Елисаветполан губерни

Российн империн губерни
(Елизаветполан губерни тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 1 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 14 март).

Елизаветпо́лан[2] , иштта Елисаветполан губерни (азерб. Yelizavetpol quberniyası; эрм. Ելիզավետպոլի նահանգ; 1918 шеран 30 июлера — Гянджин губерни[3] (азерб. Gəncə quberniyası, эрм. Գանձակի նահանգ)) — Российн империн, Чоьхьара Кавказан а, Российн республикин ЧКДФР а, Азербайджанийн Демократин Республикин а йукъахь хилла административан-мехкан дакъа[4].

Елисаветполан губерни
Елизаветпольская губерния
ХӀост
ХӀост
40°40′58″ къ. ш. 46°21′38″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Российн импери
Российн республика
ЧКДФР
Азербайджанийн демократин республика
Адм. центр Елизаветполь (Гаьнджаь)
Истори а, географи а
Кхоллар 1867
ДӀайаккхар 1920
Латта
  • 44 136 км²
Йаккхий гӀаланаш Елизаветполь (Гаьнджаь), Шуша
Бахархой
Бахархой 1 012 900 (1913)[1] стаг
Къаьмнийн хӀоттам азербайджанаш, эрмалой, оьрсий, гӀазгӀумкий, лаьзгой, удинаш
Елисаветполан губерни картин тӀехь
Елисаветполан губерни картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Йукъ — Елисаветполь гӀала (хӀинца Гаьнджаь).

Физикин-географин амал

бӀаьра нисйан

Географин хьал

бӀаьра нисйан

Иза уггаре йоккха Чоьхьара Кавказан губерни йара, лаьттара цуьнан малхбален декъехь, къилбаседа шораллин 38°50' а, 41½° а йукъахь, малхбален йохаллин 44°21' а, 48°21' а йукъахь (Гринвичан тӀера); къилбаседехьа цуьнан доза дара Тиблисин губерница, Закаталин гуонца, ДегӀастанан областца; малхбалехьа — Бакохан губерница; малхбузехьа — Тиблисин губерница а, Эриванан губерница а, ткъа къилбехьа — ГӀажарчоьнца Аракс эрк чухула, иза ду Российн пачхьалкхан доза. Оцу маьхкан дозанашца Елизаветполан губернин майда йара 38 782,5 йеакӀовн чаккхарма йа 44 136 км² (Стрельбицкийца).

Елизаветполан губернин климат чӀогӀа тайп-тайпана йу. Ламанан дожаллин зона, лаьтта хьаннийн орамател лакхахь, исс баттахь гергга лаьтта лайнаш, дехаш адам а дац; аьхка, атмосферин а, лаьттан а тӀуналла дукха йолуш, кхузахь кхуьу бецан ораматаш бахьнехь шайн жешца а, бажца а кхуза кхалхадо кхерста къаьмнаш, уьш кхузахь беха август бутт йуккъе баххалца йа чекхбаллалца. Ламанан дожийлашла лахахь, хьаннийн асанехь, климат, кхин а буьрса йелахь а, кхио таро хуьлу бепиган ораматаш (хьаьжкӀаш а, дуга а); Ӏаьнаш кхузахь дукха ло долуш а, дикка буьрса а хуьлу, аьхке салкхене а, догӀане а хуьлу, сих-сиха къор а тухуш, цара доккха зулам до йалташна. Ламанан кӀажошкахь, бепиг доцуш, бошмаш кхуьу; цхьаццанхьа кхузахь хи дилла дезаш хуьлу. ТӀаьххьара, шуьйра чутаьӀна а, бай-аренан а меттигаш къастало йовха, йекъа а климат йолу йехачу аьхкенца а, доца а, кӀеда а долчу Ӏаьнца а; бӀаьсте йоца йу, сихха аьхкене дехьайолу. Апрелан чаккхенгахь дуьйна хӀутту йокъалла, 45 °C температурица, иза лаьтта сентябрь йуккъе баххалца, массанхьа а дога, дакъало акха ораматаш, культурин а, кхузахь тайп-тайпана а долу оьшу хи диллар. кӀоргерчу гурахь а, Ӏай а, догӀнаш эхар бахьнехь, бай-аренашкахь буц йолу, царех хуьлу Ӏаьнан байданаш, царна тӀехь даьхний дежа Ӏаьнан заманахь. Елизаветполан губернин оцу декъехь ло кӀезиг догӀу, кӀезиг лаьтта, ткъа шело 5-6° сов ца йолу. Елизаветполан а, Шушин а климатах, хьалхарчун амал аренийн, ткъа шолгӀачун — хьаннийн аса, лахахь баладо хӀара хаамаш:

Локхалла,
метршкахь
Январан йуккъера температура Июлан йуккъера температура Шеран йуккъера температура Йочанийн барам,
мм.
Елизаветполь 445 0,1° 24,9° 18,1° 256,9
Шуша 1368 −3,3° 19,2° 8,8° 658,9

Коьрта Кавказан дукъан кӀажошкахь лаьтта Нухьехь, догӀа 716,7 мм йочанаш.

Елизаветполан губернехь хьаннаш дӀалоцу 856 эз. дестин, йа 21 % гергга йерриг майданах; уггаре дукха хьун йу Кхазакхийн а, Зангезуран а уездашкахь.

Рельефца а, Ӏаламца а Елизаветполан губерни йекъа мегар йу, къилбаседа-малхбалера къилба малхбузе агӀор кхаа декъе.

Губернин йисттера къилбаседа-малхбузен дакъа Кавказан коьрта хидоькъу дукъан йистера губернин къилбаседа-малхбален дакъа, цуо гойту 100 чаккхармин йохаллехь Салаватан ламбоккхийлин тӀера (2829 м) къилба басе, цуо вуьгу Нухь гӀалара (Шеки) Самуран Ӏинера Ахта эвла (ДегӀаста) 48° 11' малхбален дохалле кхаччалц (Гринвич тӀера). Йерриг цуьнан йохаллехь Коьрта дукъан РАГӀ АЙАЛО 10-11 эз. фут, ткъа цхьацца гуттаренна лайш долу баххьаш, — дикка лекха ду (Вицырри — 12 749 фут, ТухӀан-даг — 4191 м, Базардюзю — 4466 м). Губернин аренан а, нийса а декъе охьайогӀу дукъан къилба басено, чӀогӀа доца ламанан кӀажош бен ца кхуллу, чӀогӀа Ӏункара ду, хӀордан тӀегӀанал 2450 фут лакхахь йолу Нухь гӀала,Коьрта Кавказан дукъан рагӀ тӀера дуьххьала дӀайуьстича 15 чаккхарма бен гена ца хуьлу. Меттигашкахь хьун йаьлла, палеозойн охьаховшарех лаьтта къилба басера, охьадогӀу шортта эркаш (Айри-чай, Аджиган-чай, кхин дерш а); арене охьакхаьчча церан хуьлу чӀогӀа ладаме хи дилларан маьӀна.

Елизаветполан губернин кхин дӀа долу йуккъера дакъа шуьйра хьаннаш йоцуш йеса, кӀезиг хиш долу, аренийн меттигаш йу, уьш цхьаццанхьа хедайо лоху лаьмнийн раьгӀнаша (2 1/2 эз. фут), уьш лаьтта Кура эркан шине агӀор, легӀана а, малхбузехьа а лаьтта 1000 фут гергга лакхахь, ткъа малхбалехь — хӀордан тӀегӀанал 100—200 фут лакхахь. Елизаветполан губернин оцу декъера латта дукха хьолехь лаьтта сацкъарх а, гӀамарх а, кхин керла кхолламех а; малхбален декъехь сих-сиха хуьлу уьшалаш дина, эрз баьлла аренаш а, кӀайн латта а. Уггаре хьена доцу а, хи доцу а бай-аренийн дакъошкахь охьахиина адам дац, лелайо башха цӀераш (бай-аренаш: Караязан, Милан иштта кхин а), хи дуьллу татолех дисинчаьрга хьаьжча, хуур ду уьш хьалха хи дуьллу а, лелош а хиллий.

Кура эрк, губернин йерриг йохаллехь хьун хица охьайахийта а, Ӏаьнара кеманаш лела ду, охьахуу 3 фут гергга, Мингичауран дехьа-сехьаволийле кхаччалц, мехкан хидилларан цхьан а пайденна дац, хӀунда аьлча лекха бердаша хи дуьллу татолаш арадаха таро ца ло. Елизаветполан губернин йохаллехь аьрру агӀор Куран чу цхьан а ладаме га дац, Алазани Йорица доцург; уггаре хи дилларехь пайденна ду Кура тӀера Аджиган-чай а, Турианчай а эркаш. Куран аьтту агӀор губернин дакъа аренан ду, вукха агӀор, Елизаветполан губернин малхбузен а, къилба-малхбузен а декъехь схьадовлу шортта даккхий йа кегийра, цхьадерш Куран тӀекхочу, цхьа дерш дерриг аренаша дӀахуду эркех хи дуьллу. Уьш ду, малхбузера схьа: Акстафа, Дзегам, Шамхор, Кочкара, Ганжа-чай, Кюрак-чай, Тертер, Хачен-чай.

Экономика

бӀаьра нисйан

Йуьртан бахам

бӀаьра нисйан

Латталелор оцу дешан шуьйрачу маьӀнехь коьрта хьост ду халкъан хьелийн, леладо дукхаха дерг губернин чутаьӀначу дакъошкахь хи а дуьллуш, ламанан кӀажошкара асанехь — цхьаццанхьа хи дуьллуш, цхьаццанхьа ца дуьллуш, ткъа кхин а лакхара ламанан а, хьуьнан а зонехь — догӀанан кӀела. ДӀадуь, кхиадо: бӀаьста дуьй а, гурахь дуьй а кӀа, бӀаьста буьй а, гурахь буьй а мукх, Ӏаьржа кӀа, борц, кхоьш, картол, акха кӀа, хьаьжкӀа, дуга, цӀен дуга, хьозийн кхоьш, тонка, бамба, кӀомал, вета, кунжут, сула, эспарцет, кхоткъа, аларт (Melilotus), рыжик, чхьовг, клещевина, репак, лалеманция (Lalemantia iberica), хорбазаш, пастанаш, наьрсаш, гӀабакхаш, кхин а йерриг аьлча санна барамера асера стоьмаш, каштанашка, руманашка, кемсашка, шапталашка кхаччалц. Уггаре тайп-тайпана аренан культураш хаало Зангезуран уездехь, уггаре кӀезиг — Нухьан уездехь. 1890 ш. дӀадийра гуьйренан йалташ 310 612 чийрик, бӀаьстенан 212 241 чийрик, ткъа гулдира гуьйренан йалташ 1 276 232 чийрик, бӀаьстенан 1 199 107 чийрик, гуьйренан кӀа 1 208 052 чийрик, мукх 621 899 чийрик, бӀаьстенан кӀа 269 481 чийрик, дуга 219 534 чийрик. Картол гулйина 37 эз. чийрик гергга. Тонка леладора 1890 ш. дукха дерг Елизаветполан, Арешан, Кхазакхан, Нухьан уездийн бахархоша; 166 йуьртахь 1391 кха тӀера 165 дестин гергга тонка дара, цигахь гулдира 20 724 пунт гергга тонка. Бамбалелор Елизаветполан губернехь, дукха хан йоцуш а чӀогӀа кӀезиг дара, цхьанаэшшара а, сиха а кхуьуш ду, цу тӀе америкин бамбано берриг аьлча санна меттигераниг аратеттина. Бамба кхиор дукхах дерг тӀеэцна Арешан, Шушин, Джеванширан уездашкахь, цигахь 1892 ш. гулдира 30 000 пунт гергга цӀена тайнаш. Бошмашлелоран, дукхаха дерг аренийн асанашкахь, цигахь бу тоъал хи дилларан гӀирсаш, чӀогӀа ладаме маьӀна ду, меттигашкахь оцу агӀор йалташкхиорал кӀезиг ду, чӀогӀа уьйр йу чагӀардаккхарца, дарилелорца. Бошмашкахь, кемсаш а, саллар-дитташ а доцург, кхиадо дуккха а стоьмийн дитташ; Елизаветполан губернин цхьадолу стоьмаш махкахь девзина ца Ӏа, амма арахьа а девзина (Кемсаш, руманаш, хьорматаш, каштанаш). Губернера кемсийн майда кхочу 3000 дестин (дукхах дерг Елизаветполехь а, Елизаветполан уездехь а), цара ло йуккъера барам 650 000 чийлик гергга чагӀар. 1890 ш. Елизаветполан губернехь даьккхина кемсийн а, стоьмийн а спирт 13 152 748 1/2 °, царех 11 техникин тойинчу промышленностан заводашкахь — 4 936 403 ³/4 °, ткъа дисинарг — бошмийндолахойн. Салларшлелор кхиорехь (540 гергга салларшлело пункташ) Елизаветполан губернис хьалхара меттиг йоккху берриг Кавказан махкахь. Йуккъера барам 5 шарахь (1886-90) Елизаветполан губернехь гулйина 97800 пунт гергга гоьжа (ах сов — Нухьан уездехь). 1889 шарахь Елизаветполан губернехь дӀадиллина «Кавказан салларшлелоран станцин» 2 филиалан дакъа. Хасбошмаш лелайо массанхьа аьлча санна, амма иза кӀезиг ладаме ду пастанаш а, хорбазаш а лелорал (кхаш), и болх баьржина Арешан а, Елизаветполан а уездашкара азербайджанашна йукъахь, цуо ло хаъал дааран сурсаташ аьхкенан шолгӀачу декъехь а, гурахь а бахархошна. ЧӀогӀа ладаме гӀуллакх ду йуьртара бахархойн (Ӏаьнан заманахь) тӀаьхьарчу шерашкахь йукъайаьлла кон промышленность, аьлча а акха кхуьу Glycyrrhiza glabra ораматан орам баьккхина, иза заводашна бохкар, цунах лакрица йархьама йа бекъачу кепара дозанал арахьа бохкар (Нью-Йорк). Кон орам боккху, дукхаха дерг, Арешан, Елизаветполан, Джеванширан уездийн аренан меттигашкара бахархоша. 1890 ш. аьрга орам баьккхина 2 200 500 пунт гергга. Накхарш леладо ламанан асанера бахархойн кӀезигчу декъо, коьртаниг Кхазакхан, Нухьан, Шушин, Джебраилан уездашкахь. Губернин къилбаседа-малхбален декъехь даьржина накхарийн сира тайпа, ткъа къилба-малхбузен — можа.

Промышленность

бӀаьра нисйан

Ламанан гӀуллакх до деккъа цӀеста маьӀданаш дохуш, уьш алсама ду Елизаветполан уездехь (Вежарийн СименсгӀеран цӀесталало завод). Дерриг Елизаветполан губернехь 1891 шарахь даьккхина 2 441 952 пунт цӀеста маьӀда, лалийна цӀеста — 118 308 пунт (деаннах кхо дакъа — Елизаветполан уездан шина заводехь), кхин а даьккхина магнитан аьчкан маӀда 600 пунт гергга, кобальтан маьӀда 604 пунт, мехкдаьтта (1890 ш.) 11 000 пунт.

Фабрикаш а, заводаш а 1891 ш. йара 1517, цигахь болх беш вара 7795 белхало, арахецаран сурсатийн мах бара 2 973 967 сом: сабадаран — 9, дабагӀа ден — 88, дарилуьста — 438, тонкин — 3, кемсийн-стоьмийн-чагӀаран — 664, йийдоккха — 1, Ӏаьнаран хьер — 1, даьттадоккху — 62, хьунхадо — 3, даридуцу — 9, даридаӀо — 7, кон орам кепатуху — 2, цӀесталалоран — 8, цӀестан сурсаташ даран — 10, кобальтан — 1, киранан — 4, кибирчигийн — 102, кхиран — 51, фотогенни — 1, куьйгаден маьӀданан хин — 1, герзийн — 1, басарден — 51. Заводийн а, фабрикийн а ладаме дакъа долара кегийра заводаш йу. Жима промышленность, дикка йаьржина губернин цхьацца меттигашкахь, лаьтта, коьртаниг, тӀергӀан а, дарин а тайп-тайпана хӀумнаш йарех, ткъа коьртаниг кузаш а, палсаш а (чо боцу куз). Кузаш дар башха кхиина Шуша гӀалахь а, Шушин уездехь.

