Грозненски рабочий
Грозненский рабочий — Нохчийн Республикин оьрсийн маттахь арахоьцу газет. Советан Ӏедал долчу хенахь иза дара Нохч-ГӀалгӀайн КПСС обкоман а, Министрийн Советан а орган. 1971 шарахь цуьнан тираж яра 110 эзар экземпляр[1].
Грозненский рабочий | |
---|---|
![]() | |
Тайпа | йукъараллин а, политикин а |
Формат | А2 |
|
|
Коьрта редактор | Лёма Турпалов |
Кхоьллина | 1917 шо |
Мотт | оьрсийн |
Чухоам | 4 агӀо |
Коьрта офис | Москох |
Тираж | 110 000 (1971 шо) |
Веб-сайт | grozrab.org |

Арахеца долина 1917 шарахь. Цуьнан хьалхара цӀе яра «Товарищ». Цул тӀехьа цуьнан цӀе масийттуза хицаелира — «Известия Грозненского Совета рабочих, крестьянских и казачьих депутатов», «Красный труд». 1924 шарахь цунна тиллира «Грозненский рабочий» цӀе. 1980-гӀа шераш чекхдолуш хенахь цуьнан цӀе тиллира «Голос Чечено-Ингушетии». 1991 шарахь цуьнан арахецар сецира. 1995 шарахь иза юха а арахеца долийра шен хьалхара цӀерца. Цу хенахь иза арахоьцура Минвод гӀалахь. Коьрта офис ю Москохахь. Газета хӀинца арахоьцуш ду Соьлжа-ГӀалахь.
СовгӀаташ Нисйе
- 1971 шарахь цунна йелла Къинхьегаман ЦӀе Байракхан Орден.
- 2003 шарахь газетин коьрта редакторан Муса Мурадовн делира Прессин маршон халкъашна йукъара совгӀат[2].
- 2007 шарахь Халкъашна йукъара журналистийн фондас (ICFJ) йина конкурсехь Награды за освещение биологического многообразия на Кавказе (Biodiversity Reporting Award) Лема Турпаловн совгӀат делира[3].
Билгалдахарш Нисйе
- ↑ БСЭ(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Осужденному азербайджанскому журналисту присудили международную премию. Интернет и СМИ. Lenta.ru (2009, 25 ноябрь). Теллина 2013 шеран 20 августехь.
- ↑ ArmeniaNow.Com Claims Top Prizes In Caucasus Contest (ингалс.). Press Releases. Critical Ecosystem Partnership Fund (2007, 23 ноябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 14 июнехь. Теллина 2013 шеран 14 июнехь.