Ахтаха́нов Русла́н Абу́евич (1953 шеран 14 март — 2011 шеран 15 ноябрь) — нохчийн поэт, Российн йаздархой бертан декъашхо, Артём Боровик цӀарах долу совгӀатан лауреат, Вайн хенан гуманитаран академин проректор.

Ахтаханов Руслан Абуевич
ГӀуллакхан тайпа поэт
Вина меттиг
Кхелхина меттиг

Руслан Ахтаханов вина 1953 шеран 14 мартехь ЧӀулга-Йуьртахь. Цо чекхйаьккхира Москохан кхачанан институт.

ЦӀа веанчул тӀехь цо болх бира кхачанан комбинатехь. Кхоно оцу комбинатан директор хилира иза. ПаргӀата волучу хенахь цо байташ йазйора.

1990-гӀа шарашкахь Ахтахановс кхоьллира Москох шен кхачанан тӀетухургаш а, диабет цомгуш чарна оьшуш йолу хӀумнаш арахоьцуш фирма.

Цо кхоьллира Демократин хьалхатаӀаме парти. Оцу партис вовшахтуьхира лааме, дуьненан демократин пачхьалкх йа лууш болу нохчийн йукъараллин гӀуллакхой. Доку Завгаев дарже кхаьчча парти оппозици йелира. Аслан Масхадов ДПП цхьаболу гӀуллакхойн правительствехь цхьацца меттигаш йелира.

Экономикин хаттарашна консультациш лору Джохар Дудаевна а, Аслан Масхадовна а. Латвехь Дудаеван махбаран векал вара.

Лачкъа а вина 47 де зинданехь деккхира цо. Лачкъин чул тӀехь поэзин алсама хан яйа волавелира иза.

2009 шарахь цунна делира Артём Боровик цӀе йолу хӀора шеран луш йолу премин лерина совгӀат «За твердую интернационалистскую позицию в жизни и творчестве». И совгӀат делира цуьна байтам гуламех «Горжусь Чечней, героев подаривших миру».

Руслан вевзаш вара Нохчийн Республика Российн йукъахь йисарна хила лууш хиларна. Цундела сепаратисташ цунна чӀогӀа реза бацар.

Вина 2011 шеран 15 ноябрехь буьйсанна йуккъехь масийттуза тапча тоьхна.

Цуьна бисина кхо йоӀ а, цхьа кӀант а.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан