Густилина, Диана Владимировна

Диа́на Влади́мировна Густи́лина (йина 1974 шеран 21 апрелехь, Владивостокехь) — российн баскетболхо, Российн шозза чемпион (БК УГМК йукъахь), Европин чемпион, дуьненан чемпионатан детин совгӀатхо, Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо. Российн спортан хьакъ долу говзанча. СовгӀат дина «Даймехкана гӀуллакх дарна» орденан II тегӀанера мидалца[1] а, Москохан областан Губернаторан хьаьркаца 2007 шарахь.

Диана Густилина
оьрс. Густилина, Диана Владимировна
ловзархочун карьера чекхйаьккхина
Позици Форвард
Локхалла 180 см
Йозалла 72 кг
Гражданалла  Росси
Йина терахь 1974 шеран 21 апрель({{padleft:1974|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:21|2|0}}) (49 шо)
Йина меттиг Владивосток, ССРС

Командаш
1990—1994 Российн байракх Юность (Владивосток)
1994—1998 Российн байракх Шелен
1998—2005 Российн байракх Уралмаш / УГМК
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Борза Афина 2004 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Дети Цийчоь 2002
Чемпионаты Европы
Золото Желтойчоь 2003
Универсиадаш
Борза Испани 1999 баскетбол
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ

Биографи нисйе бӀаьра

Дианин да, Густилин Владимир Никитович — физик, университетан хьехархо, нана, Людмила Николаевна, болх беш йара кхиана бовланза болчеран инспекцехь, милицин майор кхаччалц гӀуллакхехь йара, кӀоштан партин кхолламан куьйгаллехь йара (цӀеххьана йелира 1991 шеран февралехь)[2].

Баскетболех ловза Ӏама йолайелира ишколехь а йолуш. Хьалхара тренер — А. Зверева.

Йуккъера лоьмар 23 йолу ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа дийшира Генарамалхбален советийн махлелоран институтехь, спортан «Юность» гӀалахь баскетболех а ловзуш. Цул тӀаьхьа кхелхира Красноярске, цигахь баскетболех кхин дӀалевзира красноярскан «Шелен» йукъахь. 1996 шарахь чекхйаьккхира Красноярскан коммерцин институтан махлелоран предприятийн а, йукъараллин дааран меттиган а экономикин, урхаллин факультет. 1998 шарахь дехьайелира екатеринбурган «Уралмаш» йукъа (тӀаьхьа цӀе хийцира УГМК аьлла), цунна йукъахь бехира уггаре баккхий кхиамаш клубан баскетболехь: хилира Российн чемпион а, Евролигин толамхо а.

2000 шарахь дебют хилира Российн гулйина командехь Европин чемпионатан харжаман матчашкахь[3]. 2002 шарахь Цийчуьра дуьненан чемпионатехь гулйина командехь детин мидалш йехира. Кхин а шо даьлча хилира Европин чемпион, ткъа 2004 шарахь левзира Олимпийн ловзаршкахь Афинехь.

Ловзархочун карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа къахьоьгу БК «Спарта&К» системехь, хӀинца олимпийн баскетболан «Спартакан» (Видни гӀ., Москохан область) резерван доьшийлин директоран даржехь ю[4].

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Указ Президента Российской Федерации от 18 февраля 2006 года
  2. Диана Густилина: дылда, стоп-кран и почти топ-менеджер. «Спорт-Аншлаг». Архивйина 2013 шеран 1 майхь
  3. 2001 European Championship for Women: Semi-Final Round (инг.). FIBA.com. Архивйина 2013 шеран 1 майхь Архивйина 2012-09-01 — Wayback Machine
  4. Густилина Диана Владимировна. УОР по баскетболу «Спартак». Архивйина 2013 шеран 1 майхь (ТӀе цакхочу хьажорг)

Хьажоргаш нисйе бӀаьра