Боьлкъазарш
ХӀокху агӀонан тӀехь хьажоргаш яц. Яздинарг талла йиш йолуш хила деза, ткъа яцахь иза дӀадаккха там бу.
Хьа йиш ю хӀара агӀо таян , авторитет йолу хьосташ тӀетоьхна. |
Боьлкъазар тайпанаш, я боьлкъазарш (лат. Talpidae) — доьзал декхашдолчарех салгаматашдуучеран тобанера[1]. Шуьйра яьржина Евразехь а, Къилбаседа Америкехь а (къилбан Канадера къилбаседа Мексике кхаччалц). Евразин къилбаседехь 63° къ.-с. ш. кхаччалц.
Боьлкъазарш | |||||||||||||||||||||||||||||||
![]() Европин боьлкъазар (Talpa europaea) латана тӀехула | |||||||||||||||||||||||||||||||
Ӏилманан классификаци | |||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
юккъера рангаш
| |||||||||||||||||||||||||||||||
Дуьненаюкъара Ӏилманан цӀе | |||||||||||||||||||||||||||||||
Talpidae Fischer-Waldheim, 1817 | |||||||||||||||||||||||||||||||
|
ТӀехулара кепНисъе
Боьлкъазарш — салгаматашдуучарех кегийра а, юккъера а барамера дийнаташ: дегӀ 5-21 см деха ду; йозалла 9-170 г. ю. Уьш (тӀехула еха латта охку боьлкъазарш йоцурш) латтан бухахь охкучу дахарах йоьлла ю. Церан дегӀ озийна, гоьрга, буькъа, нийса, бархатан чо а баьлла ду. Боьлкъазаран кетар шакепара башха ю — цуьнан чо бахло нийсса, цхьана агӀор хьаькхна бац. Иза бахьанехь боьлкъазар дӀасхьаяхало латта бухахь муьлххачу агӀора — чо паргӀата буьжу хьалха а, тӀехьа а. Бооьлкъазарш цхьана басахь хуьлу, Ӏаьржа, Ӏаьржа-бора я таьӀана-сира. Шарахь кхузза чо туьлу: бӀаьста, аьхка, гурахь. Когаш доца ду, хьалхарниш белкепара шордина ду; мӀараш яккхий, лакхара чӀапйина ю. ТӀехьара когаш гӀийла хуьлу хьалхарчарел. ЦӀога доца ду. Корта жима, муцӀара бу. Мара озийна цӀоьмалг йина бу. Лаг тӀехула гӀеххьа бен гуш дац. ЛергдогӀа дац. БӀаьргаш кхиана дац — йоӀбӀаьрг а, са гойту пардо а дац, бӀаьрган кӀаг жима а, негӀаршца къевлина а бу; цхьайолчу тайпашна бӀаьргаш тӀе чо болу. Хьожаяр а, хӀума хаадалар а дика ду.
Туьта еха, муцӀара, мочхалин Ӏадмаш чӀогӀа дуткъа ду. Цергаш 33 тӀиера 44 кхаччалц ю. Цергийн барам а, кеп а боьлкъазарийн тайпа билгалдоккхуш лелайо. БукъдаьӀахкаш: йоӀзар 7, некхауьн 13—14, хоттаршан 5—6, гӀартхоттен 5—6, цӀоган 8—27. ДаьӀахкаш, белшан асанера, шуьйра а, чӀогӀа а. Динбухк хоттало белшан даьӀахкаца (кхечу екхашйолчеран — пханаран гаца). Хенан даьӀахк еха а, юткъа а ю. Боьршачеран бакулюм ю.
ӀуьргашНисъе
Ӏуьйшу экханех къаьсташ, масала бӀаьрзанаш, боьлкъазаршка ца ахкало латта цергашца, цундера еха дукха хьолехь кӀеда, семса латта долчохь — хьуьнхахь, байн аренашкахь. Юучунна цара цхьа маша кӀорге а йоцу юурган лоьлийлаш йохку, царна чутекха догӀан нӀаьний. Юурган лоьлийлаш готтий а, еха а хуьлу, аьхка уьш кӀоргехь ца хуьлу, 2-5 см бухахь, Ӏай кӀорго хуьлу. Юурган Ӏуьргийн машано дӀалоцу масех бӀаь йеакӀон метр майда. Ӏуьргаш деттачу латтан бухахула чекхдовлуш (тачанаш, кхин а), боьлкъазаро кӀоргайо лоьлийла 15-30 см кхаччалц. Иштта «дехьадовлийла» ахка хала ду, цундера цхьана дехьаволийла лелайо масех экхано. КӀорга лоьлийла охкуш боьлкъазарш хьалакхуьйсу латтан оьланаш[2]. Бенан чоь 1,5—2 метр кӀоргехь хуьлу, иза кечъеш дукха латта аратотту лакха 1 м диаметр, 80 см лекха йолуш оьла а еш.[3]
ЭкологиНисъе
Боьлкъазарш еха латтан гонахе тайп-тайпанчу ландшафташкахь, амма гӀоле хетарг, тӀуьна латта долу меттиг ю, ахка атта йолу дера. Дукхаша йолу тайпана боьлкъазарш лаьттан бухара дахар леладо, лоьлийлаш охкуш, букъадаьӀахкйоцурш юуш. Хьалхара когаш охка гӀирс а, латта агӀора а, тӀехьа а дӀататта а башхалла йолуш бу, тӀехула дукхаха йолу боьлкъзарш текхаш лела. Цхьа йолу тайпа боьлкъазарш юург лохуш тӀехула йовлу я латтан тӀехулара дахар леладо. Жигаралла дийнахь-буса я маьркӀажа-буса ю. Метаболизман лакхара барам бу массо а сагалматашдуучеран, боьлкъазарш сутара ю — дийнахь шен йозалла барамехь хӀума юу. Юург йоцуш европан боьлкъазар ца Ӏало 14 сохьтал сов. Ӏаьнан заман чохь цуо юу дуккха а кӀезга аьхкачул, кхин а кӀорге йоьду нӀаьнешна тӀехьа[4]. Ӏаьнна юьту юург догӀанан нӀаьний ду; боьлкъазара уьш дийна дуьту, амма дегӀсецна дуьту, кортош дӀа а кхоллий[5]. Боьлкъазарш еха дукха хьолехь шешша, вовшехкхета дебаезачу хенахь.
Бахамехь иэшарНисъе
Боьлкъазарш пайдехь ю, латта самса доккху, аэрацина а, латта тӀундарна а аьтту бо. Цара халлакайо дукха юьртан а, хьунан а бахаман зуламе йолу букъадаьӀахкйоцурш. Цхьайолу боьлкъазарш зуламдо догӀан нӀаьний дууш, шайн лоьлийлашца стоьмийн а, хастоьмийн а орамаш халлакдеш.
КлассификациНисъе
Доьзалло вовшех туху 15—17 тайпа, массо а тайпанийн барам — дезткъа гергга.
ДоьзалкӀелара боьлкъазарш — Talpinae. Еха Евразехь а, Къилбаседа Америкехь а[6] .
- Тайпа Condylura
- Тайпа Euroscaptor — Махбален Азин боьлкъазарш
- Тайпа Mogera — Могераш
- Тайпа Neurotrichus
- Тайпа Parascalops
- Тайпа Parascaptor
- Тайпа Scalopus
- Тайпа Scapanulus
- Тайпа Scapanus — Малхбузаамерикан боьлкъазар
- Тайпа Scaptochirus
- Тайпа Scaptonyx
- Тайпа Talpa — Башхаллайоцу боьлкъазар
- Talpa altaica — Сибрехан боьлкъазар
- Talpa caeca — Б1аьрза боьлкъазар
- Talpa caucasica — Кавказан боьлкъазар
- Talpa europaea — Башхаллайоцу боьлкъазар, я европан боьлкъазар
- Talpa levantis — Жимаазин боьлкъазар
- Talpa occidentalis — Иберин боьлкъазар
- Talpa romana — Йаккхий цергаш йолу боьлкъазар
- Talpa stankovici — Станковичан боьлкъазар
- Talpa davidiana — Иранан боьлкъазар
- Urotrichus — Японан латтаохку боьлкъазар
ДоьзалкӀелара Uropsilinae, тайпа Цийн латтаохку боьлкъазарш (Uropsilus), 4 кепара, даьржина Тибетехь а, Цийхь[6] :
- Uropsilus andersoni — Сычуанан латтаохку боьлкъазар
- Uropsilus gracilis — Жимах латтаохку боьлкъазар
- Uropsilus investigator — Юньнанан латтаохку боьлкъазар
- Uropsilus soricipes — Цийн латтаохку боьлкъазар
ДоьзалкӀелара выхухолаш — Desmaninae. Яьржина Европехь а, Малхбузан Сибрехан къилбехь. Наггахь доьзалкӀеларнаш ша лаьтта доьзал санна а лору, наггахь Talpinae юкъахь триба санна лору.
Россехь еха 4 кепара башхаллайоцу боьлкъазар (Talpa) а, 2 — могер (Mogera).
Кхин латтабухара дийнаташНисъе
Екхачарна юкъахь боьлкъазарах тера дахар долуш ю:
- Австралин т1оьрмиган боьлкъазар,
- Дешийнбоьлкъазарш, доьзал тенрекокепара тобанера,
- Латтаохкурш а, бӀаьрзачеран а доьзалера экханаш.
Боьлкъазарш оьздангаллехь а, исбаьхьаллехь аНисъе
- «Боьлкъазаран хилларш» — чехийн Милер Зденек режиссёран Боьлкъазаран кӀорнех а, цуьнан доттагӀех а лаьцна мультфильм.
- «Диалог. Боьлкъазар а, хӀоа а» — советан йоцуметражан мультфильм, яьккхина 1987 шарахь.
- Боьлкъазар — «Дюймовочка» туьйран цхьа турпал.
- Боьлкъазар Спеклз — «Дарвинан декхар» фильман коьрта турпалех цхьаъ.
- «Боьлкъазарш» — «Шахтёр» футболан клубан официалан йоцу цӀе.
- «Боьлкъазарш» — хӀора кӀиран сканвордин газет.
БилгалдахаршНисъе
- ↑ Дзержинский Ф. Я., Васильев Б. Д., Малахов В. В. Зоология позвоночных. 2-е изд. — М.: Издат. центр «Академия», 2014. — 464 с. — ISBN 978-5-4468-0459-7 — С. 420—421.
- ↑ Обыкновенный крот — Talpa europaea. www.ecosystema.ru. Теллина 2016 шеран 26 февралехь.
- ↑ Ильичев В. | Эти удивительные кроты | Газета «Биология» № 6/2008. bio.1september.ru. Теллина 2016 шеран 26 февралехь.
- ↑ Борьба с кротами на приусадебном участке. www.rumvi.com. Теллина 2016 шеран 26 февралехь.
- ↑ На чёрный день // Секреты природы. — ЗАО «Издательский дом Ридерз дайджест», 1999. — С. 197. — ISBN 5-89355-008-0
- ↑ 1 2 Русские названия по книге Кеп:Книга:Полная иллюстрированная энциклопедия. «Млекопитающие». Кн. 2