Шела
Шела — Нохчийчоьнан гӀала, Шелан кӀоштан административан центр. Бахархойн дукхалла ↗55 076[1] эзар стаг (2020 шо).
ГӀала | |
Шела | |
---|---|
![]() | |
43°09′ къ. ш. 45°54′ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх |
![]() |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Шелан |
Истори а, географи а | |
Майда |
|
Центран локхалла | 225 м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | ↗55 076[1] стаг (2020) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий |
Динан хӀоттам | бусулбанаш |
Официалан мотт | Нохчийн мотт, оьрсийн мотт |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7 87146 |
Поштан индекс | 366300 |
ОКАТО | 96237501 |
meriyashali.ru | |
Картин тӀехь | |

Географи Нисйе
Лаьтташ йу Нохчийн аренан къилба декъехь, Басс хи доьду чохь[2]. Шелан къилба агlор Эгlашта lуьлу, къилба-седа агlонехь Гермчига йу, малхбуза агlонехь Белгlата а, Жима Атагlа lуьлу, малхбале агlонахь Эвтара йу.
Истори Нисйе
Шела йиллина эрсеной тайпа шина вешо Идарз а, Окша а[3].
Шела йиллина 14 бӀешаран чеккхехь, Тамерланан эскар дӀадаханчу хенахь а Нохчийчура Дагестанан феодалийн Дашо Ордан хӀоттийнарш ара баьхча. Шела йиллина терахь 14 бӀешаран чеккхе лоруш елахь а (1378 я 1384 шо), делахь а монголаш тӀеккхетале а цул тӀехьа Тамерлан тӀеккхетале а кхузахь гӀала хилла, иза гергарчу хьесапехь йиллина вайн эра тӀеяле I бӀешарахь вуьшта аьлча 2100 шо хьалха, гӀала йиллинарш бу Нашхара схьабевлла нах.
XIX бӀешарахь Шела Йоккхачу Нохчийчоьнан юккъера а лараме йоккха гӀала хилла, цуна 9-эзар бахархой хилла. Иза юккъехь хилар бахьнехь тӀом болучу хенахь Имам Шемалан эскар гуллуш хилла Шелахь вуьшта аьлча Российн тӀекхетта йохуьтуш йолу массо а яккхий партеш гуллуш хилла гӀалахь, цул совнаха кхузахь гулла белла Йоккха а Жима а Нохчийчура нохчий.
1825 шарахь Бейбулат коьртехь а волуш меттахъхьеран йукъ яра Шела. Шамиль гучуваьлча Шела цхьана хана йолу резиденци яра. 1850 дуьйна Козловский, Викентий Михайловичан тобано Шелан уллера луьста хьун юккъехула Шелан ворданан некъ беланчу хенахь а, 1858 шо кхачале а — массо а Нохчийчохь хуьлуш болу тӀеман эскарш мадарра аьлча Шелан уллехь тӀегулуш хилла.
23 февралехь 1944 шарахь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, ишта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Междуречье аьлла хийцина.
1994-96 шарашкахь хилла тӀамо гӀалин тӀех дукха зенаш дина. ТӀом болучу хенахь дукху адамаш дайина. дохина цӀенош, йохийна индустри, транспорт, зӀе, агропромышленни комплекс.
Нохчийн Республикехь тӀом чеккхбаьллачул тӀехьа лараме а, политикийн а хиламаш хилла, ЧР конституци тӀеоьцуш референдум йина. Ахмат Кадыров Нохчийн Республикин президент хаьржина, дӀадоладелла тӀом машаре дӀаберзор, экономика хьалайаьлла, социалан дахаран хийцамаш хилла.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
-
Маьждиг
-
Шела
-
Бевзаш болу гӀалара нах Нисйе
- Абдурахманов, Канти (1916 шо — 2000 шаран 28 март) — Совет Эскаран старшина, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Российн Федерацин Турпал;
- Магомадов, Вахит Гараевич (1967 шаран 20 сентябрь) — нохчийн боксёр, СССР кегирхойн йукъахь чемпион, СССР Кубок яккхинарг;
- Муслиева, Тамара Магомедовна (1937 шаран 17 январь) — Социалистически Къинхьегаман Турпалхо;
- Садаев, Умар Абдулаевич (1960 шо — 1992 шаран 18 июль) — нохчийн футболист, Соьлжа-ГӀалара «Терек» тобанан ловзархо.
