Бебунаш, йа бебу йа аттйокх (лат. Cuculidae)хьозакепарчеран гергара бебукепара тобанера олхазарийн доьзал. Уггаре йевза доьзалан векал — ма-дарра бебу. Антарктида йоцург, йерриг континенташ тӀехь йу. Йисттера къилбаседехь а, Къилбаседа Америкин къилба-малхбузехь а, Гергара Малхбален а, Къилбаседа Африкин а тӀех йекъа регионашкахь а йац. Доьзалан цхьацца тайпанаш кхелха[1].

Бебу
Бебу-динберг (Geococcyx californianus)
Бебу-динберг (Geococcyx californianus)
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Cuculidae (Vigors, 1825)
Кхоьлина бебу декар (Cacomantis pallidus)

Дахаран кеп

бӀаьра нисйан

Дукхаха йолу кепаш ша лала кеп лелайо, наггахь ца хуьлу тобанашца лелар. Йукъара йолу тайпа Ани, цара до колективан бенаш[2]. Церан векалш еха хьуьнхахь, амма цхайолчара алсама йиллина меттигаш гӀоле хета. ТӀаьхьарчеран йу деха онда когаш, уьш 30 км/сахьт сиха лела[3].

Дукхаха йолу кепаш йуу сагалматаш, цаьрца цхьаьна дуу мокха нӀаьна-цициг, дукхаха долу олхазарш уьш ца дуу. Исполински бебус коьртаниг дуу стоьмаш[4].

Доьзална йукъайогӀу кепаш, масала, америкин бебу, бебу-динберг, бебу ани, шпорцеви бебу. Массара а цара бенаш до дитташ тӀехь а, коьллаш тӀахь а. Кхечу бебух къасташ шпорцеви бебус доху шен хӀоьаш лаьттара я лоху коьллаш тӀера бенаш чохь. И йаккхийра тропикин бебуш толлу кегийра моьлкъанашна.

Бенан паразитизм

бӀаьра нисйан

Дукхаха йолу бебун кепаш бенан паразиташ йу. Цара доху шайн хӀоьаш кхечу олхазарийн бенаш чохь. Бебун кӀорнеш хьалха доху, дика кхиина а хуьлу, чехка а кхуьу, жамӀехь цара аракхуьйсу хӀоьаш йа кӀорнеш уьш тӀеэцна де-нений, цул тӀехьа цара бебун кӀорнеш бен ца кхобу[5].

Ма-йарра йолу а, африкин а бебун тевнан интервал 48 сахьт ду. Бебун эмбрионаш тевна доккхучу хенахь ондий йу кхечу олхазарийнчул. 1802 шарахь хетарг аратетитна Ӏилманчаш, иза чоьхьара инкубацица кхетадо. Бебун хӀоа кирахь лаьтта 30 сахьтех температура 40 °C йолуш, иза лакхараю бена чуьра температурел (йуккъера 36 °C). Цундела бебу сиха дуьнен тӀе йолу, кӀорнел бенан хӀусам-ненанчул. Бебу кӀорнеш хьалха хуьлу 31 сахьт кхечарел[5].

ТӀехулара куц

бӀаьра нисйан

Йозаллин а, йоккхаллин а барам техка 17 гр а, 15 см а тӀера (Chrysococcyx minutillus) 630 гр а, 63 см а кхаччалц (Ӏаламате бебу)[6]. Ладамечех доьзалан цхьа башхал когаш ду: ши пӀелг хьалха бирзина бу, ткъа шиъ – тӀехьа. Дерриг аьлча санна векалийн деха цӀога хуьлу, цуо йодуш а, тӀема йоьдуш а кадолийта. ТӀемийн кеп хийцало дахаран кепе хьаьжжина: кхелха олхазарийн тӀемаш деха а, готта а хуьлу, кхечеран — доцуо а, гоьргуо а хуьлу.

Классификаци

бӀаьра нисйан

Хьалха иштта билгайохура:

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Cuckoo Tracking Project. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 ноябрь. Архивйина 2019 шеран 9 ноябрехь
  2. Кукушки-личинкоеды. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 ноябрь. Архивйина 2019 шеран 8 декабрехь
  3. Калифорнийская кукушка-подорожник. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 ноябрь. Архивйина 2019 шеран 9 ноябрехь
  4. Corlett, R; Ping, I. Frugivory by koels in Hong Kong (und) // Memoirs of the Hong Kong Natural History Society. — 1995. — Т. 20. — С. 221—222.
  5. 1 2 Ткач и медоуказчик разоблачили фокусы кукушат. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 29 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 1 июлехь Архивйина 2015-07-01 — Wayback Machine
  6. Payne R. B. (1997) "Family Cuculidae (Cuckoos)", pp. 508–45 in del Hoyo J, Elliott A, Sargatal J (eds) (1997). Handbook of the Birds of the World Volume 4; Sandgrouse to Cuckoos Lynx Edicions:Barcelona. ISBN 84-87334-22-9

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
 
Викицитатникехь агӀо йу теманера
Бебу