Зия́ (Зияуди́) Юсу́пович Бажа́ев (1960 шеран 11 июль, ТӀехьа-Марта, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, СССР — 2000 шеран 9 март, Химки, Москохан область, Росси) — нохчийн бизнесмен, «Альянс» компани кхоьллинарг.

Бажаев Зия Юсупович
ГӀуллакхан тайпа бизнесмен
Вина терахь 1960 шеран 11 июль({{padleft:1960|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:11|2|0}})
Вина меттиг ТӀехьа-Марта, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 2000 шеран 9 март({{padleft:2000|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) (39 шо)
Кхелхина меттиг Химки, Москохан область, Росси
Корматалла Предприниматель
Гражданалла  ССРС Росси

Биографи нисйе бӀаьра

Иза винера 1960 шарахь Хьалха-МартантӀехь. 1976 шарахь цо чекхйаьккхира Хьалха-МартантӀера йуккъера школа № 1. 1981 шарахь чекхйаьккхира Краснодаран Политехнически институт инженер-технологан говзаллица. Техникин Ӏилманийн кандидат.

19881991 шерашкахь иза вара Краснодаран а, Соьлжа-ГӀалин а биохимин заводашкахь болх беш. 19921995 шерашкахь иза вара Швейцарехь дӀайазйина йолу LIA OIL маьхкадетта духку компанин президент. 1995 шарахь иза хилира Нохчийчоьхь мехкдаьтта доккху ФГУП «Южная нефтяная компания» (ЮНКО) куьйгалхо. Амма 1996 шарахь иза балхара дӀавеккхира. Кеста Нохчийчохь сепаратисташ Ӏедал деккхинчул тӀаьхьа оцу компанин болх сецира. 1996 шо дуьйна Зия Бажаев вара «Сиданко» компанехь болх беш. 1997 шо дуйьна 1998 шо кхаччалц иза вара оцу компанин куьйгалхо. И фирма йитинчултӀехьа цо кхоьллира шен фирма «Альянс». Оцу фирман йукъайахара хьалха «Сиданко» долахь хилла йолу Хабаровскан НПЗ. Кхиъ цхьа шо даьлча «Альянсас» шен дола йаьккхира Украинехь йолу Херсонан НПЗ.

19981999 шерашкахь Бажаев вара «Роснефтин» кризисан дуьхьала программа а, Евгений Примаков Российн премьер-министр волчу хенахь неха ойла тӀейирзина йолу Российн мехкдаьттан компанин проект а.

Иза велира 2000 шеран 9 мартехь Артём Боровикца цхьана кемантӀехь. Иза веллачултӀаьхьа «Альянс» компанин куьйглахо хилира цуьнан жимахволу ваша[1].

2007 шарахь компанин долара йелира Херсонан НПЗ. 2008 шарахь оцу компанин активаш Россиехь мехкдаьтта доккхуш йолу Швецин компанин West Siberian Resources активашца вовшахтуьхуьра.

Цуьнан гӀонца Топа Элимбаевс кхоьллира берийн хелхаран ансамбль «Зия».

Доьзалла нисйе бӀаьра

Цуьна кхо бера дисна.

Виццавар нисйе бӀаьра

  • Цо ша валлац гӀо деш хилла берийн хелхаран ансамблин иза веллачул тӀаьхьа цуьнан цӀе тиллира[2].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра