ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн университет
Де́гӀастанан пачхьа́лкхан хье́хархойн университе́т (ДПХьУ) — ХӀинжа-ГӀалара лакхара дешаран меттиг, ДегӀастанан йаккхийчарех университет.
ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн университет (ЛД ФПБДКх ВО ДПХьУ) | |
---|---|
сурт | |
Дацдар | ЛД ФПБДКх ВО ДПХьУ |
Халкъашна йуккъера цӀе | Dagestan State Pedagogical University |
Хьалхара цӀе | ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн институт |
Кхоьллина шо | 1917, 1931 |
Тайпа | Пачхьалкхан |
Ректор | П.Я. Федотова |
Лаьтта меттиг | Росси, ХӀинжа-ГӀала |
Юридически адрес | 367003, Республика ДегӀаста, ХӀинжа-ГӀала, Мухьаммад ЯрагӀин ур., 57-гӀа цӀа |
Сайт | http://dgpu.net/ |
Университет кхоьллина 1917 шеран 12 ноябрехь; метахӀоттийна 1931 шарахь.
Студентийн барам 15 эзар сов стаг. Университетан 1 филиал йу республикехь — Дербент гӀалахь. ЛДМ структурехь йу 5 институт, 15 факультет, 70 кафедра, 2 лдмашна йукъара центр, 42 говзаллин аспирантура, 5 Ӏилманан лаборатори, 4 говзаллица диссертацин кхеташо.
Истори
бӀаьра нисйанДАССР Лакхара Кхеташонан Президиуман 1951 шеран 31 июлехь арадаьллачу омарца, ДегӀастанан зударийн хьехархойн институтан ДегӀастанан халкъан поэтан Г. Цадасин цӀе йелла.
ДАССР ХККх 1954 шеран 4 августан № 285 йолу сацамца ДегӀастанан зударийн хьехархойн институтах йо ДегӀастанан пачхьалкхан зударийн хьехархойн институт.
1964 шарахь зударийн хьехархойн институтах йира ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн институт[1], ткъа 1994 шарахь ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн университет[2].
1972 шарахь хьехархойн институтан йелла РСФСР Лакхара Кхеташонан сийлахь грамота, серладахарехь лакхара кхиамашна а, хьехархойн ламасташ дуккха шарашкахь кхиорна а Юбилейн «50 шо ССРС» мидал а.
Российн дешаран а, Ӏилманан а министро Фурсенко Андрейс «100 къам» журналехь ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн институт цӀе йаьккхира йерриг КъФГхь студентийн барамца шолгӀа йу аьлла.[3]
2008 шарахь университетан совгӀат дина Сийлахь Грамотица Йерригроссийн къоман « Российн 100 дика лдм» регистр чу а йоккхуш[4].
Университето кечбо 34 говзаллица диплом долу говзанчаш, 9 агӀонан бакалавраш, 4 агӀонан магистраш.
Университето арахецна студентех тӀаьхьа гӀарабевлларш
бӀаьра нисйан- Абдуллаев, Шахмардан Гасан-Гусейнович (1911—1996) — гӀумкийн советийн актёр, гӀазгӀумкийн йаздархо а, драматург а.
- Гаджиев, Булач Имадутдинович (1919—2007) — ССРС халкъан хьехархо, ДегӀастанан а, РСФСР а хьакъ долу хьехархо, Ленинан Орденан кавалер, мохк-Ӏамориг а, йаздархо а.
- Магомедбекова, ЗахӀидат Магомедовна (1920—1999) — дегӀастаӀамориг.
- Магомедов, Мухьаммад-Ӏали Магомедович (1930) — Республика ДегӀастанан Пачхьалкхан Кхеташонан председатель (1994—2006).
- Алиева, Фазу Гамзатовна (1932—2016) — советийн а, российн а жӀайн поэтесса, ДегӀастанан халкъан поэтесса (1969), прозаик а, публицист а.
- Казиева, Хамис Абдусаламовна (1932) — Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо (1968).
- Маллаев, Джафар Михайлович (1949) — Ӏилманча-дефектолог.
- Гарунов, Ӏалауддин Рамазанович (1956) — исбаьхьалча, скульптор, суртдиллархо, график.
- Лапина, Светлана Михайловна (1978) — российн йайнатлеткахо.
- Омарова, Патимат Омаровна (1974) —илманча-дефектолог.
- Ганачуева, Саният Ганачуевна (1977) — дуьххьарлера российн паргӀата кепара латарехь дуьненан чемпионка (1995), Российн чемпионка (1995), Европин хьалхеяккхаран детин совгӀатхо (1995).
- Ракита, Марк Семёнович (1938) — спортхо, фехтованехь (къалдам) 2-зза Олимпийн чемпион (1964 а, 1972 а), Олимпиадин 2-зза детин совгӀатхо (1968 а, 1972 а). 6-зза дуьненан чемпион.
- Назлымов, Владимир Аливерович (1945) — спортхо, фехтованехь (къалдам) 3-зза Олимпийн чемпион (1968; 1976;1980); Олимпиадин 2-зза детин совгӀатхо (1972 а, 1976 а), борзанан совгӀатхо (1972). 10-зза дуьненан чемпион.
- Агабалаев, Мелик-Мамед Агабалаевич (1959) — исбаьхьалча.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Постановление Совета Министров РСФСР № 1467 от 30 декабря 1963 г.
- ↑ *Распоряжение Правительства Российской Федерации № 1691-Р от 11 сентября 1992 г.
- Приказ Государственного комитета РФ по высшему образованию № 699 от 12 июля 1994 г.
- Приказ Министерства образования РФ № 200 от 27 июля 1994 г.
- ↑ Дагестанский государственный педагогический университет - обзор и отзывы . edunews.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 19 май.
- ↑ ДГПУ, Дагестанский государственный педагогический университет | Каталог вузов 2019 | портал Образование в России . Russiaedu. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 19 май. Архивйина 2020-09-28 — Wayback Machine