Виеру, Наталья Станиславовна
Вие́ру Ната́лья Станисла́вовна (рум. Natalia Vieru; 1989 шеран 25 июлехь, Кишинёвхь) — российн баскетболхо.
Виеру Наталья | |||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
рум. Natalia Vieru | |||||||||||||||||||
Мукъа агент | |||||||||||||||||||
Позици | Центровой | ||||||||||||||||||
Локхалла | 200 см | ||||||||||||||||||
Йозалла | 85 кг | ||||||||||||||||||
Гражданалла | Росси | ||||||||||||||||||
Йина терахь | 1989 шеран 25 июль (35 шо) | ||||||||||||||||||
Йина меттиг | Кишинёв, МССР, ССРС | ||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Клубан карьера
бӀаьра нисйан2005/06 а, 2006/07 а шерашкахь левзина Суперлига-Б йукъахь «Динамо-2» (Курск) командехь. Берийн-Жимахойн Баскетболан Лигин чемпион, 2006 а, 2007 а шерийн турнирийн MVP «Динамо» (Курск) командин йукъахь.
2007/08 шерашкахь левзира «Спарта&К» (Видни, Москохан область) командехь. Хьалхара масех шарахь алсама левзира кегийрхойн командехь, цул тӀаьхьа коьрта хӀоттамера ловзархо хилира. «Спартакан» шолгӀа командехь ловзуш туьйлира Лакхарчу лигин турнирехь, хилира Российн кегийрхойн хьалхейаккхаран «детин» совгӀатхо, шозза В. Кузинан кад баьккхина (Российн кедан харжаман турнир. Коьртачу командин йукъахь ловзуш кхузза чемпион хилла Евролигин (2008, 2009, 2010), Европин Суперкад 2009, 2010 баьккхина, Российн чемпион 2008, Российн вице-чемпион 2009,2010,2011.
2011/12 шеран чемпионатехь левзина Словакехь «Гуд Энджелс» (Кошице) командин йукъахь, Словакин чемпион а хилла, кад а баьккхина, ткъа кхин а къобал йина 2011/12 шеран Словакин чемпионатан уггаре дика ловзархо йу йаьлла.
2012/2013 шарахь «Спарта&К» командин йукъахь Российн чемпионатан детин совгӀатхо хилла, 2012/2013 шеран Российн кедан детин совгӀатхо.
2014/2015 шарахь оренбурган «Надежда» командехь хилира Российн чемпионатан детин совгӀатхо а, 2014/2015 шеран кедан борзанан совгӀатхо а.
2015 шеран аьхка Виеру дехьайелира екатеринбурган клубе УГМК, цигахь хийцира карьера чекхйаьккхинау Степанова Мария[1]. 2015/2016 шарахь цуо гӀодира клубан Российн чемпионат а, Евролига а йаккха, шинне а турниран финалехь УГМК иэшийра Виерун хьалхара команда, «Надежда»[2]. УГМК йукъахь Натальяс, 2016 шеран 20 октябрехь ФИБА Суперкад баьккхира, иэшийра "Вильнев-д'Аск" (Франци) 66-63 чоьтаца. 2017 шеран 24 декабрехь УГМК клубан йукъахь Виеру Натальяс Курск гӀалахь Российн кад баьккхина. Ткъа 2017 шеран 1 майхь екатеринбурган «УГМК» йукъахь пхеа матчан серехь, кхоаззалгӀа Российн чемпион хилира[3].
2018/19 шо "дешин" хилира УГМК клубан, ткъа Н.Виеру клубан йукъахь хилира Евролигин йалхазза чемпион, доьазза баьккхина ФИБА Суперкад, шозза баьккхина Российн кад, пхоьазза Российн чемпион.
Дуьненайукъара карьера
бӀаьра нисйанКхиамаш
бӀаьра нисйанКомандин
бӀаьра нисйан- Баскетболех ловзаран Российн чемпион: 2007/08
- Российн чемпионатан детин совгӀатхо: 2008/09, 2010/11, 2012/13
- ФИБА Европин Суперкад баьккхинарг: 2009, 2010
- Евролигин чемпион: 2007/08, 2008/09, 2009/10
- Российн кедан детин совгӀатхо: 2012/13
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Дьячкова, Елена. Баскетболистка Виеру призвана заменить в составе УГМК Степанову - Рябков . Р-Спорт (2015 шеран 28 май). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 17 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 16 сентябрехь
- ↑ Столбунова, Вероника. Баскетболистка Виеру заявила, что ее ожидания от перехода в УГМК оправдались . Р-Спорт (2016 шеран 4 май). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 17 июль.
- ↑ УГМК – 11-кратный чемпион России!