ГӀоли (лат. privilegium — «башха закон», схьадаьлла privus — «ша» а, lex (legis) — «закон») — йукъараллин йукъаметтигийн ца къастош лело йелла (йукъараллин кхечу декъашхошна хала йина йа йа кхача а ц ало) субъектан бакъонаш а, льготаш а, цара ло уьш йолчарна аьтту.

ГӀоленаш юридически, ламаста йа факт хилла хуьлу цхьацца нехан, тобанан, стратин, чкъоьран, классийн, кхолламан, кхин а церан административан-мехкан кхолламан.

ГӀоленаш готтачу маьӀнехь — башха бакъо[1] пхьоланашкахь а, корматаллашкахь йа долара бакъо[2], название патента[3], цхьа хан кхаччалц лелийна дуьненайукъара а российн а (1917 шо кхаччалц) лицензин, авторан бакъонехь.

ГӀоленаш шуьйрачу маьӀнехь — законаца чагӀйина йукъараллин харцонан хилам, иза ца хуьлу йукъаралло къобал динчу Ӏедалехь законаца чӀагӀйина ницкъ баран институт санна бен (политикин йа идейн), ткъа и институт нисса цуо йина йу, цуьнан дакъа а, регали а йу.

Историн очерк

бӀаьра нисйан

Ширачу заманахь паргӀатонан а, гӀоленийн а чулацам, ма-дарра аьлча, бара тайп-тайпана пачхьалкхан гӀелонаш лагӀйар, масала, налогаш тохаран декъехь (хьажа куп) йа гӀопалле бохкаран декъехь (хьажа Оьрсийн пачхьалкхера а, Российн имперера а маьрша нах). Европин а, ЛаьттайуккъерахӀордйистан а пачхьалкхашкахь гӀоленаш лора вассалан пачхьалкхашна, латтанашна, гӀаланашна, йарташна (хьажа жӀарахойн пачхьалкхашкахь жӀарахойн тӀелатар бахьнехь Венецин латтанашна а, Генуйан факторешна а йелла гӀоленаш; фуэрос Испанин гӀаланашна а, вассалан кхолламашна а; немцойн совдегархойн гӀаланийн Кульман, Магдебурган, Любекан бакъонаш; СЛО областан привилейш) а, шеш долу чкъоьрнашна а (Ингалсехь ПаргӀатонийн сийлахь харти; СЛО привилейш; малхбузаоьрсийн, литвахойн, полякийн латтанаш тӀехь шляхтин гӀоленаш а, Полякийн паччахьаллера а, Речь Посполитера шляхтин паргӀаталлаш а).

Оьрсийн пачхьалкхехь (Шира Русан заманахь дуьйна) килсийн, монастырийн, тайп-тайпана корпорацийн, цхьацца адамийн билгалйаьхна гӀоленийн, преференцийн бакъонаш чӀагӀйора йелла грамоташ олучу кехатца. Сихйелла йоькъу грамоташ лелара махкахь политикин хьал хийцадаларца цхьаьна цхьабосса, йа цхьаьна чоьхьара а, арахьара а хиламийн декъахошна совгӀат дан йа керла тӀетоьхна латтанийн элита шайна муьтӀахь йан лакхара Ӏедалан лаам гойтура[4].

Оцу мехкашкахь политикин а, социалан а хьал чӀогӀа латто дезарна паччахьан, ткъа тӀаьхьа императоран Ӏедалан оцу латтанаш тӀехь латто дийзира хьалха лелла законаш, оцу йа кхечу чухоамехь, ца тоьуш долу мехкан законашкахь меттигера бакъонийн гӀиллакхаш лелор къобал дар, уьш пачхьалкхан йукъара акташкахь чӀагӀдар.

ТӀетоьхна малороссин а, малхбузен а гӀаланашкахь лелара I а, II а Литвахойн Статуташ, магдебурган бакъонийн норманаш, полякийн а, литвахойн а паччахьийн привилейш, гетманан омраш.

Российн лакхара Ӏедал лелориш делла бакъонийн актийн ламаста кепара шайн хьалхарниш Ӏалашйеш, тӀетоьхначу гӀаланийн бахархошна керла бакъонаш а луш лаам дӀакхайкхабора. Иштта, 1654 шеран 27 мартехь гетманан Б. Хмельницкийн а, Запорожьйен эскарна, «уьш российн куьйгакӀела схьаоьцуш» «Полякийн паччахьаша а, литвахойн элаша а йелла бакъонаш а, паргӀатонаш а тӀечӀагӀйаран» грамоташ йеллачул тӀаьхьа (№ 118[5]), Алексей Михайловича 1954 шеран 16 июлехь йелира «хьалхалера цуьнан бакъонаш а, паргӀатонаш а» чӀагӀйеш Киев гӀалин грамота (№ 133[5]).

Пётр I-чул тӀаьхьа Российн империн урхаллера (гӀоленера) чкъоьрехь дика къаьстара йаьккхинчу Балтикайистера бевлларш (цигахь гӀоленера чкъор дара немцойн элий), масала, Курляндин а, Семигалин а герцог Бирон Эрнст Иоганн, 1740 ш. империн регент хилла.

XVIII бӀешо чекхдолуш Россехь полякийн-литвахойн шляхаллин а, магдебурган гӀаланийн бакъонийн а чкъоьрийн паргӀатонийн масалаша гӀо дира империн малхбузен губернешкахь империн йукъара законаш довларна (Олаллин грамота йалар а, ГӀаланашна грамота йалар а (1785 шарахь)). Дика къаьсташ билгалйехира кхин а шина чкъоьран бакъонаш (олаллийца цхьаьна могӀарехь) — дастаме нехан а, совдегарийн а — уьш лаьттара, алсама гӀолен хьелашкахь, империн коьрта бахархошца, ахархошца, дуьстича.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Привилегия // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
  2. Привилегия // Толковый словарь живого великорусского языка : в 4 т. / авт.-сост. В. И. Даль. — 2-е изд. — СПб. : Типография М. О. Вольфа, 1880—1882.
  3. Привилегия // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  4. Ельчанинова О.Ю. Жалованные грамоты как источник русского городского права XVII-XVIII веков (ru) // Юридические исследования. — 2016. — № 8. — С. 55—63. — DOI:10.7256/2409-7136.2016.8.18439. Архивйина 2022  шеран  26 мартехь.
  5. 1 2 Полное собрание законов Российской империи. Собрание первое. Т. I. (1649-1675 гг.). — СПб: Типография II отделения собственной его императорского величества канцелярии, 1830. — 1072 с.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан