Байса (орамат)
Байса (лат. Gratīola officinālis) — бецан орамат; Норичникан доьзалера Байса кепара орамат. Шуьйра йаьржина Евразехь а, Къилбаседа Америкехь а. Шеца дӀевшан хьал долун дера леладо халкъан медицинехь.
Байса (орамат) | |||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| |||||||||||||||||||
Ӏилманан классификаци | |||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе | |||||||||||||||||||
Gratiola officinalis L., 1753 | |||||||||||||||||||
Синонимаш | |||||||||||||||||||
Ларйен статус | |||||||||||||||||||
|
Байсан биологех лаьцна
бӀаьра нисйанБайса — масех шеран бецан орамат ю, локхалла 15—60 см текхаш чолхе орамца. Орам тӀехула боьра пелагаш (редукци йина гӀашца).
ГӀодмаш нийса лаьтта, деса йа гаьннаш долуш, лакхарчу декъехь деакӀуо. ГӀаш дуьхь-дуьхьал, хевшина йа ахгӀадлоцуш, ланцетан я шуьйраланцетан, 6 см гергга деха а, 1,5 см шуьйра а, ира, лакхарчу декъехь цергаш евлла я херх кепара, кхаа Ӏадкепара хьасанца, наггахь эчиг-тӀадамаш болуш.
Зезагаш лаьтта цхьалха гӀан четехь. Зезаган когаш дуткъа ду, йеха шиъ зезаган хьалхе йу кедалган бух тӀехь. Кедалган гӀаш а, зезаган хьалхе а, гӀаш санна, наггахь эчиган тӀадамашца ду. Кедалг пхеадекъа ду, аса-ланцетан дакъошца, шозза — кхузза доца заза. Заза 2 см деха хуьлу, лакхахь шоръелла можа турба, ши балда долуш кач, кӀайчу наггахь шекъан басахь хьасанаш а болуш; лакхара балда хадийна ду, лахара — кхо жаз йолуш ду. Зазан турба лакхарчу декъехь а, жазан бух тӀехь а чоьхьа агӀора беха можо чоьш долуш ду. Дургал диъ: шиъ (хьалхара) доца, шиъ деха. Йизан лакхахь ши бен болу чӀениг йу. БӀогӀамалг цхьаъ, шен бохаллийца дикка дургалал беха бу, лахах сеттина бу. БӀогӀалган бух болчохь йу дургалан экъа. Дургал-цӀузам ши жаз йолуш ду. Лаьтта аьхке дӀайаллалц, июнера сентябрь кхаччалц.
ХӀу — хӀоакепара ира дуккхахӀушдолу боьра-мокха бот, йохаллехь кедалг-гӀа санна ду. ХӀуш шорта, кегийра, деха, кхоъ са болуш ала мегар ду, боьра я мокха, бойнан-хебаршка ихина, 0,8 мм гергга деха. 1000 хӀун дозаллин барам 0,05 г[1]. Плоды созревают, начиная с июля.
Экологи
бӀаьра нисйанКхуьу тӀуьна бай тӀехь, уьшал тӀехь, хин бердашца, иштта хаадала там бу тӀуьна гӀамарш тӀехь.
Ареал
бӀаьра нисйанОраматан ареал чӀогӀа шуьйра ю, дӀалоцу Евразин а, Къилбаседа Америкин а дукхах болу мохк.
Россехь кхуьу аренан зонехь а, европин декъан хьуьнан зонан къилба декъехь а, Къилбаседа Кавказехь а, Малхбузен Сибрехан къилбехь а; къилбаседан уллохьа кхуьу даккхий хишшан тогӀенаш чохь (Иртышан, Обан).
Бахамехь иэшар а, лелор а
бӀаьра нисйанОрамат дӀевше ду.
Ораматца ду гликозидаш: грациозид (грациолин) — къаьхьа дӀевше аморфан хӀума, грациотоксин. Цул сов, лаьттан тӀехуларчу декъехь ду алкалоидаш (0,2 %), сапонинаш, хьена даьтта, кхин а бетулинан, силу ден, Ӏежан мусталлаш.
Даьхьнаша дожийлаш тІехь байса йевза ца йуу, амма и орамат кхача тарло царна докъарца цхьаьна, тІаккха иза дІевше хуьлу дохнашна. Байсина чІогІа экама ю говраш.
Бецах дина боккха барам молха мелчи стаг бодво, Іийжадо хьеран мазин пардо а, чуьйраш а, Іаьттаво, эвнашца а, цІийца а чоьна до, ткъа иштта пхенаш а ийзадо, коллапс а йо. КІезиг барам мелчи баьццара бос дика го, ткъа дукха мелчи — ган а ца го спектран баьццара дакъа. Геннех даьккхина спирто экспериментехь дагана Іаткъам бо. Ораматан орамийн бу къаьсташ Іаттаваран а, чоьнадаран а, хьатІдаккхаран а Іаткъам[1].
Байсан буц лелайо халкъан медицинехь деган, доІахан, Іонжаран лазаршна, гоьта-лазарна, чуьйрийн атонина, цІано йохарна дарба лелош молуш, ткъа тІехула – цІуокан цамгаршна (кхарта), гирзна, генадаьлла даІна, цергаш яарна, пхенаш шордаларна, энийн цамгарна, ткъа кхин а чуокачъяран, хьатІдаккхаран, нІаьна барна дуьхьала гІирс.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Губанов И. А. и др. 1144. Gratiola officinalis L. — Авран лекарственный // Иллюстрированный определитель растений Средней России. В 3 т. — М.: Т-во науч. изд. КМК, Ин-т технолог. иссл., 2004. — Т. 3. Покрытосеменные (двудольные: раздельнолепестные). — С. 177. — ISBN 5-87317-163-7.
- Алексеев, Ю. Е. и др. Травянистые растения СССР: Справочник. — Т. 2. — М.: Мысль, 1971.
- Цвелёв, Н. Н. Семейство норичниковые (Scrophulariaceae) // Жизнь растений. — Т. 5, ч. 2. — М.: Просвещение, 1981.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Gratiola officinalis: «Плантариум» проектера таксонех хаамаш (ораматаш а, атлас тӀехь суьрташ долу кепаш а билгалйоккхург).