Бер ден цӀа
Бер ден цӀа — пхораллех болчу зударшна, бер дечу а, динчул тӀаьхьа а, ткъа иштта керла дина берашна а говза медицинан гӀо латтош болу медицинан кхоллам.
Пхораллехь болчу зударшна терго латтайо. Бераш дарна медицинан терго ярхьама дина бер ден цӀа. Бер ден цӀеношкахь цомгаш болу зударий а, керла дина бераш а къастабо могушчех. Бер ден цӀенна юкъайогӀу зударийн консультаци, стационар, физиологин акушерийн дакъа, пхораллин патологи йолчу зударшна лерина дакъа, обсервацин акушерийн дакъа, керла динчу берийн 1-ра а, 2-гӀа а акушерийн декъан палаташ, гинекологин дакъа.
Россехь дуьххьара пачхьалкхан бер ден цӀа диллина паччахьан Николая II-гӀачун омарца 1897 шарахь, «…боьха лела зударшка урам тӀехь бераш ца дайта» аьлла. Оцу хенахь бер ден цӀийнахь бер даро къоьлла а, оьзда нахах ца хилар а гойтура. Зударша бераш цӀахь деш хилла, бер оьцу зударийн Ӏуналлийца. ССРС дира дукха пачхьалкхан бер ден цӀенош, уьш лерина дара бер дечу зударшна говза медицинан гӀодархьама.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйанБер ден цӀа Викилармехь |
- Бер ден цӀа — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |