Байда
Байда йа Дежийла йа Дишни — буц йуу дийнаташ дажо гуттаренна а лелош долу, бецан ораматаш йолу йуьртабахаман латташ. Механизацин йуьртабахам йукъабалале, байда аьхка коьрта хьост хилла дийнатийн йуурган, масала бежний, уьстагӀий, говраш. Байданаш хӀинци а лелайо дийнаташ дажош, йекъачу областашкахула латта кхечу хӀуман пайдехь доцучохь муххале а.
Байдаш къастайо: йекъа тогӀийн, хи диллина, уьшал хилла, ломан, кхин а. Тодаран тӀегӀанца байдаш декъало Ӏаламан а, культурин а декъашка. Культурин байдаш йо оханаш дӀа а дуьй лакхарчу сурсатийн бецашца, иштта байдин лакхара дааран мехалла хуьлу Ӏаламан байдашца дуьстича.
Байдин ораматаш хила тарло тайп-тайпана кенан ораматаш, кенан-кхоьшан культураш, кхин а докъаран культураш. Лаьттан тайпа, хӀора шеран температуран минимум, йочанаш — байдаш лелоран кепийн коьрта факторш йу.
Дуьненан байдин йерриг майдан барам 26% гергга бу, декъачу лаьттан майдан барамех[1].
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйанХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |