Гавар (административан дакъа)
Гавар[1] (эрм. Գավառ) — ашхарал тӀаьхьа, йоккхаллин барамехь шолгӀа, Шира Эрмалойчоь екъаяларан административан-мехкан дакъа[1]. Оьрсийн матте гавар эрмалоша наггахь гочдо «уезд»[2] олий.
Дьяконовца, Эрмалойн акъарин ша Ӏаламо таро йийра юьхьанца дуьйна эрмалой мехкашка бекъарех, цундела Эрмалойн акъари, Загросан лаьмнаш санна, йекъало гаварашка – къевлина атагӀаш а, атагӀийн дакъош, цунна тӀе ширачу заманахь къовладалар кхин а чӀогӀа дара евлла луьста хьаннаш а, къух а бахьнехь, цара къовлура ломан басеш а, Ӏаннаш а, ламбекъарш а[3]. Эрмалойн акъарин тӀаьхь пачхьалкхийн структураш кхоллале, тайпа, хоьур дара шина я кхаа тогӀин чохь, Дьяконовс дийцарехь, церан тарло хир яцара гуттаренна а латто шайн кхолламаллин цхьаалла, ца бевлча ца бовларна бен, масала, хенан тӀеман барт а беш кхечу тайпанашца[3].
Шираэрмалойн гавараш чеккхенца кечъярна иштта гӀо дира стратигаша. Шира Эрмалойчоь, ГӀажарчоь а, СелевкидгӀеран паччахьалла а санна, йекъалора стратигешна. ХӀора гаваран коьртехь хилла паччахьан сардал стратег. ТӀаьхьа Йоккха Эрмалойчоьнан стратигийн цӀе елира гавар аьлла. Гаварийн барам тайп-тайпана муьрашкахь хуьлура 120 тӀера 200 кхаччалц, уьш цхьаьна тохара 15 ашхаро/наханго.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан
ХӀара Эрмалойчоьнан исторех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |