Гугаев, Салавди
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Гугаев, Салавди — (1917 шеран 25 октябрь, Шуьйта, Нохчийчоь, Российн импери 2010 шеран 11 апрель, АЦШ) Малхбузехь вевзаш волу йукъараллин гӀуллакххо, советан-финийн тӀеман декъашхо, сталинизмо репресси дина халкъашна реабилитаци яр вовшахтоьхнарг а, дог иракарахӀоттийнарг а. ООН-нехула а, дуьненан йукъарлохула а нохчий цӀа бахкар дуьххьара йукъадаьккхинарг ву Салавди. Авторханов Абдурахманан дика доттагӀ вара Салавди, цуьнан произведенешкахь Бейбулат санна дукха хьехош ву и[1]. Шуьйтахь Гугаев Салавдин цӀарах ураман цӀе тиллина.
Гугаев, Салавди | |
---|---|
Вина терахь | 1917 шеран 25 октябрь |
Вина меттиг | Шуьйта Нохчийчоь |
Кхелхина терахь | 2010 шеран 11 апрель (92 шо) |
Кхелхина меттиг | АЦШ |
Гражданалла | Российн импери → АЦШ |
Зуда | Мироза |
Бераш | йоӀ Жанет а, кӀан Зелимхан а |
Салавдис муьр-муьрехь прессехь йаздора ишта кест-кеста «Америкин аз» а, «Маршо» а радиошкахь къамел а дора, иза ву депортаци дина халкъаш лардаран митингаш а, демонстрацеш а вовшахтоьхнарг.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- В США умер известный чеченец, патриот своего народа
- Выступление докладчиков на научно-практической конференции приуроченной восстановлению ЧИАССР Архивйина 2015-12-22 — Wayback Machine
- Патриот с судьбою эмигранта .«Вайнах» — чеченский литературно-художественный журнал.
- Возвращение (Вести республики)
- Жизнь, отданная своему народу... (Журнал Нана) Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
- Паспорт Шатойского муниципального района (Официальный сайт)
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |