Газуева Айзан (йина 1984 шеран[4] 14 март, Хьалха-Марта, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР — кхелхина 2001 шеран 29 ноябрь, Хьалха-Марта, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохчийчоь) — Хьалха-Мартанан кӀоштан бахархоша шен къизаллица вуно вон вуьйцуш волу а, нохчий къизаллица хьийзина волу а Гаджиев ша оьккхуьйтуш вийна йолу нохчийн йоӀ.

Газуева Айзан
Айзан
Айзан
Йина терахь 1983 йа 1984 шеран 14 март({{padleft:1984|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})[1]
Йина меттиг Хьалха-Марта, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР
Кхелхина терахь 2001 шеран 29 ноябрь({{padleft:2001|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:29|2|0}})[2][3]
Кхелхина меттиг Хьалха-Марта, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохчийчоь
Да Ваха
Майра Ӏалихан

27 ноябрехь Газуева Айзан комендатуре еънера, шен майра стенна лаьцна хьажа. Инарла волучу Гаджиев Гейдара, шен гӀаролийн гӀоьнца боьха мотт а буьйцуш эккхира Айзан[5].

2001 шеран 29 ноябрехь Хьалха-Мартанан йуккъерачу майданехь Газуева Айза (Эльза), Хьалха-Мартанан кӀоштан комендант волучу инарла-майор Гаджиев Гейдарна улле йахара, оцу хенахь Гаджиев хилла кӀоштан администрацера комендатуре воьдуш, цуьнга мохь а тоьхна шен дегӀахь йихкина йолу оьккха хӀума эккхийтира Айзана. И эккхар бахьнехь кхелхира ша Газуева а, Гаджиев а, цуьнан гӀаролехь волу кхоъ российн эскархо а[6][7]. Хьалха-Мартанан кӀоштан бахархоша шен къизаллица вуно вон вуьйцуш вара Гаджиев Гейдар, иза вуьш Айзанан хилла 18 шо. Гаджиев бумба эккхийтинчул тӀаьхьа ши де даьлча велира[8].

«ПРИМА» агентствон хаамашца, Газуеван майра а, шиъ ваша а лаьцна хилла Хьалха-Мартанан кӀоштан комендатуран белхалоша, ткъа тӀаьхьо уьш карийнера байина[9].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан