьржийчоьнан спортан департаментан председатель.
Дахаран тӀаьхьарчу шарахь иза вара «Аирзена — Гуьржийн авиаасанаш» авиакомпанин вице-президент[3].
2002 шеран 20 ноябрехь Асатиани Кахин герз туьйхира Тиблисехь шен машенан чохь[4][5][6] Барновн урамехь[7][8] шен цӀийнан тӀевогӀучехь[9]. Таллам сихха билгалдаккха болабелира, футболист вер дика кечдина а дара, мехах вейтина а ву бохуш[10].
КхиамашНисйе
- ССРС чемпионатан борзанан совгӀатхо: 1967, 1969, 1971, 1972
- Уггаре дика 33 испискаш хилла 3-зза: 1967 шо — № 3, 1969 шо — № 1, 1970 шо — № 3.
- ССРС гулйина командехь левзина 16 матч, чутоьхна 5 гол (1968—1972).
- 1968 шеран Европин чемпионатан а, 1970 шеран дуьненан чемпионатан декъахо.
ДоьзалНисйе
Зуда Луиза Таварткиладзе. Духаран дизайнеран Макин йоӀ[11].
БилгалдахаршНисйе
- ↑ Евгений Ловчев: «На самом-то деле моя жёлтая карточка на ЧМ-1970 — только третья по документам ФИФА»
- ↑ Как светофор повлиял на историю футбола
- ↑ Кахи Асатиани — человек, который ничего и никого не боялся
- ↑ Убийство Асатиани возмутило Шеварднадзе
- ↑ В Тиблиси застрелен бывший футболист сборной ССРС Кахи Асатиани
- ↑ Убийства на футбольной почве
- ↑ Кто, где, как и почему убил их?!
- ↑ Спортсмены требуют порядка в стране
- ↑ Чисто футбольное убийство
- ↑ Убийство известного футболиста Кахи Асатиани связано с авиационным бизнесом
- ↑ 25 % акций «Маэстро» получила Мака Асатиани Архивйина 2014-02-01 — Wayback Machine
ХьажоргашНисйе
- Кахи Асатиани • Профиль на сайте allfutbolist.ru
- Кахи Асатиани • Профиль на сайте eu-football.info
- Кахи Асатиани • Профиль на сайте fcdinamo.ge
- Кахи Асатиани • Профиль на сайте fifa.com Архивйина 2018-05-18 — Wayback Machine
- Кахи Асатиани • Профиль на сайте footballdatabase.eu
- Кахи Асатиани • Профиль на сайте footballfacts.ru
- Кахи Асатиани • Профиль на сайте national-football-teams.com
- Кахи Асатиани • Профиль на сайте protokoly-khromtsev.narod.ru
- Кахи Асатиани • Профиль на сайте rusteam.permian.ru
- Кахи Асатиани • Статьи на сайте sovsport.ru
- Кахи Асатиани • Статьи на сайте sport-express.ru
ХӀара ССРС футболистех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |