Балл (лат. Prúnus subg. Cérasus) — Ровзанаш (Rosaceae) бухара тайпанера Слива (Prunus) доьзалан ораматан тайпа.

Балл
Кхиина даьлла диттан йукъара кеп
Балл. Заз даьлла доккха диттан кеп
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Prunus subgen. Cerasus (Mill.) A.Gray, 1856
Секцеш
  • Cerasus
  • Laurocerasus

ЦӀеран историНисйе

Латинийн маттахь лат. viscum «олхазарийн хьаьхьамч» хуьлу.

Фарнакина а, Трапезундна а йуккъехь лаьтта жима Керасунда шахьар (желт. Κερασουντα)[1], гӀарайаьлла шен баьллашца. Нисса цигахь гина румхошна баьллаш, цара цӀе йелира царна «керасундан стоьмаш» аьлла, лат. cerasi. Кхузара схьадаьлла итал. ciliegia, фр. cerise, испан. cereza, порт. cereja, нем. Kirsche, инг. cherry, оьрс. черешня[2].

Ботаникин сурт хӀотторНисйе

Cerasus бухара тайпа къаьста кхечу Prunus бухара тайпанех (Armeniacaтуьрк, Prunusхьач, Emplectocladus) тӀаьхьарчу хьесапашца:

  • стом (лаг) шера, тача доцуш;
  • гӀаш патарбиллар дохаллехь;
  • заза лаьтта четаршца, масех заза цхьаьна а долуш;
  • Баьллийн заза кхуьй гӀашца нисса йа хьалхо;

Зазан дукха хьолехь пхи жаз хуьлу, амма сих-сиха хаало йалх жаз долу заза а.

СистематикаНисйе

Бухара тайпа доькъу шина декъе — Cerasus а, Laurocerasus а, царна чу йогӀу 60 кеп[3].

Цхьацца кепашНисйе

 
Баьллан заза
 
Жимахерх кепара баьллан заза далар
 
Лавран баьллаш заза далар

sect. Cerasus[4]

Самукъане факташНисйе

 
Баьллан заза далар
  • Балл тӀера гӀа дожжалц, мел дукха ло дилларх, йойаларо иза эккхор ду. Халкъан билгало[5].
  • Барбадосан балл таксономица дикка гена йу вайн йукъара баьллана: и орамат кхечу доьзалера хила ца Ӏаш, амма кхечу могӀанера а йу.

БилгалдахаршНисйе

  1. В настоящее время город называется Гиресун (турк. Giresun)
  2. Талах, В. Рождённый под знаком кометы: Митридат Эвпатор Дионис. — Одесса, 2006.
  3. Балл(ингалс.): хаамаш сайт тӀехь GRIN.
  4. Species Records of Prunus sect. Cerasus(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). GRIN. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 24 сентябрехь. Теллина 2014 шеран 20 августехь.
  5. Стрижёв А. В. Календарь русской природы. — 3-е изд., перераб. — М.: Моск. рабочий, 1981. — С. 211.

ЛитератураНисйе

Викидошам чохь бу йаззам «балл»

ХьажоргашНисйе