Куз
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Гобеле́н йа Куз (фр. gobelin) — пенах туху, лаьтта тосу тӀехь сурт йа гахӀаран композици йолу, тайнех куьйга буьйцина декоративан-прикладни говзаллин цхьа кеп[1] . Буцучо, куз беш а, сурт дуьллуш а, чекхдоккху шоралха-тай бух чухула. Брокгаузан а, Ефронан а энциклопедин дошамехь гобелен билгалбоккху «тӀехь тайп-тайпан бесара тӀергӀан йа дарин тайнашца диллина сурт долуш, леррина кечдина мелла а гӀараваьллачу художникан картон долуш, куьйга буьйцина куз»[2] аьлла.
Кузаш дора тӀергӀах, дарех, наггахь царах тухура дешийн а, детийн а тайнаш. ХӀинца куьйга кузаш деш лелабо дукха кепара гӀирсаш: гӀоле хета синтетикан а, адамо кхоьллина а тайнаш, кӀезиг лелабо натуралан гӀирсаш[3] . Куьйга дуцаран говзалла къинхьегаме ю, цхьаьна пхьере шарахь 1—1,5 м² (луьсталле хьаьжжина) куз банло, цундела иштта кузаш эца таро ца хуьлу хьалдолчу нехан бен. ХӀинца а куьйга буьйцина куз бу механ беза болх[4].
Терминан этимологи
бӀаьра нисйан«Гобелен» дош кхолладелла XVII бӀешарахь Францехь, оцу хенахь цигахь дӀайиллира паччахьан Гобеленийн мануфактура. Мануфактуран кузаш чӀогӀа гӀарадевлла дара, цхьацца мехкашкахь муьлхха а дуцарх гобелен олура. Говзанчашна хетарехь, «гобелен» терминца билгалъяха ца деза Гобеленийн мануфактурин кхолламаш бен. ХӀинца французийн терминца tapisserie (инг. tapestry, нем. Bildteppich) билгалайоккху ерриг исбаьхьаллин текстиль. Российн Ӏилманан литературехь Ӏеэцна «шпалера» термин, ткъа шуьйра даьржина леладо «гобелен» дош[1] . Иштта олу хӀокху заманан авторийн кузех[3] . Нохчийн а, оьрсийн а матте «шпалера» дош деина полякийн (пол. szраlerа, szраler), немцойн (нем. Spallier) йа италихойн (итал. Spaliera) меттанашкара[5]. Юьхьанца иштта олура, диттийн гӀад а, геннаш а сацо Ӏалашо йолу, бешан каьрдина диттийн йа коллийн йа дечиган зӀаран нисса могӀанех[6]. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь цхьанне лелайо ши термин: «шпалера» а, «гобелен» а, цаьрца билгалбоккху муьлхха а буьйцина кхоллам, царна юкъахь мебель тӀетоьхна кӀади а. ТӀаьхьа иштта ала долийра машенан тӀедиллинчу суьртах а (гобеленан кӀади)[7].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуСавицкая,1995
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ Гобелены // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ 1 2 Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуДворкина,1998
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуБрит
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ Фасмер М. Шпалера // Этимологический словарь русского языка в четырех томах. — Санкт-Петербург: «Азбука», 1996. — 927 с.
- ↑ Власов В. Шпалера // Новый энциклопедический словарь изобразительного искусства: В 10 т. — Спб.: Азбука-классика. — Т. 10. — 927 с.
- ↑ Гобелен // Газлифт — Гоголево. — М. : Советская энциклопедия, 1971. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 6).
ХӀокху йаззаман чохь хӀиттийна йац теман категореш. |