Вольнов, Геннадий Георгиевич

Вольно́в Генна́дий Гео́ргиевич (1939 28 ноябрехь, Москохахь, ССРС2008 15 июлехь, циггахь) — советийн баскетболхо, олимпийн чемпион, дуьненан, Европин, ССРС чемпион. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1964).

Вольнов Геннадий Георгиевич
Карьера чекхйаьккхина
Позици Центровой
Локхалла 201 см
Возалла 84 килограмм
Гражданалла  ССРС Росси
Вина терахь 1939 шеран 28 ноябрь({{padleft:1939|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:28|2|0}})
Вина меттиг Москох, ССРС
Кхелхина терахь: 2008 шеран 15 июль({{padleft:2008|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (68 шо)
Кхелхина меттиг Москох, Росси

Командаш
1957—1958 Байракх ССРС Спартак (Москох)
1958—1970 Байракх ССРС ЦСКА
1971 Байракх ССРС Буревестник (Москох)
1972 Байракх ССРС Динамо (Москох)
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Дети Рум 1960 баскетбол
Дети Токио 1964 баскетбол
Борза Мехико 1968 баскетбол
Деши Мюнхен 1972 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Борза Бразили 1963
Деши Уругвай 1967
Европин чемпионаташ
Деши Туркойчоь 1959
Деши Югослави 1961
Деши Польша 1963
Деши ССРС 1965
Деши Финлянди 1967
Деши Итали 1969
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ
Сийлаллин орден Орден «Сийлаллин Билгало»
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал
Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 1 тӀегӀан мидал
Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 2 тӀегӀан мидал Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 3 тӀегӀан мидал
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча
ТӀемлойн цӀе
Полковник
Полковник

Биографи нисйе бӀаьра

Баскетболех ловза волавелира йуккъерачу ишколехь, Цигахь цуьнан тидам а бина йцуьнца болх бан волавелира чӀогӀа дика тренер а, тӀаьхьа Россера дӀавахана а волу Ярошевский Виталий Михайлович. 1957 шарахь Ярошевскийн куьйгаллица Москохан гулйина команда туьйлира ишколахойн Спартакиадехь Ригехь, гӀуно жима волу Вольновс даьккхира шен хьалхара турниран уггаре дика ловзархочун совгӀат. 1957/58 шарахь А. Н. Давидсонан, ткъа цул тӀаьхьа — В. М. Ярошевскийн куьйгаллица, левзира москохан «Спартак» йукъахь, тӀаккха — лакхара лигин командехь; 1958-70 шерашкахь — ЦСКА йукъахь, 1971 ш. — «Буревестник» (Москох) йукъахь, 1972 ш. — «Динамо» (Москох) йукъахь.

Ярошевскийн хьалха гира Вольновн лакхара психодинамикин таронаш: ши метр лекха волушехь цуьнан чӀогӀа дика координации йара, эшаре вара, 1960-гӀа шш. хиллачу центровойшкахь иза хилар чӀогӀа тамашена дара. Вольнов хилла дуьххьарлера а, йехачу хенахь Европехь иштта шуьйра диапазон йолу цхьаъ бен воцу ловзархо. Иза ловзалора вайн центровой а, йистера тӀелатархо а, тӀелета турсло а санна. Турс кӀела вахча тӀехула чукхосса а таро йара, иччархочо санна кхосса а луш кхуссура майданан маьӀӀера (турсан воьдаллица нисса йолчу траекторица). Вольновс кхосса а луш кхоссар оцу заманахь тамашийна дара. Цуо кхоссара, хӀинца уггаре дика КъБА профессионалаша санна: хӀаваэхь а «соцуш», дегӀ а, куьг а лакхарчу тӀадамехь нисдеш.

Вольновн мур, 1970 шеран бӀаьста йуха ца богӀуш дӀабаьлла хийтира. Люблянера дуьненан чемпионате вахале иза тӀаьххьарчу моментехь гулйина командин йукъара ваьккхира. ТӀаккха а Кондрашин Владимира и хиламаш хиллачул ши шо даьлча, кхайкхира цуьнга олимпийн гулйина команде. Олимпийн турнирехь ССРС гулйина команда левзина исс матчех, бархӀ матчехь Вольнов левзира стартан пхеанна йукъахь. Вольновс йоккха баскетбол йитира, Мюнхенера Олимпийн ловзаршкахь чемпион а хилла, шен спортан биографехь дешин тӀадам биллинчул тӀаьхьа.

Чекхйаьккхира Смоленскан физикин оьздангаллин институтан Москохан филиал (1971), Химин дуьхьалонан Советийн Союзан мудиран К. Тимошенкон цӀарах тӀеман академин физикин кечаман а, спортан а хьехархо, хьаькаман гӀовс а, хьаькам а гӀуллакхехь вара (1970—1992). Йелира Ӏилманан цӀе доцент, цул тӀаьхьа — профессор. Мукъаваьккхина полковник. 1964 шарахь дуьйна ССКП декъахо.

Велла 2008 шеран 15 июлехь Москохахь. ДӀавоьллина Востряковн кешнашкахь.

2011 шеран 26 ноябрехь Вольновн 13-гӀа лоьмар йолу майка айира УСК ЦСКА тхьов кӀела.

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Даймехкан баскетболан уггаре титулаш ловзархойх цхьаъ.

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра