Джебраилан (Карягинан) уездРоссийн империн, Азербайджанийн Демократин Республикин, ССРС (Азербайджанийн ССР) административан дакъа. Российн имперехь Елизаветполан губернин йукъахь йара. ТӀаьхьарчун къилба-малхбален дакъа дӀалоцура, къилбехьа доза дара ГӀажарчоьнца (Аракс эрк). Стрельбицкийца, Джебраилан уездан майда йара 2922,6 кв. чаккхарма. Административан йукъ — Карягино йуьрт йара (1905 шо кхачале — Джебраил эвла).

Елизаветполан губерни
Джебраилан уезд
оьрс. Карягинский уезд
азерб. Qaryagin qəzası
ХӀост
ХӀост
39°24′00″ къ. ш. 47°01′34″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Российн импери
Азербайджанан демократин республика
СССР (Азербайджанийн ССР)
Адм. центр Карягино (Физули)
Истори а, географи а
Кхоллар 1873
ДӀайаккхар 1929 шеран 8 апрель
Латта 2 922,6 чаккхарма²
Бахархой
Бахархой 66 360[2] (1897) стаг
Джебраилан уезд картин тӀехь


Джебраилан уезд

Джебраилан уездан мохк йукъабоьдура Карабахан ханаллин, иза 1813 шеран Гюлистанан трактатца, Россех схьатуьйхира. 1822 шарахь цунах провинци йира. 1840 шарахь провинцех Шушин уезд йира, цунна йукъара 1873 шарахь[3], схьайаьккхира Джебраилан уезд.

ГӀажарчуьра Шуше боьдучу новкъара Джебраилан уездера Аракс эрк тӀера Асландузан гечо, йевза 1812 шеран 19 октябрехь полковника Котляревскийс жимачу тобанца (1500 гӀашло, 500 дошло, 6 йоккха топ) ГӀажарчоьнан принцан Ӏаббас-Мирзин 30000 корпусан тӀехь[4]баьккхина къегина толамца.

1905 шарахь уездан административан йукъ дехьайаьккхира Карягино эвла, ткъа уездан шен цӀе хийцира Карягинан[5] аьлла.

Географин хьал

бӀаьра нисйан

Джебраилан уездан латта къилбаседа-малхбузен йистехь айаделла ду (Зиарат лам — 8186 фт.), цигахь ду хьаннашна лакхахь долу байданаш, къилбехьа лаьмнаш лахло, цхьаццанхьа хьаннаш йолу гунаш долу мохк бу, уггаре къилбехахь, Араксан бердашца а, уездан малхбалехьа а лаьтта чутаӀенан а, аренийн а латтанаш (Карабахан аре). Йерриг Джебраилан уезд лаьтта Араксан майданахь, хи дуьллу аьрру, къилбехьа оьху, кегийра геннаш чуьра: Кендалан, Куру-чай, Черекен, Кезлу-чай, кхин а Акара эрк чуьра. И эркаш бӀаьста дистина хуьлу, аьхка хи чӀогӀа кӀезиг хуьлу. Аракс а, Акара а хих дуьзна хуьлу аьхка а. Ламанан аьхкенан байданаш а, чутаьӀна аренийн латтанаш а шайш-шайн рогӀехь хуьлу кхерста йа ахкхерста бахархой беха меттигаш, йисина меттигаш дӀалаьцна охьахевшина бахархоша, цара латта леладо, бошмаш лелайо, чилла леладо.

Къилбаседа ламанан асанан климат къаьста алсама йочанаш хиларца; ламанан кӀажошкахь хин тоъал барам бу, чутаӀенаш а, аренаш а аьхка йекъа, йовха климат йолуш, хи ца диллича ца пайден йац.

БЕЭДца 1891 шарахь 52 000 вахархо вара[4].

1897 шеран берригйукъара бахархой багарбарца уездехь вехара 66 360 стаг, царех[6][7]:

1926 шарахь бахархой багарбарца уездехь вехара 75 371 ст. (39 414 стаг а, 35 957 зуда).[8]

Административан йекъайалар

бӀаьра нисйан

1913 шарахь уезд йукъахь йара 30 йуьртан урхалла[9]:

 
Карягинан уезд 1908 шарахь
  • Ӏабдурахьманбеклин — Ӏабдурахьманбеклу э.,
  • Агалихан — Агалу э.,
  • Агалихан — Малла-Магерамлу э,
  • Агджакендан — Агджакент э,
  • Ӏалиханлин — Ӏалиханлу э.,
  • Аракюлан — Аракуль э.,
  • Ахьмадлин — Ахьмадлу э.,
  • Баназуран — Баназур э.,
  • Бегманлин — Йоккха Бегманлу э.,
  • Гадрутан — Гадрут э.,
  • Горадизин — Горадиз э.,
  • Дашкесанан — Дашкесан э.,
  • Джебраилан — Джебраил меттиг,
  • Каракеллин — Каракеллу э.,
  • Караханбеглин — Караханбеглу э.,
  • Каргабазаран — Каргабазар э.,
  • Карягинан — Карягино э.,
  • Ковицтлин — Солтанлу э.,
  • Куйджакан — Куйджак э.,
  • Каримбеклин — Карим-Беклу э.,

Нах беха меттигаш

бӀаьра нисйан

Уездан уггаре йаккхий нах беха меттигаш (бахархой, 1908 шо[10]) Невозможно определить количество столбцов

Йуьртан бахам

бӀаьра нисйан

ЧутаьӀна меттигашкахь хи дуьллуш леладо Чоьхьара Кавказехь дерриг йалтанаш а, ораматаш а (кӀа, мукх, дуга, кунжут, бамба, кемс, саллар-дитт, гӀаммагӀаш, каштанаш, руманаш, иштта кхин а). Нах беха йерриг 178 меттиг йу. 1891 шарахь даьхний, говраш, варраш, эмкалш Джебраилан уездехь йара 37000, ткъа уьстагӀий а, гезарий а — 108000 корта.

Уездехула 1891 шарахь ГӀажарчу арадаьхна 66840 соьманна сурсаташ, ткъа чудеина 204237 соьманна. Елизаветполан 220¼ чаккхарма.

Фабрикаш а, заводаш а

бӀаьра нисйан

1890 шарахь йара 130 фабрика а, завод а, 304 – белхало вара, арахецна сурсатийн мах — 26820 сом.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
Комментареш
  1. Согласно ЭСБЕ — «адербейджанские татары». Согласно Кавказскому календарю — «татары», переписи населения 1897 года — «татары», язык указан как «татарский (адербейджанский)». В переписи населения 1926 года — «тюрки». Согласно нынешней терминологии и далее в тексте статьи — азербайджанцы.
  2. Согласно переписи населения 1897 года — «кюринцы», «лезгины», а также носители Кази-Кумукского языка (лакцы). В 19-начале 20 вв. «лезгинами» в регионе помимо непосредственно лезгин, также именовались и остальные лезгинские народы. В переписи населения 1926 года лезгины указаны как «лезги».
Хьосташ
  1. 1 2 https://www.webcitation.org/65srGnsgk?url=http://demoscope.ru/weekly/ssp/rus_gub_97.php?reg=63
  2. Первая всеобщая перепись населения Российской Империи 1897 г.
  3. Мильман А. Ш. Политический строй Азербайджана в XIX — начале XX веков (административный аппарат и суд, формы и методы колониального управления). — Баку, 1966, с. 157
  4. 1 2 Карягино // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  5. Джебраиль // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  6. Первая всеобщая перепись населения Российской Империи 1897 г. Джебраилан уезд
  7. Первая Всеобщая перепись населения Российской империи 1897 г./ под ред. (и с предисл. Н. А. Тройницкого). — Санкт-Петербург: издание Центрального статистического комитета Министерства внутренних дел , 1899—1905. Елисаветпольская губерния. — 1904. — 4, XII, 184 с. Стр. VII, 1-3.
  8. Демоскоп Weekly — Приложение. Справочник статистических показателей. Джебраилан уезд.
  9. Волостныя, станичныя, сельскія, гминныя правленія и управленія, а также полицейскіе станы всей Россіи съ обозначеніем мѣста ихъ нахожденія. — Кіевъ: Изд-во Т-ва Л. М. Фишъ, 1913.
  10. Список населенных мест по Кавказскому календарю 1910 года

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан