Ашхар[1] (эрм. աշխարհ, ма-дарра «латта»,«дуьне»), кхин а наанг[1] (эрм. նահանգ) — Йоккха Эрмалойчоь уггаре доккха административан-мехкан декъадаларан дакъа.

Цул жима дакъа — гавар — йогӀура чоьхьарчу, дукха хьолехь билламан йолчу, ашхараш регионашка екъаяларца.

Йоккха Эрмалойчоьнан ашхараш

бӀаьра нисйан
 
Луларчу пачхьалкхашка хьаьжина Йоккха Эрмалойчоь латтар. Гайтина Тигран ШолгӀачо даьхна мехкаш.

«Ашхарацуйцан» куьйга йозанца Йоккха Эрмалойчоь екъалора 15 ашхаре[1]:

 
Йоккха Эрмалойчоьнан административан-мехкан декъадалар. Билгалъяьккхина ашхар Арцах. Цунна аьрру агӀора — Севан Ӏам. Лахахь аьрру агӀора — Ван Ӏам. Лахахь аьтту агӀора — Урми Ӏам. Сийна бесца къастийна аьтту агӀора доза — Каспий-хӀордан бердйист. ХӀинцалера Республика Эрмалойчоь лаьтта коьртаниг Айрарат, Сюник ашхарийн мехкан декъехь, Гугарк а, Утик а ашхарийн жимачу декъехь.
  1. Лакхара Эрмалойчоь (Лакхара Айк)
  2. Цопк
  3. Алдзник (Ахдзник)
  4. Туруберан
  5. Мокк
  6. Корчайк (Корджайк)
  7. Нор-Ширакан (ГӀажарийн Эрмалойчоь)
  8. Васпуракан
  9. Сюник
  10. Арцах
  11. Утик
  12. Пайтакаран
  13. Тайк
  14. Гугарк
  15. Айрарат

Ашхараш, я наангаш екъалора шен рогӀехь гаварашка — дикка а кегийра дакъош, хӀора ашхарехь хилла юккъера барам 8 тӀера (Цопкехь) 36 кхаччалц (Васпураканехь).

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьаьжа кхин а

бӀаьра нисйан