Нейсмитан цӀарах баскетболан сийлаллин зал (инг. Naismith Memorial Basketball Hall of Fame) лаьтта баскетболан даймахкахь Спрингфилдехь (Массачусетс, АЦШ). ЦӀе тиллина баскетбол ловзар кхоьллинчу — Нейсмит Джеймсан цӀарах. Нейсмитан цӀарах баскетболан сийлаллин зало ловзаран моменташ а, баскетболан уггаре къегина седарчий а дагахь латтадо.

Сийлахь меттиг
Баскетболан сийлаллин зал
42°05′38″ къ. ш. 72°35′05″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Лаьтта меттиг Спрингфилд (Массачусетс)
Йиллина терахь 1959
Сайт hoophall.com(ингалс.)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Сийлаллин зале дӀаоьцу хӀора шеран сессешкахь, хӀетте а 1968 а, 2007 шерашкахь Зале цхьан а дӀа ца ийцира[1]. 2012 шарахь Сийлаллин залехь вара 313 стаг (царех кхоъ (Джон Вуден, Ленни Уилкенс, Билл Шерман) шозза дӀаийцира — ловзархой а, тренераш а санна) а, 9 команда а йара.

Истори нисйе бӀаьра

Зал йиллира 1959 шарахь, 1968 шеран 17 февралехь нахана дӀайиллира. Сийлаллин зал чу кхочу баскетбол кхиорехь дакъа лаьцна ловзархой, тренераш, функционераш. Америкин кхечу залех къаьсташ, масала америкин футболан а, бейсболан а, баскетболан зале кхача таро америкин баскетболхой-профессионалаш боцуш, амма баскетбол йезархойн а, европахойн а; кхин а Сийлаллин зал чу боху зударий (масала, зударийн баскетбол кхоллархо Беренсон Сенда). 1992 шеран 11 майхь Сийлаллин зал йукъатоьхна дуьххьарлера америкахо воцу ловзархо (иза хилира советийн профессионалан баскетболхо Белов Сергей). Адамаш доцуш, Сийлаллин зал чу ийцира исс команда а[2]. 1985 шарахь Зал кхелхира Коннектикутае малхбален бердан тӀера кхечу гӀишлон чу, ткъа 2002 шеран 28 сентябрехь шен исторехь Сийлаллин зал кхелхира кхоалгӀа гӀишлон чу. 7400 м² майда йолу комплексах делира 45 миллион АЦШ доллар.

Баскетболан сийлаллин залан новкъан йуьххьехь зало дӀалоцура Спрингфилдан колледжан студентийн гӀалин латтан тӀехь жима бахам (Массачусетс штат, АЦШ), 1891 шеран 21 декабрехь дуьххьара баскетболех левзина, буьрка тускар чукхуссуш йолчу локхалла йолу цӀа чохь. Нисса оцу дийнахь Нейсмит Джеймс цӀе йолу физикин оьздангаллин хьехархочо, кховдийра шен 18 студентана керла ловзар. Цуо хьоьхура оцу хенахь цхьанне хӀуманца билгалйаьлла йоцучу Спрингфилдера Керстачеран Кегийрхойн Ассоциацин колледжа гимназин зал чохь.

Оцу керлачу ловзаран Ӏалашо дикка атта хетара: гоьрга буьрка, спортан залин чӀеркин 10 фут лакха перилашна тӀетесна гоьрга тускар чукхоссар. Амма дуьххьарчу матчехь тоьлла командин аьтто белира цхьа буьрка чукхосса, иза а Чейз Уильяма 25 фут генара буьрка кхоссарца. Ловзаран болар меллаша дара, ткъа йуьхьиг дикка эвхье йара, тӀаккха а керла ловзар сихха даьржира, хӀунда аьлча, 1894 шарахь баскетболех ловза буьйлабелира Францехь, Цийчохь, ХӀиндехь, кхи а иттех махкахь.

