Брекчи
Брекчи (итал. breccia— кагдалар)[1] — маьӀгаш йолу вовшахлетта кеггарех (1 см йолу) хилла ломан порода. Конгломератах къаьсташ брекчин йукъахь гоьрга кеггарш дац.

Классификаци Нисйе
Шен хӀоттамца брекчеш йекъало:
- Мономиктан брекчи — хилла цхьаьна породан кеггарех.
- Полимиктан брекчи — хилла масех тайп-тайпанчу породех.
Шайн кхоллаяларца брекчеш йекъало кхаа тобан:
- лаван кеггарш тӀуьна лавано вовшахлетош
- охьа а оьхуш, хьаса болу лаван Ӏовраш кеглуш (лаван брекчи)
- туф а, кхин тӀапломах евлла кеггаран материалаш гуллуш (туфобрекчи)
- тӀапломан областийн сацкъаран Ӏовраш гулъяларца диагенез йолуш (лахараш).
2. Охьайижна брекчи
- континентан хьолашкахь хуьлу басенийн делюви, охьайийшина Ӏовраш йа карстан есаллин тхьов чубожарх йисинарш (карстан брекчи) вовшахлеташ.
- Ша билгалйолу даьӀахкан брекчи, иза кхоллало массашкахь букъа даьӀахкйолу дийнаташ яла а елла, дӀайоьхкинчу меттигашкахь.
- хӀордан хьолашкахь брекчи кхоллало бердашкара тархаш йа рифаш дохарца.
- Йааяларан брекчеш — кхоллало ломан породийн чкъоьраш йукъахь тектоникан леларш бахьнехь, иккхинчу меттигехь породаш кегъяларца. Даккхий кеггарш ишттачу брекчеш йукъахь йукъайоьду кегийрачу массана. Къасто хала хуьлу тектоникан а, охьайижина а брекчеш.
Хьажа кхин а Нисйе
Билгалдахарш Нисйе
- ↑ Геологин дошам, 1978, Брекчеш.
Литература Нисйе
- Левинсон-Лессинг Ф. Ю. Брекчия // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Кеп:Геологический словарь
Породийн тоба | Кеггарийн барам | Цемент хиланза | Цемент хилла | ||
---|---|---|---|---|---|
Горгъелла | Горгъяланза | Горгъелла | Горгъяланза | ||
Шога кегъелла породаш (псефиташ) | 10 — 1 м | Окъаман тархаш | Окъамаш | — | — |
1 м — 10 см | Тархаш | Каггар (блокаш) | Тархийн конгломерат | Каггаран (блокан) брекчи | |
10 — 1 см | Сицкъар | ТӀо | Сицкъаран конгломераташ | ТӀон брекчеш | |
1 см — 2 мм | ЖагӀа | Дресва | Гравелиташ | Дресвяникаш | |
ГӀамаран породаш (псаммиташ) | 2 — 0,05 мм | ГӀамарш | ГӀамара тӀулгаш | ||
Ченала породаш (алевриташ) | 0,05 — 0,005 мм | Алевриташ | Алевролиташ | ||
Саз-лаьттан породаш (пелиташ) | < 0,005 мм | Сацкъарш, Саз-латташ | Саз-латташ, аргиллиташ |