МогашаллаӀалашйар

бӀаьра нисйан

1890 шарахь аптека 6 йара (маьршанаш), дарбанан цӀенош — 7.

Ӏилма а, дешар а

бӀаьра нисйан
  Арахьара суьрташ
  Карта Эривань-Елисаветпольской дирекции народных училищ по состоянию на 1876 год

Дешаран меттигаш — 516, 8917 дешархо волуш: Шатлакхан Иллиази — 1, реалан доьшийла — 1, говзаллин доьшийла — 1, кхааклассан гӀалин доьшийлаш — 3, йуьртан шинаклассан ишколаш — 12, йуьртан халкъан серлонан министраллин ишколаш — 20, долара ишколаш — 12, зударийн диканаш даран йукъараллин доьшийлаш — 2.

Елизаветполан губернин чоьхьара йохк-эцаран амал кегийра хьаштийн ду, алсама ду базарш йолчу гӀаланашкахь а, йарташкахь а. Дерриг 1890 шарахь махлелоран кехат делла 4555 стаганна. Елизаветполан губернин арахьара махлелор дикка ладам еду, хӀора шарахь тӀекхеташ а ду. Губернера сурсаташ дӀадахаран а, схьадаран а коьрта меттигаш Чоьхьара Кавказан цӀерпоштнекъан станцеш (Елизаветполь, Евлах, Ляки, Шамхор, Дзегам, Поилы) йу, цуо губернин къилбаседа дакъа доькъу къилбаседа-малхбузен а, къилба-малхбален а дакъошка 224 чакхарма дохаллехь. Дерриг 1890 шарахь Елизаветполан губернера арадаьккхина 3402309 пунт, царна йукъахь (пунташкахь): буьртигехь йалта — 973 685, хасстоьмаш а, стоьмаш а — 155 848, кемсийн чагӀар — 237 674, кон орам — 601 973, бӀараш — 110 089, цӀеста — 147 288, тӀаргӀа — 41 302, кемсаш — 61 929, стоьмаш а, цӀазамаш а — 22 271, кӀен дама — 64 017, кузанаш (1889) — 29 026, дечиг, дитт, дечиган сурсаташ — 60 123, дари а, гоьжанаш а — 21 558, тӀаьрсиг — 21 743, бамба — 7607, тай-тайпана сурсаташ — 875 202. 1890 шарахь чудеина коьрта сурсаташ (пунташкахь): аьрга мехкадаьтта а, маьхкдаьттах дисинарг а — 404 693, туьха — 237 292, шекар а, гӀум-шекар — 114 914, эчиг, болат, ишттананаш — 100 214, даго мехкадаьтта — 114 000, мануфактура — 114 043, гӀишлошйаран хьун — 129 386, тайп-тайпана сурсаташ — 1 379 398. ГӀажарчоьнца махлелийна Елизаветполан губерне чудеина тайп-тайпана сурсаташ 241 641 соьманна, арадаьккхина 55 036 соьманна.

Елизаветполан губернин хӀост тӀеэцна 1878 шарахь: Ӏаьржа турс дешин бӀогӀамца. Ӏаьржачу бос тӀехь дешин асанан шине а агӀора шиъ детин георгийн жӀар. Дешин бос тӀехь таьӀна-цӀен Ӏаьрж мукх болу шаьлта. Турс тӀе императоран таж тиллина, ножан гӀаш а ду, андрейн аса а йу.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
Комментареш
Хьосташ
  1. Россия. Географическое описание Российское Империи по губерниям и областям с географическими картами. / А.Е. Рябченко. — СПб.: Тип. "Бережливость", 1913. — 286 с.
  2. Левашов Е. А. Словарь прилагательных от географических названий. — М.: Русский язык, 1986. — 163b с.
  3. Azərbaycan Xalq Cümhuriyyəti Ensiklopediyası: I cild. — С. 420—423.
  4. Елисаветпольская губерния // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.

Литература а, хьажоргаш а

бӀаьра нисйан