- Ибрагимов, Хамзат Исмаилович
- Пасхаев, Бувайсар Алуевич (1991 шаран 29 январь) — нохчийн кикбоксёр, шозза Российн чемпион, Российн Кубок яккхинарг, Европин чемпион, дуьненан Кубкан совгӀатхо, профессионалашна йукъахь дуьненан чемпион;
- Садаев, Заур Умарович
- Садулаев, Герман Умаралиевич (1973) — йаздархо;
- Хаджиев, Саламбек Наибович — бизнесмен, политик, нефтехимик, декъашхо-корреспондент РАН.
ДоттагӀий-гӀаланаш Нисйе
Бахархой Нисйе
Бахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
1939[4] | 1959[5] | 1970[6] | 1979[7] | 1989[8] | 1992[9] | 1996[9] |
10 575 | ↗11 911 | ↗18 636 | ↗21 894 | ↗24 985 | ↗26 800 | ↘24 000 |
2002[10] | 2003[9] | 2005[9] | 2006[9] | 2007[9] | 2008[9] | 2009[11] |
↗40 356 | ↗40 400 | ↗42 100 | ↗43 500 | ↗44 300 | ↘44 200 | ↗45 161 |
2010[12] | 2011[13] | 2012[14] | 2013[15] | 2014[16] | 2015[17] | 2016[18] |
↗47 708 | ↘47 700 | ↗49 026 | ↗49 967 | ↗50 412 | ↗51 268 | ↗52 234 |
2017[19] | 2018[20] | 2019[21] | 2020[1] | |||
↗53 016 | ↗53 807 | ↗54 168 | ↗55 076 |
- Къаьмнийн хӀоттам
Халкъ | Дукхалла, стаг. |
Берриге бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
нохчий | 43 018 | 90,17 % |
оьрсий | 2 578 | 5,40 % |
гӀумкий | 362 | 0,76 % |
суьйлий | 279 | 0,58 % |
кхазакхаш | 214 | 0,45 % |
табасаранаш | 202 | 0,42 % |
кхиберш | 1 015 | 2,13 % |
шаш билгал ца бинарш | 40 | 0,08 % |
массо | 47 708 | 100,00 % |
Билгалдахарш Нисйе
- ↑ 1 2 3 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 24 апрелехь. Теллина 2020 шеран 24 апрелехь.
- ↑ http://www.etomesto.ru/map-genshtab_k-38/
- ↑ Имранов И. Шали краткий исторический очерк // Зама. — Грозный, 2007. — июля 9 (№ 56-57).
- ↑ Кеп:Население/1939AI
- ↑ Всесоюзная перепись населения 1959 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу
- ↑ Всесоюзная перепись населения 1970 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населенных пунктов - районных центров по полу. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 14 октябрехь. Теллина 2013 шеран 14 октябрехь.
- ↑ Всесоюзная перепись населения 1979 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 29 декабрехь. Теллина 2013 шеран 29 декабрехь.
- ↑ Всесоюзная перепись населения 1989 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 20 ноябрехь.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 Народная энциклопедия «Мой город». Шали
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 февралехь.
- ↑ Численность постоянного населения Российской Федерации по городам, посёлкам городского типа и районам на 1 января 2009 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 январехь. Теллина 2014 шеран 2 январехь.
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
- ↑ Число городских населенных пунктов Чеченской Республики на 1 января 2011 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 11 майхь. Теллина 2016 шеран 11 майхь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года (оьр.). Теллина 2019 шеран 31 июлехь.
Литература Нисйе
- Гарсаев Л.М. Из истории возникновения города Шали. Археология и история юга России. Материалы Всероссийской научно-практической конференции,посвященной 75-летию доктора исторических наук,профессора Мусы Хароновича Багаеваг. Грозный, 16 ноября 2016 года. — Грозный, 2017. — ISBN 978-5-91127-231-9.