Бералла (журнал)
Бералла — цӀе йолу журнал – иза Нохчийн Республикин берийн довзийтаран журнал ду. 2020 шарахь дуьйна шина маттахь: оьрсийн а, нохчийн а, хӀора кварталехь цкъа арадолуш, Россин Федерацехь цхьаъ бен доцу билингвальни журнал ду и.
Бералла | |
---|---|
| |
Специализаци | литературин-исбаьхьаллин, серлонан, берийн журнал |
Муьран дакъош | хӀора кварталехь |
Мотт | оьрсийн а, нохчийн а |
Коьрта редактор | Сайдумова, Зулай Мадаевна |
Пачхьалкх | Росси |
Кхолларан терахь | 2020 шеран 20 март |
Барам | 40 |
Тираж | 999 |
Кхолларан терахь: 2020 ш. 20 март.
Журнал диллинарг йу Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо, берийн йаздархо Сайдумова Зулай Мадаевна.
Журналан Ӏалашо йу – нохчийн мотт Ӏалашбан а, шорбан а, берашкахь Даймохк безаран амал кхио а, оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь йешар марздан а.
Журнал арахецар Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а культурин хьакъйолчу белхахочун Сайдумова Зулай Мадаевны авторски проект йу. Нохчийн Республикехь зорбане дуьйлучу берийн арахецаршкахь уггаре дукхадезачарах хила хьакъ а ду и.
Шена чу къуьйлуш билггал цхьа маьӀна долуш, къеггина а йолуш, шена тӀе тидам бохуьйтуш логотип йу «Бералла» цӀе йолчу журналан. Журналан цӀе баьццарчу элпашца йалийна йу, царна тӀоьхула йуккъехь дӀахӀоттийна, вовшахтесначу накхарийн кхо улхах лаьтташ логотип а йу. Логотип бухе йиллинарг накхарийн алхаш ю, светофоран беснашкахь: цӀен (лардеш, Ӏалашдеш), можа (маьлхан бос), баьццара (дахаран а, кхиаран а, маьршачу некъийн а бос) – берашна дахаран некъ гойтуьйту беснаш санначу маьӀнехь[1].
Журналан агӀонаш тӀехь берашна лерина зорбане йоху хӀокху тайпана гӀарабевллачу авторийн говзарш: Айдамиров Абузар, Махмаев Джамалди, Сулаев Мохьмад, Мамакаев Мохьмад, Джабраилова Азман, Бочкаева Зулай, Якубова Асет, Умарова Лиза, Чагаева Тамара, Ельсаев Ӏаламхад, Ахмадов Муса, Гацаев СаӀид, Бухадиев Муса, Сейлмуханов Муса. Иштта журнала тӀехь йовзуьйту ХХ бӀешаран авторийн репринт йина йолу кхолларалла а, оьрсийн а, советски а, кхечу къоман а берийн йаздархойн гочйина кхолларалла а. Дика бевзачу суртдиллархойн Хасаев Чингисханана а, Чамаева Эсетан а, иштта Нохчийн Республикин берийн исбаьхьаллин ишколийн кхиорхойн а суьрташ а карор ду «Бералла» цӀе йолчу журнала тӀехь.
2020 шеран 5 ноябрехь «Ас доьшу «Бералла» кхайкхорца дӀайаьхьира берийн довзийтаран «Бералла» цӀе йолчу журнала официальни презентаци[2].
Журналан коьртачу редакторо Сайдумова Зулайс лерина тидам латтабо, кегий йешархой кхиоран-Ӏаморан Ӏалашонца, арахецаран агӀонаш тӀехь къоман фольклор популяризаци йаран[3].
Нохчийн Республикин билггалчу цхьацца дешаран а, спортан хьуькматашна тӀехь журнало кхоллараллин Ӏуьнналла до. Журнало жигара дакъалоцу тайп-тайпанчу мехкан а, къоман а дуьхьа дӀахьучу боламашкахь. БӀаьрзечарна а, гӀийла сагучарна а леринчу В.Ш. Дагаевн цӀарахчу йукъардешаран школан-интернатан кхиорхошна Сайдумова Зулайс журналан экземпляраш а, Ӏожан диттийн синтарш а делира. 2021 шеран мартехь «Бералла» цӀе йолчу журналан коьртачу редакторо Нохчийн меттан институтана совгӀатана наггахь бен ца карайен ХХ-чу бӀешаран йуьххьерчу нохчийн авторийн арахецарийн копеш йелира[4][5].
Журналан йешархойх бу школазхойн хьукматийн а кхиархой а, йукъарчу дешаран ишколийн дешархой а, спортан академин кхиархой а, педагогаш а, библиотекарш а иштта кхиберш а.
Россин Федерацин библиокарти тӀехь билгалдина а ду берийн журнал «Бералла»[6]. Берийн йешар кхиоран а, популяризаци йаран а декъахь эксперташа лакхара мах хадийна журналан. Цу хьокъехь къасто деза, Россин пачхьалкхан берийн библиотекин, Россин Федерацин культурин хьакъйолу белхахочо, литературин а, искусствон а декъахь Россин Федерацин Президентан премин лауреато Веденяпина Марияс журнал регионан доккха маьӀна долуш берийн журнал ду хӀара аьлла билгалдаккхар[7]. Керла берийн журнал «Бералла» берийн журналистика кхиоран гӀуллакхана гӀо-лацар а, хазна а хилла дӀахӀоьттина аьлла къастийра Россин берийн фондан Председатело, РАО академико Лиханов Альберта[8]. Журналехь гуттар шен цхьа рубрикаш йу: пачхьалкхан символаш а гӀарадевлла терахьаш, нохчийн меттан урок, хьехамийн киншкийн терхье, Сайдумова Зулайн берийн библиотека, нохчийн поэташ а, йаздархой а берашна, спорт, нохчийн бераш пачхьалкхехь а, дуьненахь а.
«Бералла» цӀе йолчу берийн журналан коьртачу редакторан Сайдумова Зулайн нохчийн халкъан туьйранийн турпалхойн: Турпал Нохчочун, Маьлх-Аьзнин, Йешапан, ЧӀирдиган сурт берийн синкхетамехь чӀагӀбаран а, визуализаци йаран инициатива йукъаралло къобалдарца Нохчийн Республикехь тӀетар карийра. Сайдумова Зулайс хӀоттийнчу йозанан суьртаца а, багарбинчу турпалхойн цо вастан маьӀна говза делларца журналан суртдиллархочо Чамаева Эсета журналехь хазачу басаршца хӀора турпалхочун илюстрацеш хӀиттийна[9].
Журналан хӀора лоьмар регионан шуьйрачу хаамийн гӀирсашкахь а, библиотекийн йукъараллехь а шуьйра йийцаре йо[10][11].
Галерей
бӀаьра нисйан-
2 №
-
3 №
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Нохчийн Республикехь керла берийн журнал «Бералла» арахеца долийна
- ↑ Соьлжа-ГӀалахь довзийтира берийн журнал «Бералла»
- ↑ Информационное агентство «Грозный-Информ» 29 ноября 2020 г.
- ↑ «Бералла» цӀе йолчу журнала ХХ бӀ. нохчийн авторийн арахецарийн копеш Нохчийн меттан институтана делира
- ↑ НОХЧИЙЧОЬ. Бералла» цӀе йолчу журнала ХХ бӀ. йуьххьерчу нохчийн авторийн арахецарийн копеш Нохчийн меттан институтана делира
- ↑ Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь довзийтира берийн журнал «Бералла»
- ↑ Хьажа. 21.01.21 шарера Кехат. Хьоста 24.01.21ш.
- ↑ Хьажа .: 05.11.20 шарера Кехат. Хьоста: 09.12.20 ш.
- ↑ Историн бӀаьрла турпалхой а, нохчийн къоман фольклоран башха персонажаш. 30.11.2020.
- ↑ «Бералла» цӀе йолчу берийн журнало арахецна керлачу шарна хьалхара шолгӀа лоьмар. 24.12.2020
- ↑ Даймохк № 87 . 2020 шеран 7 ноябрь.