Таханлера Баскетболан Сийлаллин зал дӀайиллина 1968 шеран 17 февралехь, иза хилира спортан коьрта момент. Нисса цхьа бутт бисинчу хенахь 1968 шеран 20 январехь, Хэйс Элвина гӀодира Хьюстонан Университетана 71:69 чоьтаца Калифорнин университетан Алсиндор Льюин Брюинз командин тӀехь толам баккха. 50 000 сов баскетбол езархо гулвелира Хьюстонера Астродоум стадион тӀехь оцу сарахь, миллионаш нах цӀахь хьовсуш бара къоман телевизион чухула.

Оцу моментал тӀаьхьа кхин а кхо де даьлча, Нью-Йоркера спортан Медисон-сквер-гарден комплексах Къоман баскетболан ассоциацин хӀора шеран 18-гӀа дерриг седарчийн матч дӀахьо меттиг хилира. Седарчийн командашна йукъатухура дуккха хин болу Сийлаллин залан турпалхой, масала, Робертсон Оскар а, Лукас Джерри а, Бэйлор Элджин а, Уэст Джерри а, Чемберлен Уилт а, Рид Уиллис а, ткъа «кхоззалгӀа кхерам» буьйцуш бац: Рассел Билл, Хавличек Джон, Джонс Сэм. Баскетболан исторехь дуьххьара нисвелира берриг мехкан спорт йезархойн тидаме.

Сийлаллин зал 1968 шарахь даздарца дӀайеллар шен хеннахь дина гӀуллакх хилла ца Ӏара, цунах факт йолуш, ловзаран исторехь кульминаци хилира.

Оцу хиламийн таро хилира, 1936 шарахь хилларг, оцу хенахь берлинан Олимпийн ловзарийн финалехь Цхьаьнатоьхна Штаташа Канада 19:8 чоьтаца иэшор. Ша схьавалар канадхойх волу, доктор Нейсмит, Баскетболан тренерийн къоман ассоциацин генара гарна, ловзарехь хилавелира, хӀунда аьлча, ловзар динарг йерриг харж дӀайелла, Олимпиада дӀайелларан церемони йолайала масех бутт хьалха Берлине вахийта оьшу ахча вовшахтоьхнера. ТӀаьхьа Нейсмита дийцира, дуьненайукъара аренехь шен ловзар ловзош чӀогӀа куралла йоьссира шега бохуш.

Дукха хан йалале Баскетболан тренерийн къоман ассоциацис кхин а цхьа гӀулч йаьккхира, иэс хӀоттийра веллачу доктор Нейсмитна а, цуьнан хазачу ловзарна а. 1941 шеран 8 декабрехь Америка Дуьненан шолгӀачу тӀеман йукъайахаро цхьаьна заманна йицйира Сийлаллин зал, амма 1949 шарахь Ассоциаци йухайирзира ловзар а, иза кхоьллинарг а бӀешерашкахь дагахь латторан ойлане. Итт шо даьлча, 1959 шарахь, цӀа ала мегар а доцу гӀишлон чохь, баскетболан Сийлаллин зал болх бан йолайелира.

Сийлаллин залан дуккха а халонаш хилла шен хьалхарчу ткъа шарахь Спрингфилдан колледжан студентийн гӀаланан латта тӀехь йолучу хенахь. ХӀора шарахь масех эзар хьовсархо дӀахьодура баскетболан даймахка. Зал сиха кхуьура.

Сийлаллин зал шорйаран кхетам беира цунах дуьненахь баскетболех лаьцна хаам болу уггаре ладаме хьост хилча. 1979 шарахь меттигера кхолламан комитетан гӀоьнца, Баскетболан сийлаллин залах спонсор хуьлура шеран уггаре хьалхарчу башхачу ловзаран, иза хуьлура колледжашна йукъара баскетболан шеран официалан йуьхьиг.

1980—1990-гӀа шераш нисйе бӀаьра

 
Баскетболан сийлаллин залан гӀишло 1968 - 2002 шерашкахь

1980-гӀа шерашна йуьххьехь, ловзаран гӀарадалар цкъан а ца хиллачу кепара лакхаделира. Берд Ларрин а, Джонсон Мэджикан а йукъара къовсамо доктор Нейсмитан ловзарна чу керла са диллира. Оцу къовсамо меттаха бехира дерриг дуьненан тӀера баскетбол йезархой. Кхин дӀа гӀарайаккхарна баскетбол дукхаха дерг декхарийлахь йу Джордан Майклан.

Берда, Мэджика, Майкла, дуккха а кхин болчара гӀолецира, 1980-гӀа шерийн йуьххьехь баскетболан гӀарайалар уггаре боьххье кхачош, Сийлаллин зал иэшар тӀетухуш, хӀунда аьлча цуо гойтура ловзар кхиар.

1985 шеран 30 июнехь 10 000 сов баскетбол йезархо ма-дарра аьлча тӀелетира Спрингфилд гӀалин, царна йукъахь NBC каналан гӀараваьлла телехьалхелелорг Скотт Уиллард а, Ӏалашо йара керла Сийлаллин зал даздарца дӀайелларе хьовсар йара. Цул сов, 1985 шарахь Баскетболан сийлаллин керлачу эре кхечира, цуо къобал дира ловзарера зударийн дакъа. 1892 шарахь баскетболан «хьалхара ледис» Беренсон Эбботт Сендас, довзийтира Смит колледжан зударшна. Берта Тиг тренеран гӀуллакхехь йара Оклахома штатера Ада гӀалин йуккъерачу ишколехь, 42 шарахь, цуо йаьккхира пачхьалкхан барх чемпионат. Уэйд Маргарета къахьийгира Пачхьалкхан Дельта университетехь, иза цигахь йоцучу хенехь бен ца Ӏийнехь а, 1975 - 1977 иза кхиира шен командица хьалхий-тӀаьхьий кхоъ къоман чемпионат йаккха.

1985 шеран Сийлаллин залан версис шен дакъа лецира ловзаран историн ладаме моменташ Ӏалашйеш. Оцу шарахь баскетболо билгалдоккхура шен 100 шо. 1992 шарахь Кшижевски Майках хуьлу Вуден Джонал тӀаьхьа дуьххьарлера Студентийн спортан къоман ассоциацин чемпионаташ йаьхна, оццу хенахь Цхьаьнатоьхна Штатийн «Dream Team» йаьккхина, аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь тоьлла тренер. Ткъа 1997 шарахь Зударийн къоман баскетболан ассоциаци, зударийн профессионалан лига, тӀеоьккху америкин спортан сценин тӀе[3].

2000-гӀа шераш нисйе бӀаьра

Йуха а ловзар гӀарадалар тӀекхетар гойту музейн гӀишлоно, 2000-гӀа шарахь йолайо йан кхоалгӀа Сийлаллин зал.

2002 шеран сентябрехь даздаран церемонница дӀайоьллу керла гӀишло, шай хьакъ долу меттигаш Сийлаллин залехь дӀалоцу сийлахь тренераша, масала, Лэрри Браун, Лютни Олсон, Кей Йоу, ткъа кхин а ловзархоша Петрович Дражена а, Джонсон Мэджика а.

Тахана Баскетболан Сийлаллин Нейсмита цӀарах зал — 40 000 квадратан метр баскетболан а, кхо бӀе сов турпалхочун а истори. Лаьтта Ӏалам долчу Коннектикут эркан бердашца, керла музей хьакъ долу бӀе шо хьалха доктор Нейсмитан дагадеина ловзаран килс йу.

2009 шарахь Баскетболан сийлаллин Нейсмитан цӀарах залан 50 шо кхаьчна.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра