Викто́ри (Виктория-Ньянза, Укереве)[1]Танзанин, Кенин, Угандин мехкашкара Малхбален Африкин Ӏам. Лаьтта Малхбален-Африкин платформин тектоникан чутаӀарехь, 1134 м.[4] хӀордан тӀегӀанал лакхахь. Майда — 68 эз. км², чухоам — 2760 км³[2]. Иза шен майданан барамца дуьненахь шолгӀа теза Ӏам бу (Лакхара Ӏомал тӀаьхьа). Уггаре дехачохь – 320 км, шшуьйрачехь – 274 км[5]. КӀоргаллин йуккъера барам – 40 м (уггаре кӀоргачехь 80 м)[3]. 1954 шарахь Оуэн-Фолс чӀинг йиначул тӀаьхьа Ӏомах хи лоттийла йина[6].

Ӏам
Виктори
инг. Lake Victoria, Victoria Nyanza
Морфометри
Абсолютан локхалла1134[1] м
Барамаш320[1] × 275[1] км
Майда68 000[1] км²
Чухоам2760[2] км³
Ӏоман йистасов 7000[1] км
Уггаре доккха кӀоргалла80[1] м
Йуккъера кӀоргалла40[3] м
Гидрологи
Дарбане хиларан тайпатеза[1] 
Дуьралла0 ‰
Бассейн
Ӏомах кхета хиКагера
Ӏам чуьра схьадолу хиКӀайн Нил
Лаьтта меттиг
1° къ. ш. 33° м. д.HGЯO
Пачхьалкхаш
РегионКагера, Мванза, Мара, Ньянза, Малхбузен провинци, Малхбален область, Йуккъера регион
Африка
Виктори
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
Виктори Ӏам а, Йоккха рифин аре а

Ӏам тӀехь дукха гӀайренаш йу, уггаре йоккханиг — Укереве. Ӏомах кхета шорта хи долу Кагера эрк, арадолу Виктори-Нил. Ӏам тӀехь даьржина чӀара лацар (100 сов кепара чӀара, дукха эндемикаш), кеманаш лела. Коьрта порташ — Мванза, Букоба (Танзани), Энтеббе, Джинджа (Уганда), Кисуму (Кени). Рубондо гӀайрен тӀехь (Танзани) — къоман парк[5] йу, Мабоко гӀайрен тӀехь (Кени) миоценан ӀаӀаршкахь карийна викториапитек тайпана мартышкан маймалан даьӀахкаш.

Ӏам кара а бина, цунна Паччахь-аьзни Викторин сийнна, цӀе тиллина британин новкъахочо Спик Джон Хеннинга 1858 шарахь.

Меттигерачу бахархоша Ӏомах олу Ньянза (гочдича Ӏам бохург ду). Дж. Спика тӀетоьхна меттигерачу цӀеран паччахь-аьзнин Викторин цӀе, Ӏомах 1920-гӀа шераш кхачалц олура Виктори-Ньянза. ХӀинца Виктори бу кхаа пачхьалкхан, хӀоранна чохь а, Ӏаьмнашца деха къаьмнийн этнонимех кхоллайелла, шайн масех цӀе йу. 1960-гӀа шерашкахь оцу мехкаша айира оцу Ӏоман йукъара цӀе харжар. Кховдийра, кхаа пачхьалкхехь лело, суахилин меттера цӀе: Ухуру, — маршо; Ширикишо — барт, цхьаьнакхетар; Умоджа — цхьаалла, амма сацам ца бира.[7]

Кхоллабалар

бӀаьра нисйан

Ӏомо дӀалоцу Малхбален-Африкин чӀапломан къилбаседен декъан легӀана тектоникан чутаӀар, къилбаседехьара къевлина лаван Ӏовраша. Кхоллабелла антропогенан муьран йуккъехь, Малхбален-Африкин кагъелла меттигийн зонан йуккъерачу генна чохь Альберт а, Эдуард а Ӏаьмнийн кӀаьгнаш кхоллалучу хенахь, цуо дохийра хьалха Конгон кӀаг чу оьхуш хилла хин охьаоьхийла. Охьаэхаран керла система йирзира малхбалехьа, чӀапла тӀийра чутаӀаре, цигахь кхоллабелира боккха Ӏам, цуьнан майда башха йоккха йара плювиалан муьрехь. Шира Ӏомачура хи охьадаха доладелира малхбузехьа, Альберт Ӏам чу, кхин дӀа Нилан системи чу Виктори-Нил чухула, Мёрчисон чахчари кхоллалучехь. Виктори а, цунна къилбаседехьа лаьтта Кьога Ӏам а — ширачу Ӏоман реликташ бу[3].

Европахоша Ӏам беллар

бӀаьра нисйан

1858 шеран 30 июлехь ингалсан новкъахо а, талламхо а волчу Спик Джон Хеннинга схьабиллина европахошна Ньянза Ӏам, цунна тиллина паччахь-аьзнин Викторин цӀе. Цуо новкъахь йаздина тептарш дисина, цуо меттигерачу бахархойн хаамийн бух тӀехь, тардолуьйту Ӏам Нилан хьост хилар[8]. Лондоне йухавирзича, цуо кхайкхийра Паччахьан географин йукъараллехь Нилан хьост карорах. 1860 шарахь Спик Виктори Ӏам тӀейоьду кхин цхьаьна экспедицин коьрте хӀоьттира, оцу экспедицехь дӀадиллира Ӏам чукхета Кагера эрк а, кхин а цунна чуьра арадолу Виктори-Нил эрк а, КӀайн Нил Айсина Нилах кхетий Нил кхоллало. КӀайн Нил чухула охьавеина, йуха изза некъ бира латтан тӀехула, иштта цуо гайтина шен Нилан хьост карор[9]. ТӀаккха а Европера къийсамаш лаьттира «New York Herald Tribune» газетан корреспондент а, гӀараваьлла новкъахо а волу Стэнли Генрин экспедици йухаерзалца. Цуо кхоъ экспедици йира Африке, цхьаьна экспедицехь Виктори Ӏам тӀе а вахана, бакъ дира Спика дуьйцург[10].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 Викто́рия // Географический энциклопедический словарь: географические названия / Под ред. А. Ф. Трёшникова. — 2-е изд., доп. — М.: Советская энциклопедия, 1989. — С. 103. — 210 000 экз. — ISBN 5-85270-057-6.
  2. 1 2 Holtzman J., Lehman J. T. Role of apatite weathering in the eutrophication of Lake Victoria //Environmental Change and Response in East African Lakes. — Springer Netherlands, 1998. — С. 89-98.
  3. 1 2 3 Виктория (озеро в Африке) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  4. Виктория // Большой энциклопедический словарь.
  5. 1 2 Виктория / Под общей редакцией акад. В. М. Котлякова. — Словарь современных географических названий. Екатеринбург: У-Фактория, 2006.
  6. Горкин А. П. Виктория // Краткий энциклопедический словарь. — Большая Российская энциклопедия, 2000. — Т. 1.
  7. Поспелов Е. М. Виктория // Географические названия мира: Топонимический словарь. — М.: АСТ, 2001.
  8. BgВести.com — В этот день было открыто озеро Виктория в Африке. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 17 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 19 сентябрехь
  9. BBC, Historic Figures — John Hanning Speke (1827—1864)
  10. Генри Стэнли 1841-1904- Секция География Архивйина 2014-07-14 — Wayback Machine
Цитатийн гӀалат: Тег <ref> «Britannica» цӀарца, кху <references> йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла йозан йукъахь йац.


Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан