Демократин харжаман доттагӀалла (ДХД) (инг. Community of democratic choice) — «балтийн-ӀаьржахӀордан-каспийн регионан демократийн йукъаралла», ЛПД альтернативин кхоллам, кхоьллина 2005 шеран 2 декабрехь кхолламан форумехь Киевхь (Украина).

Кхолларан форумехь дакъа лецира:

Истори нисйе бӀаьра

Дуьххьара «адамаийн халкъан гӀаттамца Ӏедал дожо аьтту баьлла хьалха хилла республикаш цхьаьнатуху коалици» кхолларан ойла гӀараяьккхира Гуьржийчоьнан (Зурабишвили Саломеца) а, Украинин (Тарасюк Борисца) а арахьара гӀуллакхийн министраша 2005 шеран 31 мартехь, уьш Ӏедалера дӀаваьккхинчу президентан Акаев Аскаран а, керлачу Ӏедална а йукъара хила ГӀиргӀазойчоь баханчу хенахь.

2005 шеран 12 августехь Гуьржийчоьнан а, Украинин а Президенташ Саакашвили Михаила а, Ющенко Виктора а куьг яздира «Регионера маршо а, демократи а ларъяр» цӀе йолчу декларацин. «Тхо дистхилира Украинехь регионан мехкийн, Российн, АЦШ кортош дакъалоцу саммит кхайкхаран инициативица» — элира Саакашвилис цхьаьна хиллачу пресс-конференцехь куьг яздинчул тӀаьхьа. Гуьржийчоьнан Президента билгалдаьккхира, саммитан Ӏалашо — демократин пачхьалкхийн коалици кхоллар.

Шен рогӀехь, Ющенкос хаийтира, саммит дӀахьур ю шеран шолгӀачу декъехь. «Тхуна ган лаара Балтийн, ӀаьржахӀордан, Каспийн регионийн, ткъа кхин а лулахойн Российн, Евробартан, АЦШ кортош»[1].

Керла коалицин хӀоттам хӀинца а коьллина бацара кехат тӀехь, цуьнан белхан цӀе бен йацара — «Демократин харжам» аьлла. Кхолламан дай бара Украина а, Гуьржийчоь а — машаран революции хилла ши мохк. Хетара, «Демократин харжаман» декъахой ерриг советийн хилла республикаш хир ю, цигахь урамаш тӀеяьлла оппозици халкъан гӀоьнца Ӏедале йогӀур ю. «Гуьржийчоьнан а, Украинин а зиеделлачо гойту, тхо чоьхьара политикин къоьллех чекхдевлла Ӏедал машаре новкъа схьаэцадалар», — кхетийра Украинийн арахьара гӀуллакхийн министро Тарасюк Бориса. Оцу кхолламан кхоалгӀа декъахо хилар Тарасюка кховдийра ГӀиргӀазойчоьнна бишкекехь хьал тоделлачу хенахь. «Ӏедал хӀоттаран легитиман процесс дӀаяьлчи, таро хир ю иза схьатохаран гӀуллакх листа», — кхетийра цуо.

Хууш дара, коалицин кхечу пачхьалкхашкара оппозицин гӀолаца ойла хилар, «пачхьалкхашна-декъашхошна демократин хьесапаш лелон дагадаийта»[2]. «Революцеш экспорт ялуш йац, — дуьйцура Ющенкос а, Саакашвилис а цхьаьна гӀиргӀазойн къоме вистхуьлуш, и къамел Бишкеке кхачийра АГ/М кортош. — Вайн кхаа пачхьалкхехь харжамех бахьана делира, иза тӀаьххьара собаран тӀадам бара, цуо буьзира собаран кад, дӀатеттира маршонан а, демократин а къовсаме».

Керла кхоллам кхолларца цхьаьна гӀулчаш ехира коллам ГУУАМ метахӀоттош, дӀаяьхьира оцу кхолламан саммит. Андижанан хиламаш хиллачул тӀаьхьа, ГУУАМ йукъара елира Узбекистан — юха а цунах хилира ГУАМ.

Хьажам нисйе бӀаьра

2005 шеран 2 декабрехь Киевхь дӀаяьхьира Демократин харжаман доттагӀаллин кхоллараллин форум («балтикин-ӀаьржахӀордан-каспийн регионан демократийн йукъараллаш»).

Форумехь къобал динчу Демократин харжаман доттагӀаллин мехкий Декларацешкахь дуьйцу, цуьнан декъахой гӀерта Европе доза а доцуш, адаман бакъонаш йохийна, «дӀадехкина» девнашца, цхьан а конфронтацин са доцуш, уьш ойла йолуш бу цхьаьнагӀуллакхдан чӀогӀа маршоне, демократе, европин континент къагаре кхаччалц, юкъаметтигаш лело демократии кхиорхьама а, чӀагӀъярхьама а.

Дийцарехь, Ющенко Виктора хьажийна Путин Владимирега кхайкхам, айххье оцу форумехь дакъа лаца «тергонча» волуш[3] аьлла.

Балтикин а, ӀаьржахӀордан а регионийн пачхьалкхийн саммит (2006) нисйе бӀаьра

Кхолла баран ойланаш кхиарца, ЛДП альтернатива хилира, Балтикин а, ӀаьржахӀордан а регионийн пачхьалкхийн саммит, из адӀайиллира 2006 шеран 4 майхь Вильнюсехь (Литва).

«Демократин доттагӀаллин харжаман» кхоллараллин форуман декъахошна тӀекхийтира АЦШ а, Евробартан мехкийн-декъахойн лакхара векалш, царна юкъахь вара Польшин президент Качинский Лех а, АЦШ вице-президент Чейни Дик.

Вильнюсе ваха новкъавалале Гуьржийчоьнан президента Михаил Саакашвилис правительствон тӀедиллира къастор, кхин цхьан а Ӏалашо юй теша кхин дӀа Гуьржийчоь ЛДП юкъахь йиса. И сацам боьзна бара Российс гуьржийн йуьртан сурсаташ а, чагӀар а чу ца даийтарца.

Саммитан официалан пресс-релизехь билгаладаьккхина, «Малхбален Европин а, Къилба Кавказан а мехкаша гойту уггаре дукха лун долу регион хилар».

Цхьаьнакхетараллин исписка нисйе бӀаьра

  • 2005 шеран 1-2 декабрь: Киев, Украина
  • 2006 шеран 9-10 март: Тиблиси, Гуьржийчоь
  • 2006 шеран 4-5 май: Вильнюс, Литва

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажа иштта нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра