БангӀара (страби́зм, от шир.-желт. στρᾰβήςгома, йа гетеротропи́, схьадаьлла шир.-желт. ἕτεροςкхин + шир.-желт. τροπή, τροπάдӀахьаьвзийла) — хьожучу объект тӀера хьажаран семанаш дӀатаӀар, цуьнца буху бӀаьгийн координацин болх, гаран объект тӀехь ший а бӀаьрг сацо хала хуьлу. Объективан симптомбӀаьрган пардон симметрин хьал дац, бӀаьрг-негӀарийн йисташца а, сенашца а.

БангӀара
БангӀарачуьнга бӀаьргаш цхьаьна меттиге ца хьажало.
БангӀарачуьнга бӀаьргаш цхьаьна меттиге ца хьажало.
МКБ-11 9C80
МКБ-10 H49 49. H50 50.
МКБ-10-КМ H50.8, H50.89
МКБ-9 378378
МКБ-9-КМ 378.7[1][2], 378.40[2]
OMIM 185100
DiseasesDB 29577
MedlinePlus 001004
MeSH D013285
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

БангӀараллин кепаш

бӀаьра нисйан

БангӀаралла шина кепара хуьлу: вечу хенахь дуьйна йерг (йа винчу хьалхара 6 баттахь гучуйаьлла) а, схьаэцна а.

Дукха хьолехь къаьстина бангӀаралла хуьлу анакепара: чучча бангӀара (convergent strabismus йа esotropia) а, дӀасхьа бангӀара (divergent strabismus йа exotropia); амма наггахь хила тарло хьала-охьа а (хьалатаьӀна — гипертропи, охьатаьӀна — гипотропи).

  • БангӀаралла, цхьа бӀаьрг йа ши бӀаьрг разхьежаре терра, декъало монокуляран а, альтерниран а.
  • Монокуляран бангӀара волчуьнан гуттаренна а цхьа бӀаьрг агӀор хьоьжу, иза адамо цкъан а лела ца бо. БангӀара волчуьнан са дика ца го. Коьртан хье булу бангӀара ца хьоьжучу бӀаьрго ло хаамашка, вукха бӀаьрган хаамаш ца боьшу. БангӀара бӀаьрг хьажаран актехь дакъа лоцуш ца хуьлу, цундела цунна гаран функцеш лагӀло. БангӀарчу бӀаьрго болх ца барна лагӀделлачу бӀаьрсих олу дисбинокуляран амблиопи. Нагахь бангӀарчун бӀаьрса метахӀотто таро йацахь, бангӀаралла нисдо косметикин сакхт санна.

Ботоксца бӀангӀараллин дарба лелор

бӀаьра нисйан

БангӀаралла — берийн патологех угара дукха хуьлучех цхьаъ йу. 85 % пациентех и цамгаран дарба хирургин нисдарш ду, 15 % бангӀарнаш тобан таро йу консервативан дарбанан гӀоьнца.

БангӀараллин хирургин Ӏалашо — бӀаьрган хӀоъ нисбар, тӀаьхьа бинокуляран (шина бӀаьрган) а, стереоскопин (чулацаман) а бӀаьрса кхиор.

Хирургин дарбанан экспериментан хьесапех цхьаъ ду бӀаьрг лело оьзган ботулотоксин маха тохар. Баккхийчарна а, берашна а дарбанна леладо уьш.

Оцу хьесапан механизм йу, оьзг сацайо мехо, тӀаккха шен агӀор дӀа ца ийзайбо бӀаьрг.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Косоглазие: причины, симптомы и аппаратное лечение

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. база данных Disease ontology (инг.) — 2016.
  2. Дехьа гӀо: 1 2 (unspecified title) — 2018-06-29 — 2018.