Ахмадов, Мохьмад Ӏийсан воӀ

ХӀокху версин 5 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2020, 30 август).

Ахма́дов Мо́хьмад Ӏи́йсан воӀ (вина 1972 шеран 17 апрелехь, ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Шелахь) — нохчийн российн политик, Федерацин Кхеташонан декъахо (2019 шарахь дуьйна), Нохчийн Республикин Къинхьегаман а, социалан кхиоран а министр (2008-2017 шерашкахь).

Ахмадов Мохьмад Ӏийсан воӀ
Ахмадов Мохьмад Ӏийсан воӀ
РФ Федералан Гуламан Федерацин Кхеташонан декъахоРФ ФГ ФКх Нохчийн Республикин пачхьалкхан Ӏедалан законаш кхолларан (векалийн) меженийн векал
Хьалха хилларг Сабсаби Зияд
Нохчийн Республикин Къинхьегаман а, социалан кхиоран а министр
 — 2017
Хьалха хилларг Дикаев Ахьмад
Когаметтаниг Баширов Ӏусман Цокин воӀ
Вина терахь 1972 шеран 17 апрель({{padleft:1972|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (52 шо)
Вина меттиг ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Шела,
Парти Йукъара Росси
Дешар
СовгӀаташ
орден Почёта
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Вина 1972 шеран 17 апрелехь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Шела эвлахь[1].

1991—1992 шерашкахь бухгалтер болх бира «Синтем-У» кооперативехь, ткъа 1993 - 1998 шерашкахь циггахь коьрта бухгалтер вара. 1992—1993 шерашкахь налогин инспекторан болх бира Соьлжа-ГӀалахь. 1998 - 2000 шерашкахь коьртехь вара Соьлжа-ГӀалин Ширапромыслин кӀоштан налогин урхаллин.

1995 шарахь чекйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институт «йукъаратехникин дисциплинаш а, къинхьегам а» говзаллийца, 2000 - 2007 шерашкахь хьехна Нохчийн пачхьалкхан университетан финансийн-экономикин факультетехь. 2002 шарахь чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан университет «финансаш а, кредит а» говзаллийца. Экономикин Ӏилманийн кандидат. 2007—2008 шерашкахь Нохчийн Республикийн Федералан поштан зӀенан урхаллин коьртехь вара[2].

2008—2017 шерашкахь Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттиган а, социалан кхиоран министран даржехь вара[3].

2016 шарахь Нохчийн Республикин Парламенте хенал хьалха хиллачу харжамашка, Ахмадовн кандидатура йукъатеттира «Йукъара Росси» партис[1].

2019 шеран 20 ноябрехь Федерацин Кхеташоно къобал йира Ахмадов Мохьмадан кандидатура, цунах хилира Федерацин Кхеташонан керла декъахо — Нохчийн Республикин законашкхолларан Ӏедалан векал[4].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Ахмадов Мохмад Исаевич. panlog.com. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 20 ноябрь.
  2. Парламент Чечни в Совете Федерации представит экс-министр труда республики Мохмад Ахмадов. Это Кавказ (2019 шеран 20 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 20 ноябрь.
  3. Кадыров представил нового члена Совфеда от Чечни. ИА REGNUM (2019 шеран 20 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 20 ноябрь.
  4. Парламент Чечни в Совфеде представит бывший министр труда республики Мохмад Ахмадов. ТАСС (2019 шеран 20 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 20 ноябрь.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан