Тибет
Тибе́т (тиб. བོད་, Вайли bod, Бё[К 1]; 西藏 Сицзан, неп. तिब्बत) — Йуккъера Азин кӀошт, лаьтта Тибетан акъарин тӀехь.
Тибет | ||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Экзотопонимаш | 西藏, Сицзан | |||||||||||||||
Географин регион | Юккъера Ази | |||||||||||||||
Мур | VII бӀешо — хӀинца а | |||||||||||||||
Локализаци | ЦХР къилба-малхбузе | |||||||||||||||
Бахархой | 10,5 млн | |||||||||||||||
Майда | 1,2 млн км² | |||||||||||||||
ЙукъайогӀу | Тибетан автономин кӀошт, Юньнань, Сычуань, Цинхай, Ганьсу (ЦХР) | |||||||||||||||
Цунна йукъайогӀу | У-Цанг, Амдо, Кам | |||||||||||||||
Махкахь пачхьалкх | ||||||||||||||||
|
||||||||||||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Оьздангаллин а, динан а йукъаралла, билгалйоккху амалш ю тибетийн мотт а, тибетийн буддизм а.[1] Орамера бахархой — тибетхой.
1950 шарахь дуьйна[К 2] доккхаха долу дакъа ЦХР йукъадоьду, Тибетийн автономин кӀошт, Юньнань, Сычуань, Цинхай, Ганьсу провинцешкара автономин дакъош санна, царна йукъахь йекъна йу Тибетан историн областаш У-Цанг, Кам, Амдо. Лхаса — Тибетан историн коьрта шахьар а, Тибетан автономин кӀоштан административан центр а йу.
Тибет ЦХР йукъатохар тӀемца чубахаран жамӀ ду, хьал хӀинца а чолхе ду.[1]
Дхарамсалехь (ХӀинди) йу Тибетан эккхийна правительство, цуьнан корта 2011 шо кхаччалц вара Далай-лама XIV[2], дуьненахь уггаре дика бевзачех а, ларамечех а цхьаъ[1]. 2011 шеран 27 апрелехь, дерриг дуьненан тибетан диаспоро кхаж тасаран жамӀаца, корта хаьржина Лобсанг Сенге[3].
Географи
бӀаьра нисйанМайда (У-Цанг, Кхам, Амдо провинцешца) — 1,2 млн км².
Мехкан йуккъера локхалла: 4000 метр хӀордан тӀегӀан тӀера.
Тибетан махкара схьадолу цхьа могӀа даккхий эркаш, уьш чекхдовлу тӀаьхьа кхин къаьмнаш дехачу мехкашкахула, цундела алсама девза оцу къаьмнийн меттанашкара цӀерашца. Уьш ду Ярлунг-Цангпо (тиб.ཚངས་པ (Брахмапутра), Ма-Чу (Можа эрк), Джи-Чу (Янцзы), Сенге-Цангпо (Инд), Пунг-Чу (инд.: Арун), Наг-Чу (бирм.: Салуин), Дза-Чу (Меконг).
Уггаре дика Ӏаьмнаш: Цонаг, Нам-Цо, Ямджо-Юмцо, Мапам-Юмцо (Манасаровар), Мигриггъянгджам-Цо.
Йуккъератемпература: 14 °C июлехь, −4 °C январехь.
Йочанийн йуккъера барам: чӀогӀа къаьста, малхбузен областашкахь 1 мм январехь а, 25 мм июлехь а; малхбален областашкахь 25—30 мм январехь а, 80 мм июлехь а.
Пайден маьӀданаш: 126 тайп-тайпана минералаш, царна йукъахь бура, уран, аьчкан маьӀда, хромит, деши, литий, боксит, цӀаста, кӀора, туьха, слюда, гӀели, мехкдаьтта, кхин а.
Климат
бӀаьра нисйанТибетехь ю ламанан климат дийнахь-бусий чӀогӀа температураш а лесташ, шортта мелхан серло а йолуш. Тибетан къилбан а, къилбаседан а температурийн башхалла чӀогӀа йоккха ю.
Уггаре дика климат ю къилба-малхбален Тибетан кӀажошкахь. Иштта дика климат ю Лхаса а, Шигадзе а гӀаланашкахь. Лхасехь шеран йуккъера температура ю +8 °C, Шигадзе +6,5 °C, ткъа къилбаседехьа, Тибетан акъарин тӀехь а, Тибетан къилбаседехьарчу декъехь а, шеран йуккъера температураш 0°С лахара ю; и областаш ю Гуттаренна гӀура йолчу зонехь.
Тибетан дукхаха болу бахархой беха Лхасера Шигадзе кхаччалц кӀоштахь а, Тибетан акъарин малхбален йисттехь а; къилбаседа а, йуккъера а, ткъа иштта Тибетан малхбуза областашкахь а адам кӀезиг ду.
Лхасехь климат | |||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Гайтам | Янв. | Фев. | Март | Апр. | Май | Июнь | Июль | Авг. | Сен. | Окт. | Нояб. | Дек. | Шо |
Юьззина максимум, °C | 6,8 | 9,2 | 12,0 | 15,7 | 19,7 | 22,5 | 21,7 | 20,7 | 19,6 | 16,4 | 11,6 | 7,7 | 14,7 |
Юккъера температура, °C | −2,2 | 1,1 | 4,6 | 8,0 | 12,0 | 15,6 | 15,4 | 14,5 | 12,8 | 8,0 | 2,2 | −1,8 | 8,9 |
Юьззина минимум, °C | −10,2 | −6,9 | −3,2 | 0,9 | 5,1 | 9,2 | 9,9 | 9,4 | 7,6 | 1,4 | −5 | −9,1 | −0,1 |
Хьост: [1] |
Дозанаш а, административан хӀоттам а
бӀаьра нисйанТибетан автономин кӀошт |
Тибетан автономин гуонаш |
Тибетан автономин уездаш |
Ламастаца Тибетан мохк боькъура провинцешка У-Цанг, Кам, Амдо, цу тӀе хӀинцалера Тибетан автономин кӀоштан мехкан йукъайоьду У-Цанг а, Каман малхбузен дакъа а, ткъа Каман бисина мохк а, Амдо регионан мохк а бекъна Юньнань, Сычуань, Цинхай, Ганьсу провинцешна.
Цийчоьнан Ӏедало Тибетан мохк бекъна лахарчу административан дакъошка:
- Тибетан автономин кӀошт;
- Тибетан автономин гуонаш Цинхай провинцехь;
- Тибетан автономин гуо а, Тибетан автономин уезд а Ганьсу провинцехь;
- Тибетан автономин гуо а, Тибетан автономин уезд а Сычуань провинцехь;
- Тибетан автономин гуо Юньнань провинцехь.
Бахархой
бӀаьра нисйанТибетхой коьртаниг къахьоьгуш бу йуьртан бахамехь (даьхнийлелорехь). Тибетан махкахь беха цийхой бу урхаллехь, махлелорехь, хьашташ кхочушдаран секторехь. Иза доьзна ду, Тибет, Цийчоьнах дӀатохале, къаьсташ хилар экстенсиван тайпана аграрин экономикица. Цийчоьнан правительствос кхуллучу керлачу отраслашна, этносан тибетхошна йукъахь говзанчаш бацара.
Керсталла
бӀаьра нисйанТибете кхаьчна дуьххьарлера керстанаш бара несторианаш, церан ларраш а, йозанаш а карийна Тибетехь. Уьш иштта дара Шира Ордора Мункен лагерехь, цигахь 1256 шарахь къамелаш дира Карма Пакшица (1204/6—83), Карма Кагью ишколан куьйгалхочуьнца.[4][5]
XVII—XVIII бӀешерашкахь Руман-католикийн иезуиташ а, капуцинаш а оьхура Европера. Цхьаболчу Ӏилманчаша лору, португалхойн диндаржораш де Андраде Антониу а, ваша Маркеш Мануэл 1624 шарахь, уггаре хьалха кхечира малхбузен Тибете, уьш тӀеийцира паччахьан доьзало, царна бакъо елира килса йогӀа[6][7]. ТӀаьхьуо керсталла йовзийтира Ладакхехь а, У-Цангехь а, иза хазахетарца тӀеийцира Цанган урхалчо. Цхьацца хьосташа хуьлийта хьалхара иезуитийн миссионер Иоганн Грюбер, цуо 1656 шарахь хадийра Тибет Синин тӀера Лхасе кхаччал, цигахь цуо бутт баьккхира, Непале хьалха.[8] Царна тӀаьххье бахара кхин берш, цара килс юьйгӀира Лхасехь. Царна йукъахь бу иезуит Ипполито Дезидери (1716—1721) а, тайп-тайпана капуцинаш (1707—1711, 1716—1733, 1741—1745 шерашкахь)[9]. XVII бӀешарахь Гелуг ишколан Ӏаткъам нисбархьама, цхаболчу тибетан урхалчаша а, Кармап ишколан ламанаша а леладора керсталла, амма 1745 шарахь берриг миссионераш аралаьхкира ламанаша ца битина.[10][11][12][13][14]
Тибет оьздангаллехь
бӀаьра нисйанТӀаьхьарчу хенахь йукъайевлла Тибетах лаьцна масех, уггаре евзаш ерг царех — голливудан, коьрта ролехь Питт Брэд волуш, «ВорхӀ шо Тибетехь» а, режиссёран Скорсезе Мартинан «Кундун» а. Кхин фильмаш: «Самсара», «Миларепа», «Кад», «Гималай», фильм французаш а, америкахоша а тибетан актёраш а болуш йаьккхина, кино йаьккхина Непалехь а, Тибетехь а.
«Куку бехира:Ламанан патруль» — оронго браконьерех ларъеш болу тибетхойх фильм. Фильмо дехира дуккха а совгӀаташ[15].
Тибетроссийн исбаьхьалчийн, масала Николай Рерих, Ранну Аллан дуккха а суьртийн турпалхо ю.
Факташ
бӀаьра нисйан- 1920-гӀа шерашкахь Тибетехь яра лергашна а, меранна а налогаш.
- 2001—2006 шерашкахь диллина лекха лаьмнийн цӀерпоштнекъан дакъа Голмуд — Лхаса. 1142 км декъах — 969 км биллина 4 км хӀордан тӀегӀанал лакхахь, цӀерпоштнекъо цхьаьна меттигехь дукъ доккху 5 км хӀордан тӀегӀанал лакхахь. Пассажирийн вагонаш чу лекха лаьмнийн дакъошкахь ницкъала кислород ло, кондиционеран системехула а, хӀора меттиган шен-шена а.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- Комментареш
- ↑ Произношение на лхасском диалекте
- ↑ Разные источники называют различные даты:
- 1949 год (Tibet, Chinese. Occupation. of. (1949-.) (Ground Warfare: An International Encyclopedia. ABC-CLIO, 2002)
- 1950 год (Tibet // Britannica)
- 1951 год (Tibet // The Columbia Encyclopedia, 6th ed., 2012)
- Хьосташ
- ↑ 1 2 3 Tibet // Britannica
- ↑ Липкин М. Далай-лама XIV . Кругосвет. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 23 октябрь.
- ↑ Липкин М. Далай-лама XIV . Би-би-си (2011 шеран 27 апрель). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 31 март.
- ↑ Kapstein, Matthew T. The Tibetans (2006) Blackwell Publishing. ISBN 978-0-631-22574-4 стр. 31, 71, 113
- ↑ Stein, R. Tibetan Civilization (1972) Stanford University Press. ISBN 0-8047-0901-7 стр. 36, 77-78
- ↑ Graham Sanderg, The Exploration of Tibet: History and Particulars (Delhi: Cosmo Publications, 1973), pp. 23-26; Thomas Holdich, Tibet, The Mysterious (London: Alston Rivers Ltd., 1906), p. 70.
- ↑ Sir Edward Maclagan, The Jesuits and The Great Mogul (London: Burns, Oates & Washbourne Ltd., 1932), pp. 344—345.
- ↑ Narratives of the Mission of George Bogle to Tibet, and of the Journey of Thomas Manning to Lhasa, pp. 295—302. Clements R. Markham. (1876). Reprint Cosmo Publications, New Delhi. 1989
- ↑ Stein, R. Tibetan Civilization (1972) Stanford University Press. ISBN 0-8047-0901-7, стр. 85
- ↑ When Christianity and Lamaism Met: The Changing Fortunes of Early Western Missionaries in Tibet Архивйина 2010-06-26 — Wayback Machine by Lin Hsiao-ting of Stanford University(ингалс.)
- ↑ «BBC News Country Profiles Timeline: Tibet». 2009-11-05. Retrieved 2009-03-11.
- ↑ Lettera del P. Antonio de Andrade. Giovanni de Oliveira. Alano Dos Anjos al Provinciale di Goa, 29 Agosto, 1627, quoted from Wu, Zaoqi Chuanjiaoshi jin Zang Huodongshi, p. 196; Maclagan, The Jesuits and The Great Mogul, стр. 347—348.
- ↑ Cornelius Wessels, Early Jesuit Travellers in Central Asia, 1603—1721 (The Hague: Nijhoff, 1924), стр. 80-85.
- ↑ Maclagan, The Jesuits and The Great Mogul, pp. 349—352; Filippo de Filippi ed., An Account of Tibet, стр. 13-17.
- ↑ «Mountain Patrol, a film from National Geographic World Films»(ингалс.)
Литература
бӀаьра нисйанАрахьара аудиофайлаш | |
---|---|
Подкаст о Тибете и его традициях |
- Мартынов А. С. «Статус Тибета в XVII—XVIII веках в традиционной китайской системе политических представлений», — М.: Наука, 1978.
- Козлов П. К., Тибет и Далай-лама, Петербург: 1920, на сайте «Руниверс»
- Овчинников В. В. «Вознесение в Шамбалу»
- Кузьмин С. Л. Скрытый Тибет: история независимости и оккупации. СПб.: изд. А. Терентьева, 2010
- Цендина А. Д. Масляная скульптура // …и страна зовется Тибетом. — М.: Восточная литература, 2002. С. 263—269.
- Van Walt van Praag M.C. 1987. The Status of Tibet: History, Rights, and Prospects in International Law. Boulder, Colorado: Westview Press.
- И.Гарри. Буддизм и политика в тибетском районе КНР. Улан-Удэ, 2009.
- Powers J., Templeman D. Historical Dictionary of Tibet. — Scarecrow Press, 2012. — 794 с. — ISBN 9780810868052.
- Кычанов Е. И., Мельниченко Б. Н. История Тибета с древнейших времен до наших дней. — М: Восточная литература, 2005. — 351 с. — ISBN 5-02-018365-2.
- Гонпо Таши Андругцанг. 4 реки, 6 горных цепей. Воспоминания о движении Сопротивления в Тибете. — Москва: фонд «Сохраним Тибет», 2014. — 108 с. — ISBN 978-5-05792-14-4.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- China, Tibet and the Chinese nation
- China Tibet Information Center
- Tibet University (Simplified Chinese)
- The East Tibet Website Архивйина 2008-05-16 — Wayback Machine
- Овчинников В. В. Тибет стал частью Китая ещё в Средние века. — ИА «Интерфакс», 2007.
- Официальный сайт Тибетского правительства в изгнании
- Amnesty International Report 2004
- Olympic Watch (Committee for the 2008 Olympic Games in a Free and Democratic Country) on Tibet-related
- Beefy’s Nepal and Tibet Page — photos and information on Tibet (and Nepal)
- ru_free_tibet в поддержку освобождения Тибета
- Тибетский буддизм
- The Tibet Map Institute