И́нгалсан бардал (кхин а бардал, инг. bulldog) — боца чо болу мастиф тайпана жӀаьлин порода. Лелоран хьесапца стандарт жӀаьла-ларвархо а, компаньон а[1] ду. ХӀокху заманан ингалсан бардалш даьхна XIX бӀешеран шолгӀачу декъехь, породин бух — шираингалсан бардал, тӀетоллу жӀаьлин порода, хӀинца дӀайаьлла. Ингалсан бардал ша кепара ду, лору Ингалсан къоман жӀаьла, цуо гойту, дукха хьолехь «бакъволу джентльменан» тӀейазйо амал[2]: собаре хилар, консерваторалла, мелла а эсала хилар, цхьаьна агӀор, аристократалла, тамехь хилар кӀоршаме безамаллица, кхечу агӀор. Бардалш лелор доккха жоьпалла оьшуш ду, хӀунда аьлча порода кхиаран процессехь, летачух декоративан хилла, шен белхан дикалла йайина, чӀогӀа экаме хилла. И факт дукха хьолехь билгалйоккху породин йемалчаша, гӀерта оригиналан шираингалсан бардал йухакхолла, амма Дуьненайукъара кинологин федерацис къобал ца дина и зиераш.

Ингалсан бардал
Ингалсан бардал
Кхин цӀе Бардал
Схьадалар
Меттиг Йоккха Британи
Амалш
Локхалла
пхьаьрчий50-55 см
заддаш50-53 см
Масса
пхьу25 кг
зуд23 кг
ДКФ классификаци
Тоба 2. Пинчерш, шнауцерш, молоссаш, ламанан а, швейцарин а жен-жӀаьлеш
Секци 2. Молоссаш
Бухара секци 2.1. Мастифаш
Лоьмер 149
Шо 1955
Кхин классификацеш
Тоба КС Utility
АКС тоба Non-sporting
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Породин истори

бӀаьра нисйан

Бардалн схьадевлла Ингалсехь, лелийна тӀехохку жӀалеш санна «цӀийн спортехь»; коьртаниг, в буль-бейтингехьбугӀанашна тӀехоьхкаш. Кхузара схьайаьлла породин ингалсан цӀе — бульдог (инг. bulldog — ма-дарра «бугӀанан жӀаьла»).[3]:18

Порода схьайаьлла билгала хан ца йевза. Каюс Джона историн дуьххьарлера кинологин къинхьегамехь («Of English Dogs» (1576 цӀе тиллина), дуьйцу цуьнан нийсархойн породаш, амма бардалш ца хьахадо. Гуш ду, оцу хенахь порода кхоллайаланза хилар. Оццу хенахь, доктора Каюса сурт хӀоттадо «мастив» йа «бэндог» (Mastive/Bandogge) цӀе йоккху породин. И жӀаьлеш даккхий, аьрха, дера, хьуьнаре ду. Уьш чӀогӀа деза ду, дика хир дара «бугӀанан лергах лета, иза сецо», мел чӀогӀа акха а, оьгӀазе а иза хиларх.[4] Мастифаш («мастиваш») йехачу заманахь олура дерриг даккхий жӀаьлех, ткъа «бэндогаш» — дерриг дихкина жӀаьлех.

Шеко йоцуш чӀагӀдан мегар ду, ингалсхоша бардалш къастош ца хилар кхечу «мастивашна йукъахь» XVII бӀешеран йуьххьехь а. Поэтан а, драматурган а Джонсон Бенан «Эписин, йа Йист ца хуьлу зуда» (Epicoene, or The Silent Woman, 1609) пьесехь хьехадо «бугӀанан жӀаьлеш» (инг. Bull-dogs) а, «ченан жӀаьлеш» (инг. Bear-dogs) а. 1631 шерера ду цхьаьна Итон Прествичан (Prestwich Eaton) дисина кехат, иза цуо, Сан-Себастьянехь волуш, хьажийна шен доттагӀчуьнга Лондоне, доьху шен «дика мастив а, йаьшка уггаре дика малар а, цхьа-ши дика бардал, сихха а даийта»[комм. 1][4].

ГӀараваьлла французийн натуралистна Бюффонна, вукха агӀор, хетара, бардал мастифан да хилар.[4]

1799 шарахь хьахадо толлу жӀаьлешна йукъахь бардал, цигахь дуьйцу бардалш а, мастифаш а нал тала дика ду. Цунна тӀаьххьа суртдиллархочо Эдвардс Сиденема шен «Cynographia Britannica» (1800) чӀогӀа дика сурт хӀоттадо бардалан, хоуьйту жӀаьла доккха мастиф мопсца (Pug Dog) хӀу иэдина даккхарх. Литературин классико Бейли С. Хейнса бардалехх лаьцна билгалдоккху, Эдвардса дуьйцург «французийн мопса ца хилар а, жима йа немцойн Голландера а, Германера а мастифф хилар»[комм. 2][3]:16. Дика ца кхета, муьлха жӀаьлеш дуьйцу Хейнса. Мопсаш Европе чудалийна, хетарехь Цийчуьра, XVI бӀешо чекхдолуш бен, и порода хилахь тамашена хӀума ду бардалан дайх.

1886 шарахь М. Б. Уинн (M. B. Wynn) шен «The History of the Mastiff» жайнахь шена хетарг элира бардалан дайх лаьцна, бардалан а, мастифан а дай британин тӀеман жӀаьла (лат. Pugnaces Britanniae) ду аьлла, уьш британихоша лела а дора кхечу мехкашка дохка а духкура вайн эран I бӀешарахь, иза хьахийна желтойн историко Страбона.[5]:IV,V,II[6]:40


ХӀинца дукхаха болу говзанчаш тижа бардалаш мастифийн гергара хиларе аю, схьа гарехь церан цхьа да хиларе а — алан[комм. 3]. Аланаш догкепара жӀаьлеш дара, шайн рогӀехь, схьадевллера молоссех а, цӀармата эрех а. Шен цӀе аланашна кхаьчна Кавказан лаьмнашкахь деха цӀарматийн тайпанех, Кавказехь даьхна и жӀаьлеш.[3]:16

Буль-бейтинг а, шираингалсан бардал

бӀаьра нисйан

Комментареш

бӀаьра нисйан
  1. инг. ...for a good Mastive dogge, a case of bottles replenished with the best lickour, and pray proceur mee two good bulldoggs, and let them be sent by ye first shipp. (орфография сохранена)
  2. инг. ...not the pug of france, but the pug which is also known as the small or Dutch Mastif, and which originated in Holland and Germany.
  3. Тара ма далийта хӀокху заманан испанин алано породех, уьшша а ду аланийн тӀаьхьенах.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Стандарт FCI № 149 от 16.04.2004 Архивйина 2005-03-08 — Wayback Machine(ингалс.)
  2. Иншаков А., Цигельницкий Е. Английский бардал. Друг. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 19 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 30 мартехь Архивйина 2010-03-30 — Wayback Machine
  3. 1 2 3 Хейнс, Б. С. Английский бардал = The new bulldog. — М.: Центрполиграф, 2000. — 343 с. — ISBN 5-227-00687-3.
  4. 1 2 3 History and Origin of the Bulldog. Bulldog Feeling Kennel. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 17 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 31 январехь Архивйина 2013-10-30 — Wayback Machine
  5. Страбон. География = Γεωγραφικά. — М.: Наука, 1964. — 944 с.
  6. Wynn, M.B. The History of the Mastiff, gathered from sculpture, pottery, carving, paintings, and engravings; also from various authors, with remarks on the same. — William Loxley, 1886. — XII+222 с.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Комментареш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан