Бе́ринг Ви́тус Ионассен , кхин а Беринг Иван Иванович (дат. Vitus Jonassen Bering; 1681 шеран 12 августехь(16810812), Хорсенсехь, Дани —  1741 8 (19) декабрь[1], Беринган гӀайренан тӀехь, Российн импери) — российн хӀордахо, российн флотан, эпсар капитан-командор. Схьавалар Данера.

Беринг Витус
Vitus Bering
Бакъ цӀе дат. Vitus Jonassen Bering
ГӀуллакхан тайпа хӀордахо, оьрсийн флотан эпсар
Вина терахь 1681 шеран 12 август({{padleft:1681|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})
Вина меттиг Хорсенс Дани
Кхелхина терахь 1741 шеран 19 декабрь({{padleft:1741|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (60 шо)
Кхелхина меттиг Беринган гӀайре, Российн импери
Да Свендсен Ионас
Нана Беринг Анна Педердаттер
Зуда Пюльзе Анна Кристина
Викилармин логотип Беринг Витус Викилармехь

17251730 а, 17331741 шерашкахь куьйгаллехь вара Хьалхара а, ШолгӀа а Камчаткин экспедицешкахь. Чекхвелира Чукоткин а, Аляскин а йукъарчу хидоькъен чухула (тӀаьхьа Беринган хидоькъе), кхаьчна Къилбаседа Америке, карийна Алеутийн раьгӀнийн цхьа могӀа гӀайренаш.

Беринган цӀе тиллина гӀайренан, Тийна океанан къилбаседехьара хидоькъен а, хӀордан а, кхин а Командоран гӀайренашна. Археологехь Сибрехан а, Чукоткин а, Аляскин а къилбаседа-малхбален декъах (хьалха лаьттан асано цхьанатоьхна лору хӀинца) дукха хьолехь олу йукъарчу терминца Беринги.

Витус вина къейеллачу оьздин Беринг Аннин Педерсдаттеран (1652—1713) а, таможнин белхалочун Хальмстадт Йонаса Свендсенан (1637 — 1720 шо кхачале) а доьзалехь. Иза кхоалгӀа бер дара доьзалехь. Данин паччахьан историографан Беринг Витус Педерсенан (1617—1675) вешин кӀента кӀант. Виборг гӀалин бургомистран Нильсен Педеран (1580—1658) кӀента кӀента кӀант, цуьнан фамили схьайаьлла Виборг гӀалин йистан кӀоштан Бьерринган цӀарах.

Жимачу волуш дуьйна иза йозане Ӏамош вара, ишкол цӀийнан уллехь йара. 14 шо долуш ишкол чекхйаьккхича Нидерландашкахь дӀайазвелира хӀордан флоте. ТӀаьхьа, 1703 шарахь, цуо чекхйаьккхира Амстердамера кадетийн корпус, оццу шарахь хӀоьттира российн эскаран гӀуллакхе подпоручикан чинехь, Ост-ХӀинде некъ бинчул тӀаьхьа, Сийлахь-Боккха Къилбаседа тӀом болучу хенахь гӀуллакхехь вара российн Балтикин флотехь.

1707 шарахь поручик вина. 1710 шарахь дехьаваьккхина Азовн флоте, вина капитан-лейтенант[2], баьччалла дина «Мункер» цӀе йолчу шнява-кемин. Туркойчоьнца тӀамехь дакъалаьцна.

1711 шарахь баьччалла дина 8 йоккха топ йолу «Таймалар» цӀе йолу шнява-кемин, кема охьадигина Воронеж а, Дон а чухула Азов тӀе[3][4].

1712 шарахь дехьаваьккхина Балтикин флоте, 1716 шарахь вина 4 ранган капитан.

1713 шарахь Выборгехь йалийна меттигерачу коммерсантан йоӀ Пюльзе Анна Кристина[5]. Зуда йалор беркате, ирсе хилира шинне а Беринг валлалц. 28 шеран марехь дира 8 бер, амма диъ бен ца дехира бераллера арадовллалц — кӀентий Йонас (1721—1786), Томас/Тимофей (1721—1786), Антон (1730—1796), ткъа иштта йоӀ Анна Хедвига Хелена (марехь фон Корф, 1731—1785)[6].

ТӀаьххьара Беринг даймахкахь хилира 1715 шарахь, кхин цига ца вахара.

1716 шарахь 4 ранган капитан Беринг баьччалла деш вара «Перл» кеман. 1717 шарахь цунах вира 3 ранган капитан. 1719 шарахь баьччаллехь вара «Селафаил» кеман тӀехь. 1720 шарахь вира 2 ранган капитан, баьччалла деш вара «Мальбург» кеман тӀехь, цул тӀаьхьа — «Лесное» кеман тӀехь. 1724 шарахь шен лаамца мукъаваьккхина гӀуллакхера, йуха а гӀуллакхе эцна «Селафаилан» баьчча 1 ранган капитанан чинехь.

Паччахь Пётр I а, географин талламаш а

бӀаьра нисйан
 
Vitus Bering Parken (Хорсенс)

Паччахьо Пётр I-чо болийначу баккхийчу балхех цхьаъ бара Российн а, дозанера мехкийн а Ӏилманан географи Ӏамор — уггаре хьалха, гӀирсашца суьрташ а дохуш, «инарлин карташ» хӀиттор.

1714—1716 шерашкахь, Камчатка Россех тоьхначул тӀаьхьа, Петран омарца Охотскан а, Камчаткин малхбузен бердаца хӀоттийра ладья-кеман тӀехь хӀорд чухула хаам. Цунах хаам кхаьчна, Беринга сацам бира Къилбаседа Америкин бердаш лаха, иза цунна хетарехь Камчаткин гена йац йа Азех кхеташ хила тарло. 1720—1721 шерашкахь экспедицех цхьаъ, Камчаткера къилба-малхбузе гӀоьртина, Курилийн раьгӀнийн йуккъе кхечира, амма америкин бердаш ца карийра.

Ша валале хьалха Пётрас Генара Малхбале хьажийра рогӀера экспедици, цуьнан коьртехь вара Беринг Витус. Российн императоран къайлаха инструкцица, Беринган тӀедиллинера ши кема а дина, берда йистехула дӀаваха, Азин а, Къилбаседа Америкин а йукъара лаг йа хидоькъе лаха аьлла, цул тӀаьхьа къилбасеамерикин бердашца къилбехьа охьагӀо аьлла.

Хьалхара, цул тӀаьхьа — ШолгӀа Камчаткин экспедицеш кечйеш ладаме роль а, белхаш беш а дакъа лецира Беринган гӀоьнчаша — капитан-командор А. И. Чириковс а, М. П. Шпанберга а.

Хьалхара Камчаткин экспедици

бӀаьра нисйан
 
Беринг леллачу меттигийн карта. Vitus Bering Parken (Хорсенс)

Хьалхара Камчаткин экспедици Петарбухера Охотске кхечира шина шарахь, 1725 шеран январера 1727 шеран январь кхаччалц — Сибрехахула, говрашкахь, гӀашша, эркан кеманаш тӀехь. Цигахь Ӏа даьккхина, экспедицис кеманаш тӀехь а, дӀадоьжна жӀалеш тӀехь а гӀирс дехьабаьккхира ахгӀайренан малхбузен бердйисте, Камчатка эркан, цигахь 1728 шеран аьхке йолалуш дина делира бот олу жима хикема, цунна цӀе тиллира «Сийлахь Жабраил». 1728 шеран июлехь-августехь кема хьаладахара къилбаседехьа, ткъа цул тӀаьхьа — къилбаседа-малхбалехьа материкца нисса. Некъ бечу хенахь картин тӀе йехира Карагинан айма гӀайренца цхьаьна, ЖӀаран айма, Провиденин бухта, Анадыран айма, Сийлахь Лаврентийн гӀайре.

Экспедици, тӀаьхьа хиира, хидоькъен (Беринган) чухула Чукоткин хӀорд чуйаьллера (цу тӀе къилбаседаамерикин берд ца карийра), цул тӀаьхьа йухадирзира, хӀунда аьлча Беринган Ӏалашо кхочуш йина хийтира: хиира азин а, къилбаседаамерикин а бердаш цхьаьна ца кхетий.

1729 шарахь Беринг Камчаткин гуо тесира къилбехьахула, гучуйаьккхира Камчаткин айма а, Авачинан гола а, тӀаккха Охотскехула а, йерриг Россехула а Петарбухе цӀа вирзира.

Иштта, Беринган шина шеран экспедицис — Россехь дуьххьарлера хӀордан Ӏилмин экспедицис — гӀирсашца суьрташ дехкира 35500 км дохаллехь хӀордан малхбузен бердийн, цунна тӀаьхьа дӀадиллинчу Беринган цӀе лур йу. Беринга чекхдаьккхира Азин къилбаседа-малхбален бердаш гучудахар, ткъа цуо шен куьйгакӀеларчаьрца хӀоттийна карта, говзанчаша билгал ма-даххара, тӀаьхьа Азин къилбаседа-малхбале гойтуш лелийра берриг малхбузаевропин картографаша.

ШолгӀа Камчаткин экспедици

бӀаьра нисйан

1730 шеран мартехь Хьалхара Камчаткин экспедицера Российн импере йухавирзина, Беринг Витуса кехаташ гайтира, царна тӀехь Америка Камчаткин гена ца хиларх, Америкин бахархошца махлелор пайдехьа хир хиларх тешаш ву ша аьлла. Йерриг Сирехахула шозза чекхваьлла, иза тешна вара цигахь аьчкан маьӀда, туьха даккха таро йуй, бепиг кхио мегар дуй. Беринга кхин дӀа а Российн Азин къилбаседа-малхбален бердаш талла, Амуран хикхочене а, Японан гӀайренашка а хӀордан некъ талла — ткъа кхин а америкин континенте а.

1733 шарахь Беринган тӀедиллира ШолгӀа Камчаткин экспедицин коьрте хӀоттар. Беринг Витус а, Чириков Алексей а Сибрехахула чекхваьлла Камчаткера Къилбаседа Америке цуьнан бердаш талла ваха везаш вара. Шпанберг Мартынин тӀедиллинера Курилийн гӀайренийн картанаш дахкар чекхдахар а, Японе боьду хӀордан некъ лахар а. Цхьаьна хенахь масех тоба декхарийлахь йара къилбаседа а, къилбаседа-малхбузен а Российн бердаш картин тӀедаха Печорин тӀера Чукотке кхаччалц.

1734 шеран йуьххьехь Беринг новкъавелира Тобольскера Якутске, цигахь цуо кхин а кхо шо даьккхира, экспедицин даар а, гӀирс а кечбеш. Кхузахь а, тӀаьхьуо Охотскехь а цуьнан дийзира бала хьега меттигера Ӏедало гӀо ца дар бахьнехь. ШолгӀа Камчаткин экспедицехь дакъалецира тӀаьхьа сибрехан митрополит хилла, Екатерине II-гӀаниг йолучу хенахь кхел йина, Ӏазапхочун дарже ваьккхина волчу Арсенийс.

1740 шеран гурахь бен ара ца делира ши пакетбот-кема, «Сийлахь Пётр» а, «Сийлахь Павел», Охотскера Камчаткин малхбален бердашка. Кхузахь Авачинан голин кӀоштахь экспедицис Ӏа даьккхира бухтехь, цунна экспедицин кеманийн сийнна Петропавловскан аьлла цӀе тиллира. Кхузахь шен тӀера Камчаткин коьрта шахьаран истори йолийна йолу йуьрт йиллира, — Петропавловск-Камчатски гӀала.

Беринг Витус а пакетбот-кема «Сийлахь Пётр» а ССРС 1990 шеран иэсан нахарт тӀехь, 999 цӀеналлин палладех дина, «Оьрсийн Америка дӀайелларан 250 шо кхачарна лерина» серера

1741 шеран 4 июнехь — Беринг Витусан къузткъа шо кхочучу шарахь — В.Беринган баьччаллера «Сий. Пётр» а, «Сий. Павел» (А.Чириков) а кхечира Америкин къилбаседа-малхбузен бердашка. 20 июнехь хӀорд ловзаран а, йуькъа дохк хиларан а хьолехь вовшех къаьстира. Масех дийнахь вовше лехна, ца карийна, церан дийзира шешша некъ бан. В. Беринган баьччаллера «Сийлахь Петр» малхбалехьа дахара 1741 шеран 16 июлехьСийлахь Павелал» цхьа де тӀаьхьа а, оьрсийн кеманех кхоалгӀа а) 58°14' шораллехь кхечира Къилбаседа Америкин берде Сий. Илясан ламанан кӀоштахь.

 
Оьрсий а, алеуташ а цхьаьнакхетар (Ваксель Свенан сурт).
 
Беринган каш
 
Поэтан Беринг Витус Педерсенан сурт, йехачу хенахь лорура хӀордахочун сурт, ткъа поэт цуьнан деваша вара
 
Беринг Витусан сийнна мидал

1874 шарахь Российн-Америкин компанин векалш дечиган жӀар хӀоттийра сийлахь хӀордахочун каш хила тарлочу меттигехь. ТӀаьхьуо меттигерачу талламхоша хӀинца йолу иэс хӀоттийра — вовшашна тӀекӀела тӀейаьлла биъ са болу тӀулгийн ши экъа, тӀехула чуьйнан экъа а йолуш. Барз тӀехула лаьтта 3,5 м аьчкан жӀар.

1991 шарахь даздеш дара Беринг а, Чириков а Америкин къилбаседа-малхбузен 250 шо кхачар. Шпаро Дмитрийн Дуьненайукъара «Хин бухара Ӏалам» а, «Хилларг» клубан а йукъаралло ССРС Ӏилманан академин археологин институтаца цхьаьна экспедици йира Беринган гӀайрен тӀе, данин талламчаш дека а озош. Оццу хенахь «Балтикин иэс» йукъаралло кхоьллира хибухара-археологин тоба. Экспедицин коьрта Ӏалашо хилира массо агӀора Ӏамор а, Ӏалашйар а Командоран гӀайренийн историн-оьздангаллин тӀаьхье, Беринган каш лахар, хибухара-археологин белхаш Командор бухтехь «Сий. Пётр» пакетбот-кемин якорш лахар.

Экспедицин карийра Беринг Витусан а, кхин пхеа хӀордахочун а каш. ДаьӀахкаш Москоха дӀайаьхьира, цигахь уьш теллира суьдан медикаша, цаьрга Беринган сурт хӀоттаделира. Данин а, российн а историкаш ма-хӀоттора, йериг справочникашкахь а, жайнашкахь а гайтина командоран Беринг Витусан суьрташ, цуьнан дац, ткъа хӀордахочун санна цӀе йолу цуьнан девешин ду — паччахьан кертара данин поэтан, цуьнан сийнна Витусан и цӀе а йеллера. Беринган цергаш тӀехь цингин ларраш ца карийра, цуо Беринг кхечу лазарх велла ала таро йелира. ШолгӀачу шарахь хӀордахочун даьӀахкаш йухайеина Командоран гӀайренаш тӀе йуха дӀайоьхкира.[7]

ГӀуллакхаш къобал дар

бӀаьра нисйан

Дуккхан хан йийзира Беринган гӀуллакхаш дуьззина къобалдан. Беринган талламаш нийса хилар чӀагӀдина дуьххьарлера новкъахо хилира, ингалсан хӀордахо Кук Джеймс. Цуо кховдийра Чукоткин а, Аляскин а йукъара хидоькъен цӀе Беринган цӀарах тиллар.

Дуьххьара Беринг Витусан иэс хӀоттийна Петропавловск-Камчаткинехь. Чуьйнан экъан бух тӀехь йаздина: «1740 ш. Петропавловск йиллина хӀордахочун Беринг Витусан».

 
Тюменан бердйистера Беринган иэс

2010 шарахь "Сийлахь-Йаккхий Камчаткин экспедицешна" цӀе йолу Беринг Витусан лерина борзанан иэсаца йолу скульптурин композици хӀоттийна Тюмень гӀалин хин бердйистехь.[8] Иэс тӀехула айаделла кемин гата, уллехь пенан тӀехь кхетош йаздина у ду.

2016 шарахь Командоран гӀайренаш карийна 275 шо кхачарна Беринган гӀайренан тӀера Никольски эвлахь хӀоттийна[9] Беринг Витусан кхин а иэс — хӀоьттина лаьтта скульптура[10], иза йина борзанах (автор — скульптор И. П. Вьюев[11]).

 
Беринган гӀайренан тӀера Никольски эвлахь Беринг Витусан хӀоттийна иэс

Беринган цӀе тиллина цхьа могӀа географин объекташна:


Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Витус Беринг (12 августа 1681 - 19 декабря 1741) , русский мореплаватель, офицер российского флота, полярный исследователь. Calend.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 14 август.
  2. Беринг, Витус // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  3. Загоровский В. П. Беринг, Витус // История Воронежского края. — Воронеж: Центрально-черноземное книжное издательство, 1982. — С. 26. — 312 с. — 10 000 экз.
  4. Чернышёв, 2002, с. 63.
  5. Наталья Охотина-Линд. Капитан-командорша // Родина : журнал. — М., 2003. — № 8. Архивйина 2013  шеран  22 январехь.
  6. Экспедиции, любовь и мечты Витуса Беринга
  7. Звягин В. Н., Мусаев Ш. М., Станюкович А. К. Витус Йонассен Беринг. Медико-криминалистический портрет. — Баку: Азербайджанское государственное издательство, 1995.
  8. Памятник легендарному мореплавателю украсил тюменскую набережную. t-l.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 3 ноябрь.
  9. Владимир Илюхин поздравил жителей Никольского с 275-летием открытия Командорских островов. petropavlovskkamchatskiy.bezformata.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 28 январь.
  10. Памятник Витусу Берингу в с. Никольское. http://petropavlovskkamchatskiy.bezformata.ru. Архивйина 2017-02-02 — Wayback Machine
  11. КОМАНДОР ВИТУС БЕРИНГ. 275 ЛЕТ СПУСТЯ | КАМЧАТСКОЕ ИНФОРМАЦИОННОЕ АГЕНТСТВО (КИА «ВЕСТИ»). kamvesti.com. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 28 январь.
  12. Дрейфующие станции "Северный полюс" (1937, 1950 - 1991, 2003 - 2008 гг.). ГУ "Арктический и антарктический научно-исследовательский институт" (ГУ ААНИИ). — Список событий. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 23 октябрь. Архивйина 2011-12-04 — Wayback Machine
  13. Указ Президента Российской Федерации от 31.05.2019 № 246 «О присвоении аэропортам имен лиц, имеющих особые заслуги перед Отечеством»

Литература

бӀаьра нисйан
Хьосташ
  • Аронов В. Н. Патриарх камчатского мореходства // Вопросы истории рыбной промышленности Камчатки: Ист.-краеведческ. сб. Вып. 3. 2000.
  • Вахрин С. Покорители великого океана. Петропавловск-Камчатский: Камштат, 1993.
  • Магидович И. П., Магидович В. И. Очерки по истории географических открытий. Т. III. М., 1984
  • Русские экспедиции по изучению Северной части Тихого океана в первой половине XVIII в.: Сб. / Сост. Т. С. Федорова, Л. В. Глазунова, Г. Н. Федорова и др. — М.: Наука, Главная редакция восточной литературы, 1984. — 320 с[1].
  • Свердлов Л. М. Русское поселение на Аляске в XVII в.? // Природа (М.). 1992. № 4. С. 67-69.
  • Чернышев А. А. Российский парусный флот: Справочник в 2-х тт. Т. 2. М.: Воениздат, 2002. С. 424—425.
Кхин тӀе
  • Андреев А. И. Экспедиции Беринга // Известия Всесоюзного географического общества. 1943. Т. 25. Вып. 2.
  • Беринг, Витус // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
  • Берг Л. С. Открытие Камчатки и экспедиции Беринга 1725—1742 гг. — Л.: Изд-во Главсевморпути, 1935. — 411 с.: ил.
  • Боднарский М. С. Великий северный морской путь. Историко-географический очерк открытия Северо-восточного прохода. — М.; Л.: ОГИЗ, 1926. — 256 с.: ил. — Серия «Библиотека путешествий».
  • Ваксель С. Л. Вторая Камчатская экспедиция Витуса Беринга / Пер. с нем. Ю. И. Бронштейна под ред. А. И. Андреева. — Л.; М.: Изд-во Главсевморпути, 1940. — 176 с.
  • Дивин В. А. Русские мореплаватели на Тихом океане в XVIII веке. — М.: Мысль, 1971. — 374 с.
  • Дьяконов М. А. Путешествия в полярные страны. — Л.: Изд-во Всесоюзного Арктического ин-та, 1933. — 208 с. — Серия «Полярная библиотека».
  • Дьяконов М. А. История экспедиций в полярные страны. — Архангельск: Архангельское обл. изд-во, 1938. — 487 с.
  • Ковалев С. А. Тайны пропавших экспедиций. — М.: Вече, 2011. — 384 с. — (Морская летопись).
  • Кушнарев Е. Г. В поисках пролива. Первая Камчатская экспедиция 1725—1730 гг. — Л.: Гидрометеоиздат, 1976. — 168 с.: ил.
  • Лялина М. А. Русские мореплаватели арктические и кругосветные. Путешествия В. Беринга, Г. Сарычева, Ф. П. фон-Врангеля, Ф. П. Литке, Пахтусова и др. — 3-е изд. — СПб.: Изд. А. Ф. Девриена, 1903. — 447 с.
  • Малов В. И. Тайны пропавших экспедиций. — М.: Оникс, 2008. — 251 с. — (Библиотека открытий). — ISBN 978-5-488-01497-8
  • Островский Б. Г. Великая Северная экспедиция. 1733—1743 гг. — Архангельск: Севкрайгиз, 1935. — 140 с.
  • Островский Б. Г. Беринг. — Л: Изд-во Главсевморпути, 1939. — 195 с.
  • Пасецкий В. М. Витус Беринг / Худож. Л. Гридчин. — М.: Географгиз, 1958. — 48 с. — (Замечательные географы и путешественники). — 30 000 экз.
  • Пасецкий В. М. Витус Беринг (1681—1741) / Отв. ред. акад. А. П. Окладников(†); Академия наук СССР. — М.: Наука, 1982. — 176 с. — (Научно-биографическая серия). — 100 000 экз.
  • Хелимский Е. А. Краткий обзор данных по этнонимии сибирских и уральских народов в рукописном наследии Второй Камчатской экспедиции //Три столетия академических исследований Югры: от Миллера до Штейница. Ч. 1. Академические исследования Северо-Западной Сибири в XIX—XX вв.: История организации и научное наследие: Материалы международного симпозиума. — Екатеринбург, 2006. — С. 197—209.
  • Хинтцше В. Вторая Камчатская экспедиция на реках Иртыш и Обь // Три столетия академических исследований Югры: от Миллера до Штейница. Ч. 1. Академические исследования Северо-Западной Сибири в XIX—XX вв.: История организации и научное наследие: Материалы международного симпозиума. — Екатеринбург, 2006. — С. 31—38.
  • Чуковский Н. К. Беринг. — М.: Молодая гвардия, 1961. — 127 с. — (Жизнь замечательных людей: Серия биографий. Основана в 1933 г. М. Горьким; Вып. 19 (333)).
  • Экспедиция Беринга: Сб. док-тов / Гл. арх. упр. НКВД СССР; подгот. к печати А. Покровский. — М.: [Тип. им. Воровского], 1941. — 417, [2] с.
  • Кеп:Книга:Российский парусный флот
  • P. Werner Lange: Zum Land hinter den Nebeln. Das Leben des Vitus Bering und die zwei Kamtschatka-Expeditionen, VEB F. A. Brockhaus Verlag, Leipzig 1985.
  • N. Kingo Jacobsen & Else Vedel (red.), Vitus Bering 1741-1991, C.A. Reitzel, 1993. ISBN 87-7421-807-7.
  • Lind, Natasha Okhotina; Møller, Peter Ulf, eds. (2002), Under Vitus Bering's Command: New Perspectives on the Russian Kamchatka Expeditions, Beringiana, Aarhus, Denmark: Aarhus University Press, ISBN 87-7288-932-2.
  • P. Lauridsen, Bering og de Russiske Opdagelsesrejser (Copenhagen, 1885).

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан