Дехар «Газа» хьажийна йу кхузе; Бож см.
Гезарий.
Газа (лат. Capra hircus), Авст (1 шо кхаьчна газа) — еса маӀа йолу доьзалан ломан гезарий (Capra) кепара шалго берг йолу дийнатан тайпанан бахаман дийнат.
Газа — дуьххьара карадерзинчех цхьа хьайба ду. Карадерзийна Гергара Малхбалехь, 9 эзар шо гергга хьалха. Газа схьаяьлла акха безоаран божах (Capra hircus aegagrus), уьш тахана а хаало Эгейн хӀорд чуьра грекийн гӀайренаш тӀийра, Жимачу Азе, Эрмалойн акъаре тӀе кхаччалц, Хьалхарчу Азера Йуккъера Азе кхаччалц.
Хан бӀенашкара эзар шере кхаччалц йолу, 83 шира гезарийн (51 геноман йукъалацарца) шира кепийн, ДНК митохондриалан а, хӀоьънан а рогӀан секвенированис, ширачу кепашкахь гучуяьккхира митохондриалан гаплотоба A, B, C, D, G. Акха гезарийн палеолитийн кепаш кхета деккъа хьалха дӀахиллачу T (гучуяьккхина акха капридехь, малхбузакавказан хьехехь) а, F (гучуяьккхина безоаран божан а, кӀеззига йолчу сицилин гезарийн а) а тевнех. Кхин а тӀаьхьара постнеолитийн кепашкахь митохондриалан A гаплотоба хуьлу алсама ериг дерриг дуьненахь[1]. Караерзорах йоьзна 2 ген, гучуяьлла гезарийн уггаре кӀезиг а 7200 - 8100 шо хьалха, тӀекхетта лакхарчу лестаме кхаччалц митохондриалан A гаплотоба яржарца цхьаьна[2].
Дукхаха йолчу гезарийн а, бежалойн а маж хуьлу, ткъа дегӀан тӀехь нийса тӀаргӀа бу. Цуьнан бохалла а, дикалла а тайпанах дозуш ду. Масала, ангорин гезарийн тӀаргӀа беха а, чилланах тера а бу, ткъа кашмиран гезарийнаг гӀарабаьлла стомма патарца. Бос хийцало цӀена-кӀайчунна тӀийра таьӀна-боьрачунна, Ӏаьржачунна, къорзачунна тӀекхаччалц. МаӀаш бух тӀехь агӀонашкара тӀеттӀатаьӀна, тӀехьа йирзина хуьлу.
Гезарша юу буц, диттийн къуона маргӀалш, коьллаш, диттийн чкъоьраш. Цара сиха юу дукха юург, ткъа хӀума яаран йукъаметтигехь нохь доккхуш Ӏа. Кхечу нохь доккхучеран санна, йиина юург гулло зорхьан цхьаьна декъан чохь — Искиртиг чохь, цунна чохь цхьа дакъа охьийн сегӀазан авгол бо, иза охьа а Ӏаьттабой, багахь Ӏуьйшу. Газа экаме йац, таро ю кхин даьхний мацаллехь хин долчу меттигашкахь а яха. Цуо лов тӀех шелонаш а, тӀех йовхонаш а, амма тӀуналлийца уьйр йац. Уггаре дика хьелаш ду гезаршна ахъекъа кӀошташкахь, масала, Теркан, Невран, Шелковскан кӀошташ.
Газана дукха хӀума оьшуш дац, тоам бо чӀогӀа гӀийла дожийлех а. Гезарий дика хьалайовлу, кхин даьхний ца дажалочехь а ежа уьш. Еха 9—10 шарахь, уггаре дукха 17 шарахь еха; бахамехь лелоран йуккъера барам 7—8 шо.
Оре лацар хуьлу шарахь цкъа, цхьа бож тоьу 30—50 газа йолчу жен. 21—23 кӀиранах лаьттачу пхораллил тӀаьхьа, дукха хьолахь, ши буьхьиг йо, делахь а кӀезиг ца хуьлу меттигаш алсама йина а (пхеанга кхаччалц). Уьш дуьнен тӀейовлу са а гуш, дика кхиина тӀаргӀанан чкъор а долуш, масех сахьт даьлча аьрха кхийсало.
ТӀаьхьарчу археологин хаамашца, гезарий бахаме ерзийна 11 зар гергга шо хьалха. Доместикацин регион — Гергара Малхбале, Хьалхара Ази. Цу тӀе караерзор хилла цхьаьна хенахь Гергарчу Малхбузен кхаа регионехь — малхбузен, малхбален, къилба, вовшенца дозуш а доцуш. Кхин тӀаьха, мах леор кхиачи а, регионехь бахархой лелар а бахьнехь, оцу кхаа тайпана гезаршна йукъара башхаллаш дӀаевлла. ХӀоьънан геноман анализо чӀагӀдо, тахана бахамехь лелон гезарийн цхьа да ца хилар, таханлера дийнатийн орамехь лаьтта кхоъ ширачу заман газа. Хьалха анализ яьккхира акхачеран, шира гезарийн популяцин талламо гучудаьккхина, уьш 47 эзар шо хьалха къаьстина хилар. Талламаша гучудаьккхира, доместикации неолитан муьрера тайп-тайпана адамийн популяцеш йина хилар. Ширачу гезарийн генетикера башхаллаш нисса йукъаметтиг йолуш хуьлу, оцу хенахь Гергарчу Малхбалехь баьхначу ахархойн генетикца, уьш бекъабелла шина генна — анатолин а, иранан а.
ХӀинцалера тайпанан европин гезарий генетикица гергара ю Малхбуза Гергара Малхбален неолитан заманан гезарийн. Малхбален Азера хӀинцалера гезарийн генетика Хьеначу лаьттан эха беттан малхбузера ширачу гезарийн популяцех ю. ХӀокху заманан африкин гезарий уггаре гергара ю гезарийн къилба шира генетикин асанан — Левант.
Гезарийн акха да — маж йолу я безоаран бож — муфлон ехачу областашкахь еха. Акха, ахкаршкахь карийна безоаран божан а, неолитан муьрера карийна гезарийн а даьӀахкийн геноман дика талам боьдучу хенахь, карийна план хӀоттош йина селекцин хьесапаш, оцу хьесапашца дийнаташ хоржура тӀаьхьарчу хьесапашца — дегӀ даккхар, метаболизм, пигментаци, репродукци, шуралла[3][4].
Тайпанан йукъадогӀу ялх бухара тайпа[5]:
Оьздангаллин коннотацийн оьшуш хилира гезарийн амалш, масала, тӀахъаьлла хилар, кхоссаялар, харцхьаралла, хаа гӀертар, шен амале хилар, летар. Гезан кхоссаяларца доьзна авиаторийн говзаллин жаргон, «газа яла», цуо гойту зиеделла воцучу пилото кема охьадоссош кхоссадалийтар. Синтемзаллийца — тардо царех бераш (масала «хӀай газа яьӀ»), ткъа ингалсан маттахь kid (буьхьиг) дашах синоним хилла «бер» дешан. ХӀил долчу гезан амалех дуьйцу оьрсийн халкъан туьйрано «Коза-дереза» (Газа-гуьзалг). «Газа» кунья чӀогӀа новкъа хетийташ ю, иза йоьхку сийдоцуш хиларца, сийсазаллийца, ямартлонца. Жоьлкашна йукъахь цуо билгалвоккху набахтин администрацица лечкъа а ца деш болх беш верг, кхин а яздо, XX бӀешеран 30-50 шерашкахь иштта олура партал гомосексуализмхочух (юха котамаш ала долийра царех]]»)[8].
Зударшна йукъахь чӀогӀа даьржина ду кица «Безам дера — газа а еза», цигахь «газа» дешан маьӀна ду сий доцу, боьха хӀума. Оцу маьӀнийца догӀу «берриг божарий — гезарий»[8].
Фразеологизм «Мукъаяьллачу гезан вотанча», билгалвоккху билгала хӀума а ца лелош, миска веха стаг, схьадаьлла оьрсийн XIX бӀешерера буьнан ламасташца, цигахь дукха хьолахь жухарг ловзура газан туьтмӀаьжигца, ткъа хьовса нах кхойкхура вотанчо (дукха хьолахь — къиенбелла мукъа баьхна тӀеман музыканташ)[8].
Газанца уьйр ю Украинехь оьрсашна йолу «кацап» этнофолизм, иза схьадолу бессарабин аларх «как цап» (цап, рум. ţap — бож) — оьрсех иштта олура, цара можмаш[9] лелон дера. Кхечу версица и термин схьайолу туркойн «kasap» — «хасапхо», иза юьхьанца ала долийра XVI—XVII бӀешерашкара оьрсийн гӀашлойх, доьзна дара цара лелочу оцу хенан герзах — диг кепарчу бердыш бахьнехь[10].
Газа йиллина цхьацца пачхьалкхийн а, регионийн а, гӀалийн а хӀосташна тӀехь.