Конгломерат (схьадаьлла лат. Conglomero — йоккха оьлане гулйо[1]) — охьахиина ломан порода, вовшахлетта кхоъ хӀоттаман элемент: жагӀа йа горгалгаш, кеггарш кегийра юзучу хӀуманца (гӀум, алеврит, кхин а), вовшахтосу хӀума (цемент). Цементан меттана хила тарло карбонаташ, мергелаш, аьчган мусталла. Конгломераташна йукъахь кхин конгломераташ а хила тарло.

ТӀапломах йаьлла конгломерат
Цементан меттана аьчган мусталла йолу конгломерат.
Полимиктан конгломератан хадор

Конгломерат брекчех къастаран коьрта хьесап ду, тӀаьхьарчун йукъахь горгалг хилла жагӀан меьттана ира сонаш долу кеггарш хилар.

Тайпанаш а, классификаци а

бӀаьра нисйан

Тайпанаш хӀоттамца:

  • Полимиктан конгломерат — шен хӀоттамца тайп-тайпана конгломерат.
  • Мономиктан конгломерат — цхьатерра хӀоттам болу конгломерат.

Йукъакхеттачеран барамца екъар:

  • Тархийн конгломераташ — йукъахь 10-100 см барам болу тӀулгаш хуьлу.
  • Боккха жагӀан конгломераташ — йукъахь боккха 5-10 см барамехь жагӀа хуьлу.
  • Юккъера жагӀан конгломераташ — йукъахь 2,5-5 см барамера жагӀа хуьлу.
  • Жима жагӀан конгломераташ — йукъахь 1-2,5 см барамера жагӀа хуьлу.

Лаьттан чкъоьрашкахь латтарца йина классификаци:

  • Базалан конгломераташ — лаьтта стоммаллин (свиташ) бух чохь, Ӏохку сен йа параллелан нийса цаярца ширачу ломан породашкахь[2]
  • Формацин чоьхьара конгломераташ — Ӏохку чкъоьрнаш кепара марталлин охьахааран кепашкахь. Кхоллало хино яржоран Ӏаткъамца йа кеггаран материал яран муьрашца[3]

Литература

бӀаьра нисйан
  • Конгломерат // Геологический словарь. Т. 1. М.: Недра, 1978. С. 350.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Конгломерат // Геологический словарь. Т. 1. М.: Недра, 1978. С. 350.
  2. Конгломерат базальный // Геологический словарь. Т. 1. М.: Недра, 1978. С. 350.
  3. Конгломерат внутриформационный // Геологический словарь. Т. 1. М.: Недра, 1978. С. 350.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан