Гуренко, Кузьма Иосифович
Кузьма Иосифович Гуренко (1909 шеран 11 октябрь, Дмитровка, Херсонан губерни — 1944 шеран 21 август, Олонештский район, Бендерский уезд) — гвардин ефрейтор, гӀашсалти, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.
Кузьма Иосифович Гуренко | |
---|---|
Вина терахь | 1909 шеран 11 октябрь |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1944 шеран 21 август (34 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Эскаран тайпа | пехота[d] |
Дарж | ефрейтор, Советийн гварди |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1909 шеран 11 октябрехь Димитровка юртахь (хӀинца Украинин Кировоградан областан Знаменски кӀоштахь) ахархон доьзаллехь. Цо йуьхьанцара школа. Гуренко Соьлжа-ГӀале схьавеара, мехкдаьттан промыслашкахь электрослесаран болх бира. ТӀом болабелча шен цӀахь саца йиш йолушшехь, иза шен лаамца 1942 шарахь фронте дӀавахара. Цо дакъа лецира Кавказ ларйаран тӀамехь а, Нальчик а, Армавир а, Славянск-КубаньтӀехь а, Украина а мукъайаккхарехь, «Сина сиз» дохардарехь а, Днепр хих дехьаваларехь а. 1944 шеран август кхачале гвардин ефрейтор Гуренко вара 3-гӀа Украинин фронтан 37-гӀа армин 20-гӀа гвардин кхиссархойн дивизин 60-гӀа гвардин кхиссархойн полкан кхиссархо[1].
1944 шеран августехь Ермоклия юртан уллехь (хӀинца Молдавин Штефан-Водский кӀошт) мостагӀаш шайна бина гонах йукъарабовла гӀерташ бара. Цара ЦӀен эскаран дуьхьала тӀебахийтира шортта танкаш а, гашсалтий а. 21 августехь царна доккха зен дийра, амма Гуренкон ротехь а дукха салтий байинера. Гуренкон белшан а, куьйган а чевнаш йинера, амма иза тӀом бечара ца сецира. Цуьнан окопан тӀе танкаш тӀейолаелча цо ши танк хӀаллакйира. Шен йисина гранаташца иза кхозлугӀа танкан кӀела кхоссавелира. Гуренкон майралла бахьнехь мостагӀан тӀелатар йухатуьйхуьра. Иза Суворован кӀоштан Поповка юртан уллехь вежараллин кашчохь дӀавоьллира[1].
1945 шеран 24 мартехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Гуренкон Советски Союзан Турпалан цӀе йелира. Иза даиманна дӀайазвира бӀахьойн декъан спискан йукъа дӀайазвира[1].
Дагахьлаттавар
бӀаьра нисйанГуренкон цӀе дӀайазйина йу Кривой Рогехь йолу Турпаллийн чуртан тӀехь. Гуренко велла меттехь хӀоттина хӀоллам. Цуьнан цӀе тиллина Соьлжа-ГӀалахь а, Ермоклехь а. 1967 шарахь «Старогрознефть» гӀишлон тӀехь хӀоттинера мемориалан у[1].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 Гуренко, Кузьма Иосифович . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
Литература
бӀаьра нисйан- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Зайцев А. Д., Рощин И. И., Соловьёв В. Н. Зачислены навечно. — М.: Политиздат, 1990. — Кн. 1.
- Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — Грозный: Чечено-Ингушское кн. изд-во, 1985.
- Пономарёва И. З., Севостьянов М. П. Памяти вечной достойны. — Гр.: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1987. — С. 91—93. — 120 с. — 15 000 экз.
- Геройский подвиг гвардии Ефрейторов Гуренко и Гусева: [Плакат] / Худ.: А. Кручина; Ред.: А. Тарасов. — М.: Воениздат, 1956 (УВИ). — 1 л.: Цв. офсет; 44,5х56 см.