Бедарка — лекха шина чкъурган ворда. Лелийна тюркаша, Кавказхоша, Российн къилба губернешкахь.

Бедаркин тайпанаш. «ВЭС» тӀера «Бедарка» йаззамера сурт

Этимологи

бӀаьра нисйан

Схьадаьлла гӀезалойн, туркойн, гӀирмин-гӀезалойн, кыпчакийн, азербайджанийн «Бедарка» дашах[1].

Бедаркин йужуш хилла говраш, стерчий, гомаш, эмкалш[2]. Бахархоша бедарка лелош хилла ГӀирмехь, Туркестанехь, Малхбален Сибрехахь), Цийчохь, Бухарехь (Йуккъера Азехь). Бедаркин урхалчех олу бахьарча.

Оцу кепара ворда чӀогӀа аьтту болуш йара мохь лело, йалта чудерзо а. Дика бедаркин мах Российн империн къилба губернешкахь — итт туьма гергга бара.

Дивизин хьаькаман гайтамехь Теркан-Ламанхойн полкан цхьа взвод фронтал тӀаьхьа йитира, полкан ворданаш ларйархьама, уьш йерриш лаьттара бедаркех.

Японин тӀамехь Оьрсийн эскаран Россин ТӀН урхаллин дукхаха долу тӀеман дакъош, транспортан муххале а цийн бедаркех лаьттара, цу тӀе иштта ворданийн мах дика хадийра.

Кавказехь Бедарка лелош йара XX бӀешарахь а. Кавказан бедаркин чкъургийн чӀоьраш ца хуьлура. Цу тӀе, чкъургаш хуьйзура семанца. И тамашена конструкци схьайогӀура вайн эрал 2 эзар шохьалхара азин хьоркунан тӀера.

Российн имперехь цӀерпошт некъаш йукъадовларца йуккъераазин мехкашкахь меттигерачу бахархоша цунах ала долийра Ӏаьнарпошт шайтӀан-бедарка.

  • ГӀирмин бедарка — дечиган семанца, цунна тӀечӀагдина шаданкепара гӀуркх, хьалхарчу йуьххьехь хӀоттийна дикка йеха эчиган аса, иза ши сту дӀабужу дукъ ду. ТӀехьара шаданкепара гӀуркхан декъехь хӀоттийна орцахех бина дечиган гур, цунна чу ирахӀиттийна гӀопасташ, уьш лакхахь дохаллехь йихкина орцахаца. Оцу гӀопасташца болчу гуро бедаркин цӀа до. Чкъургаш дечиган, месала 6 сагӀанан, лоха.
  • Туркестан а, Бухарин а бедаркаш шина тайпана лелайора: цхьа говр йужуш а, ши говр йужуш а. Иза а, важа а цхьатерра конструкци йолуш йу, къасталора барамашца. Дечиган семанна тӀе чӀагӀйина ши дрожина, церан хьалхара йуьхьигаш Ӏаьрчаш ду, цунна чу йужу говр. Ши говр йужу бедаркин шолгӀа говр йужу агӀонна тӀе машшийн постромкаш чу. Бедаркий чкъургаш чӀогӀа лекха хуьлу — 6½ фут диаметр йолуш (уьш йора маьрша кӀорга татолаш чухула мохь ца башош дехьабовлархьама). Оцу бедаркин говран йожарехь а, урхаллехь а башхалла йара, хӀунда аьлча бахьарча ворданна тӀе ца хууш, хьайбанна тӀе хуура.
  • Цийн бедарка — чӀогӀа вон бина болх, оьрсашчул вон.
  • «Оьрсийн бохаман» — дара дечиган мерачертан цӀа, лелайора Новгородан а, луларчу а губернийн бахархоша, иза йара бедарка[3].

Бедарка говзаллехь

бӀаьра нисйан

Бедарка тайп-тайпана мехкашкахь

бӀаьра нисйан

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Фасмер
  2. Арба // Толковый словарь живого великорусского языка : в 4 т. / авт.-сост. В. И. Даль. — 2-е изд. — СПб. : Типография М. О. Вольфа, 1880—1882.
  3. Арба // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан